|
Тема |
10 класс. Нохчийн мотт Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
|
Карладаккхар |
Талламан диктант |
1. Гуьйренан юьхь Хаза лаьттина и йовха аьхке чекхйолуш яра. Аьхке чекхъяларх-м 1алам а, адам а, массо а садолу х1ума а саготта дацара. Т1екхочуш берг токхе мур бара – гуьйре! Уггар хьалха гуьйре т1екхочийла, цунна кечам бан безийла хаийтира мангалхоша. Аьхкенан юккъерчу а, т1аьххьарчу а деношкахь, 1уьйранна сай-бодий къаьстачу хенахь, мерзачу набарх а ваьлла, ахь ладоьг1ча, хезаш хуьлура шатайпа тата. Иза нуьйжанна т1ехь ж1аьвнаца мангалхоша тусуш долчу мангалийн татанаш дара. 1уьйранна баца т1ера тхи дожале д1ах1уьттий мангалхой де дохдалале мангал хьокхий а бовлий, де дохделча, кхорийн 1индаг1ехь садо1уш хуьлура. Цул дика садо1ийла хир яц. Суьйренгахьа лестина де шелделча, цара д1адолор ду шайн ирачу мангалшца кесарш охьадахка. Дикка бода боллалц мангал а хьаькхна, уьш ц1ехьа боьрзур бу, кхана юха а х1окху метте бухабахка. Аьхка Органо ша схьадог1у чоь кест-кеста хуьйцу, ткъа гуьйренгахьа лестича, гуттаренна цхьана меттехула охьадог1у юха аьхке т1екхаччалц. Билггал гуьйре т1екхочуш хилар гойтуш аьхкенан т1аьххьарчу деношкахь стиглара схьа хаам бира. Уьш г1арг1улеш яра шайн некъан узам а беш, низам ца дохош, кхо са болчу мог1анца жут нисйина, къилбехьа довхачу мехкашка 1а даккха йоьлхуш. 1одика еш санна, юьрта т1ехула ши-кхо го баьккхина, гlapг1улеш къайлаевлира. Шеко яцара, уьш шайн маьхьаршца б1аьста юхайог1ург хиларх. (188 дош) (Хь. Хасаев «Хьуьнан къайленаш»)
|
Лексикологи |
Изложени «Ден дозалла» |
1. Ден дозалла Ворх1 к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а – пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг а йоккхур йолуш, ч1арх-аьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший. Иштта кхиийна уьш дас. Цо х1инца а олу шен к1енташка: «Хьалха а ма хила, т1аьхьа а ма хила. Шун меттиг юккъехь ю». Цкъа воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега: – И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада? Даркеш оьг1аз ца вахара оцу хаттарна. Тера дара цо и лардинчух. «Хьалха вийла 1еминарг массо а х1уманна т1ехь а хьалхара хила лууш хуьлу, т1ехьа сеца 1еминарг массо а х1уманна т1ехь а т1аьхьара хила лууш хуьлу. Хьалха валий, т1аьхьа висий стаг гуттар а караво. Муьлххачу а г1уллакхан коьрта йозалла шена т1еоьцуш ерг юкъ ю. И онда елахь, халкъан доь довр дац», – жоп делира Даркеша. Ден хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера. Салтийн тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх. Ворх1 к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш… Кхо к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу Хьарг1а. – Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш. – Бакъахьа хир ду, – к1ентийн б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – Парг1ат хила. Нана йолчу боьлху к1ентий. – Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш. – Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала,– меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – Д1адуьло, парг1атдовла. Воккхах волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий. – Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина. – Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус. – Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас. – Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн г1уллакхе… (343 дош) (Л. Яхъяев «Гихойн Таймасха»)
Хьесап: 1. Ден дозалла.. 2. Ден хьехамаш. 3. К1енташа ден хьехар лардар. 4. Аружин доьналла. 5. Дена дуьхьал х1оттар. 6. Доьзалехь йолу юкъаметтиг. |
Лексикологи |
Сочинени
|
«Сан дай баьхна юрт» |
Фонетикан хаамаш |
Талламан диктант |
Дуьххьарлера хьехархо Тхешан куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю. Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз. Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала г1ертара. Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара. Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа? Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1а. (180 дош) (А. Айдамиров «Дуьххьарлера хьехархо»)
|
Орфографин хаамаш |
Изложени |
Г1арг1улийн илли «Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми!» – халла, xlopa дешдакъа къастош, дийшира к1анта, цецваьлла ненанене а хьоьжуш. Умина-м лаьара нохчийн маттахь довха, эсала, мерза дешнаш хозийла. – Немцойн маттахь яздина, – элира Султана, – немцойн меттан хьехархочуьнга кхайкха г1ой со? Ненананас ца оьшу боххушехь ариккхира. Уми ца кхетара. Цунна цкъа а дага да деанера к1антана шен ненан мотт бицлур бу бохург. – Уми ойлане юьйжира. Цунна дагадеара шовзткье кхоалгla шо. Дагадеара цхьаъ бен воцу к1ант ша т1аме новкъа ваккхар. Дагадеара вокзалехь дуккха а нах хьаьвддий-бевддий лелар. Ц1еххьана, бакъдолуш санна цунна хезира шен к1ентан аз, х1етахь оцу шийлачу 1уьйранна дегайовхонца декна долу:«Нана, ас дуй буу хьуна, со юхавоьрзур ву хьомечу лаьмнашка – Даймахке». Вочу ойланаша некхе лазар туьйхира кьеначу Умина. Г1ийла делха доладелира дог... Чуволлушехь кехат схьаийцира хьехархочо. «Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми, – гочдан вуьйлира хьехархо. – Муха 1аш ю хьо? Дагавог1ий хьуна со? Ас яздо хьоьга xlapa мог1анаш, г1ийла велха а воьлхуш. Хьуна ма мотталахь, шелехь, г1елехь массарна а вицвелла, хийрачу нехан не1аршка х1уьттуш, со лелаш ву. Х1ан-х1а. Сан ц1а а, доьзал а, машен а ю. Сингаттамо та1ийнчу дагна еззарг эца йиш ю сан. Амма бац сан Даймохк, мел дукха ахча даларх, и эца тароа яц... Со хедира цунах фронте д1а ма-вахханехь: шовзткъе кхоалг1ачу шеран декабрь баттахь со йийсаре вигира мостаг1аша. Т1аккха – концлагерь. Французашцацу чуьра ведда, къилбен Франце вахара со. Зуда ялийра. Ткъа цул т1аьхьа ц1а ван дага ца деара. Сан къизачу кхолламо со ца кхачош х1ун меттиг йисира: ах дуьне теллира ас, айса лоьху синтем ца карош. Ткъа дукха хан йоццуш Истамал-г1алахь цхьа некъахо кхайкхира соьга. Вай санна кхайкхира:«Х1ей!». Некъаш хедош со т1ехьаьдира цунна, амма т1ег1оьртинчу машенаша некъ бихкира сан. Со миччахь хиларх, суна т1аьхьа уьду и тамашена аз:«Х1ей!». Набарх а воккху цо. Цул т1аьхьа ас ойла йира:сан нана яй и-м соьга кхойкхуш. Даймохк бу шен тилвеллачу к1анте мохь бетташ. Цхьана маь11аргона ц1а а вог1ура со х1етахь: сайн х1уманаш д1а а хьарчийна, кехаташ а кечдина тохавелира, т1аккха а ца х1оьттира со:д1авоьдуш къона а, могаш а, хаза а ма вара со, ткъа бакъо юй сан къежвелла, къанвелла вуоча а ваьлла, вухаверза». Масийтта шо хьалха эвлах елира адамийн тоба. Царна деза дара шаьш д1авуллург дийна ву, вац цахаар. Уми дуьхьал яра, цо дехарш дора моллига. Амма г1иллакхо лоьхура дийна верг а д1аволлар, нагахь цо Даймохк д1атеснехь, нагахь иза т1епаза вайнехь. Иштта д1авоьллира к1ант. Умина хетара шен к1анте болу безам лахьте берзийча санна. Амма и тешара, цо сатуьйсура, туьйранахь санна, цхьа тамашена х1ума хиларе. Ткъа х1инца xlapa кехат... Х1аъ, х1инца ц1еххьана кхийтира Уми шегара даьллачу гlaлатах: ц1а воьрзур вац цуьнан к1ант цкъа а, вистхир вац цуьнга шен дайн маттахь, велла цуьнан к1ант, велла тоххурехь. Оцу ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира. Б1аьрхиша цуьнан садукъдора. Дерриг дуьне б1аьрхиш хилла даьржинера. Ткъа и дахаре юхаерзийра геннара, стиглан бухара, схьахезачу маьхьарша. Иза хьалахьаьжира, дехха мог1анаш дина цхьа 1аьржа т1адамаш дара цигахь гуш. Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш. Иза дара дуьненахь а уггаре г1ийла илли – Даймахках къаьсташ г1араг1улийн илли. (483 дош) (1. Хатуев) Хьесап: 1. К1антepa кехат. 2. Хьехархочуьнга кхайкха вахар. 3. Кехатан 1ийжаме мoгlaнaш. 4. Ненан ойланна к1аргъялар. 5. Умийн г1ийла къурдаш. 6. Г1арг1улийн илли.
|
Къамелан дакъош |
Сочинени |
«Ненан мотт – сан дозалла» |
Шеран талламан диктант |
Талламан диктант |
Б1аьстенан аматаш Б1аьстенан 1уьйре. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх. Цуьнан з1аьнарш хьуьнан диттийн баххьашкахула кхерстира. Коьллашна а, бацана а т1едиллинчу тхин т1адамаш лепара бес-бесарчу басаршца. Ехачу буса тийнна дижина 1иллича санна, набарх долуш лаьттара 1алам. Б1аьстенан маьлхана доьлура 1алам: хьун, акхарой, сагалматаш. Хьаннийн татолийн бердашца девллачу таьллаша уггар хьалха хаийтира б1аьсте йолуш юйла. Цуьнан дуткъачу нийсачу гаьннаш т1ехь гуш заза дара. Толлан заза, дешица кхелича санна, можа-ц1ен бос болуш хуьлу. Оцу хазачу зазанна т1ехь шайн болх д1аболийра накхармозаша. Халкъо дукха хьалха дуьйна пайдаоьцуш билгалъяьккхина дечиг ю талл. Хин хьерашна т1едог1учу татолийн бердаш т1ехь кхуьу таьллаш. Царна оьшуш дац хьена латта. Дагарца хадийна баьккхина сара а, хьокха а д1абоьг1ча денлой, сихха доккха дитт хуьлий д1ах1утту, шен даккхийчу к1оргачу орамашца бердан йистош ч1аг1ъеш. Таьллийн генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш. Б1аьсте! Ирзуш, тог1еш, некъан йистош, бошмаш, баьццара къорза куз тесча санна зезагаша хазйой хуьлу. Оцу баьццарчу дуьненахь инзаре дукха зезагаш ду шайн беснаш тайп-тайпана долуш. (154 дош) (Хь. Хасаев «Хьуьнан къайленаш»)
|
Тема |
|
10 класс. Нохчийн литература Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
|
|
Изложени |
«Нана» Тхан берзина когаш шелбала буьйлира, ч1ог1а хьоькхуш болу мох тхуна т1ерачу т1елхигех чекхбуьйлура. Т1аккха сан ши йиша хьалхачул а ч1ог1а елха йолаелира. «Х1инца х1ун ду техьа?» – ч1ог1а йиш йоьхнера сан. Тхо хевшина 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш. Хаза мехкарий бара уьш, т1еюьйхина башха куьцехь йина йовха бедарш а, коьрта техкина куц долу шляпаш а йолуш, т1ехула доьхкарш дихкина книгаш а карахъ. Ч1ог1а самукъадаьлла, вовшашка хабарш а дуьйцуш, схьадог1уш долу и зудабераш, ц1еххьана тхох б1аьрг а кхетта, девдда тхуна т1едаьхкира. Чехка хетта долийра. – Шу х1унда доьлху? – Дехаш-1аш мичхьа ду шу? – Шун мама стенга яхана? Воьхначу ас хала а, атта а царна дийцира, тхан мама нахана йолах бедарш йитта яхана ю аьлла. – Шун ц1енош мичхьа ду? Со д1асахьаьжира – тхан ц1енош гуш дацара. – Цхьаъ яла еза кхарна, – элира зудаберех цхьамма. – Оля, хьоьгахь юй х1умма а? Цхьана йо1а, шен кисна а кхевдина, схьаяьккхина ши кампет д1акховдийра Фатиме. Амма Фатимас д1а ца ийцира уьш. – Х1ан ахь д1аэца, – йо1а кампеташ сан буйна йоьхкира. Кампеташ схьа а эцна, шина йишина д1аелира ас. – Хьовсийша, уьш-м шелонна сенбелла! – элира Оля ц1е йолчу йо1а. – Муха ца шелло хьуна – цхьалхха кучамашца, коьртахь х1ума а йоцуш, т1ехь пальтош а йоцуш... Ой-й! – элира вукху йо1а. – Иштта муха мегар ду! Со цуьнга хьаьжира. Йо1а доккха садаьккхира. Т1аккха важа зудабераш а дуьйладелира даккхий синош даха, тхох шайн дог лозучха. Т1аккха, кхин бист а ца хуьлуш, вовшашка хьаьвсира. Схьахетарехь, тхох самукъа ца долура церан. – Д1аг1о вай, – элира цхьамма вукху зудаберашка. – Г1о-те... Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. Ц1еххьана сан б1аьрг кхийтира, бульваран дехьа йистера тхо долчу аг1орхьа схьаедда йог1учу, беркъа духар дуьйхина йолчу, шина зудчух: – Сан бераш, сан бераш! – мохь беттара цу шиннах цхьамма. – Кхуза муха кхаьчна шу? – Ма-ма! – мохь белира сан, цуьнан озах сайн нана йовза а евзина. Со г1анта т1ера охьашершина валале, тхан мамас 1айша кара а эцна, цунна т1е шен корталин т1ам тесира, Мамица яра цуьнан гергарло тасаделла йолу цхьа оьрсийн зуда. Иза а яра мехах нехан бедарш юьттуш а, ч1ог1а къен йоллуш а. Дукха оза, юьхь хебаршка а яхана яра иза. Амма ч1ог1а дог дика, къйнхетаме стаг яра. Цо Фатима караийцира, ткъа со, шело а, оцу дийнахь айса лайна бала а бицбелла, самукъадаьлла, сайн нанна улло а х1оьттина, д1авахара. (363 дош) (С.Арсанов «Маца девза доттаг1алла») Хьесап: 1. Тхан берзина когаш шелбала буьйлира. 2. Тхо хевшнна 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш. 3. Чехка хетта долийра. 4. Кампеташ схьа а эдна, шина йишина д1аелира ас. 5. Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. 6. Балхара ц1а йог1у нана гучуялар. 7. Оццу минотехь ч1ог1а ирс долуш дара тхо массо а.
|
Арсанов С-Бей кхолларалла
|
Сочинени |
«Маца девза доттаг1алла» |
|
Изложени |
Машаре доьзал Сих-сиха метта-мотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа 1ен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц, адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догц1ена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, 1едало хьаьстича я кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарах лечкъа дезара. Даима д1а сема, 1ожаллин дуьхьал х1отта кийча. Делахь а, дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. XIopa юьртахь а, г1алахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а. Цхьа доккха г1уллакх хилла, тахана Ведана герга веъна иза. Лаьмнашна юккъехь 1уьллучу х1окху жимачу к1отара. Готта цхьа некъ бу кхуза т1ебог1уш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа aгlop атталла г1аш кхуза вог1ийла а дац. К1отарна т1е а кхозаделла, нийсса ирахьлаьтташ мокхазан бердаш ду. Х1усамден ши к1ант ву и некъ сема ларбеш. Х1етте а, Зеламхин цхьа лерг ара ладоьг1на ду… Товханахь йоккха летта ц1е йогу. Ц1арах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика яло. Делкъан ламаз а дина, чучча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас т1едиллина вирд доккхуш, хиъна 1а иза. Ша Далла 1амал еш, ерриг ойла Далла т1еерзайо цо. Амма х1инца, иза мел д1акъехко г1ертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха до1а а дина, суьлхьанаш маьнги т1е охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза. Зеламхаг1еран доьзал машаре бехара. Б1е цхьаъ шо хан йолу деда Б1аьхо а, да Гушмузукъ а, цуьнан виъ к1ант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бисолта а. Бисолтан итт шо бен дац. Зеламхаг1еран нана елча ялийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даима цамгарш лехьош, хьег1аш, эг1аза, 1аламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда ялоза вара. Деваша Хьамза а, цуьнан ши к1ант а вара. И шиъ шичой бу, аьлла, дага а ца дог1ура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара. Зеламха обарг волучу хенахь, цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. Гушмузукъан а, Хьамзин а доьзалша бежнаш, уъстаг1ий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош т1ехь хьаьжк1аш, кхоьаш, г1абакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна т1ера даьлла ялта 1аьнах бовла а ца тоьара царна. Дохнан дохкуна духкуш, ялта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. Х1окхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, юккъерчу т1ег1анахь бехара. (380 дош) (А. Айдамиров «Дарц» роман) Хьесап: 1. Зеламхас метта-мотт хуьйцура. 2. Адамаш тайп-тайпана ду. 3. Зеламха Ведана к1отара веъна. 4 Иза дика 1алашво х1усамдайша. 5. Зеламхаг1еран доьзал. 6. Обарган ойланаш. 7. Доьзало хьанал къахьоьгу.
|
|
Сочинени
|
«Парг1атонехьа ойланаш» |
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллех лаьцна |
Изложени |
Чурт санна лаьттинарг Поэт, суртдиллархо, яздархо – церан кхолламан оьмар еха ю. Церан кхоллараллин мехалле хьаьжжина, масийтта б1ешерашка яхло иза. Заманаш, б1ешераш хийцадаларх, кхолларалла яха юьсу, адамийн синкхетамна т1е1аткъам а беш. Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта тема Даймахкаца йоьзна ю. Дуьнен чохь йоккхучу ханна марзо эца ша ца ларийна болу Даймохк кхуллу Гадаевс шен поэзехь. Поэтан кхоллам язбелла хилла махках хаьдда ваха, гуттар Даймахке сатуьйсуш хила – уггар боккха лазам – ша дан леринарг кхочушхиланза дуьсуш. Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилла ца 1а иза – шозза махках ваккхар нисделла цуьнан, дуьххьара шен халкъаца, юха халкъах, гергарчарах къаьстина. Кхоллараллин стагана миччахь карабо шен синна Даймохк – хийрачу махкахь а, набахтехь а, шен дагалецамех а кхуллу цо шена иза. Даймахках къастар, махках валар – иза географица доьзна дац, я меттиг хийцарца. Даймохк адамца шеца бу, цуьнан ц1ийца, орамашца, цуьнан г1иллакха, ойланашца, 1ер-вахарца. Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта 1аткъам бу Даймахках къастар. Дуьнен чу муьлхха стаг шен дахаран бакъо йолуш вог1у: цхьана х1уманан да хилла (шен доьзалан, шен ц1ийнан, шен мехкан). Шен дахарехь да хилла вахар дезна волчу Гадаев Мохьмад-Селахьна уггар хала адаман сий лахдар хилла. Шен къоман да х1оьттичий бен ца кхуьу оцу къоман культура – да воцчохь, даймохк хуьлуш а бац, хьайн махкахь хьо велахь а. Гадаев Мохьмад-Селахьан ерриг кхоллараллин символ, цуьнан коьрта произведени «Даймахке сатийсар» ю. Поэт шен синк1оргалле мел кхевди а, цунна шен дешархочунна т1ебоьдуш болу некъ карабо, цуьнан ойла йийсаре а еш. Оцу стихотворенехь автора айеш йолу тема – Даймахке сатийсар, Даймахках болу лазамаш, цунах болу дагалецамаш тахханалц вайн къоман дог 1овжош ю. «Даймахке сатийсар» стихотворенехь махках, ц1ийнах ваьккхина стаг, дийна воцуш, велла лору автора. Чохь са доцуш, шийлачу т1улгаца вусту цо ша, амма чурт – иза теш ду хиллачун, гиначун. Шена т1ех1оьттинчу хьолаца къовса йиш цахилар, цунна к1елсаца дезар, ша да волу х1ума шегара д1адаьккхина – иза а хир ду поэтан сина 1еткъаш, гуттар харцонца къийса, дуьхьало яр вайн къоман амал хилар лерича муххале а. Поэта даладахь а «Генарчу Даймехкан сурт х1оттало», ешархочунна дукха улле даладо цо и сурт. «Даймахке сатийсар» стихотворени вайн къомана т1ехь, махка т1ехь йиначу харцонан тоьшалла ду. Поэтан кхоллам шен къоман кхолламах боьзна бу. Шен къоман некъ санна бахбелла хилла Гадаев Мохьмад-Селахьна ц1а бог1у некъ. Цхьа а зама ца еъна вайн къомана Гадаев Мохьмад-Селахьан «Даймахке сатийсар» стихотворенин таханелла ца йовш. Къонахчун Даймахкал деза дуьнен чохь х1умма а дац, къонах ша – Даймохк бу, мехкан да. Цуьнан г1иллакхаш, мотт, 1адаташ, 1ер-дахаран сурт-сибат, амал – иза дерриг цхьаьна – Даймохк. (383 дош) (З. Алиева) Хьесап: 1. Поэтан кхоллараллехь коьрта тема. 2. Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилар. 3. Шен дахарехь да хилла вахар дезнарг. 4. Гадаев Мохьмад-Салихьан кхоллараллин символ. 5. Чурт – иза теш ду хиллачун. 6. Поэтан кхоллам шен къоман кхолламах боьзна хилар.
|
|
Сочинени |
«Ирсан орам» |
|
Изложени |
Ибрах1им – къинхьегаман стаг Ибрах1им къен-миска стаг ву. Шен долахь шуьста а бац цуьнан. Болх бан т1е а лоций, стерчий долчу ден а, шен а ардаш оху цо. Цкъа а парг1ат ца хуьлу Ибрах1им. Охана чекхдаьлча асар до цо. Оццул къахьегарх дуо бузий ца хуьлу цуьнан. Зуда яло дезаш ву Ибрах1им. Амма таро яц. Дийнахь а, буса а къахьоьгуш ву. Эххар а, Сийлахас хан а юьллий, и ялайо Ибрах1има. Зудаялоран кеп д1айирзинчул т1аьхьа, ц1ен т1ехь дезарш дан долало нускал. Ибрах1им воккхавеш ву шен ирсечу дахарх. Ибрах1иман юха а балхана чувола деза, къахьега деза. Цуьнан шена а, зудчунна а напха латто деза. Ибрах1им юьртахь а цхьалха стаг ву, тайпа-тукхамах цхьа а вац цуьнан. Делахь а, иза доьналла долуш стаг ву, т1ебеъана бала-г1айг1а ловр йолуш а ву. Амма эхь ловр дац цо. И ца лан стогалла а ю цуьнан. Хьалха санна, дукхаеза цунна Сийлаха. Амма Сийлаха хийцаелла. Ойланаш йо Ибрах1има. Хилларг Эдалхин а, Аружин а питана дара. Цкъа туькана яхана йолуш, Сийлахе дагара хоуьйту совдегара Эдалхас. Аружа схьалеста йолало денна. Сийлахин корта хьийза къамелаш до цо. Иштта ду Сийлахин шен майра Ибрах1им цавезаваларан, цуьнга безам шелбаларан бахьана. Стуннана а, стунда а долчу а воьдий, Ибрах1има шен бала балхабо. Цаьргара кхин синтем ца хуьлу. Эххар юьту Ибрах1има Сийлаха. Ша юьтуш Сийлахас кхин а барх1 баттахь йо1 кхаба т1елоцу. Цу буссехь ден ц1а д1айоьду иза. Ибрах1иман х1усам яссаелла. Шелбеллачу шен бен чу г1айг1ане воьрзу иза. Иоь1ан шо кхаччалц Ибрах1иман ц1арт1ехь ю Сийлаха. Юьртахула даьржа, Эдалха Сийлаха яло воллу, олий. Туькана воьду Ибрах1им, деанчунна т1e а шена т1екхийдачу вонах ша ларвалархьама а, Эдалха ларван а. Г1иллакхах ца вухуш, оьзда къамел до Ибрах1има совдегарца. Цунах а го вайна Ибрах1им дика амал йолуш а, оьзда а стаг хилар. Адамалла долуш стаг ву Ибрах1им. Ибрах1им аьшнашвеш хабарш дуьйцу Эдалхас. Х1етте а собаре хуьлу Ибрах1им. Дукха хан ялале, кет1а а воьхий, г1ийла йо1 кховдайо цуьнга, Сийлаха маре яхар а хоуьйтуш. Ибрах1им холчах1утту. Ибрах1им шен юьртахо Бета волчу воьду, ков-керт д1аделла а, цуьнгара топ эца. Т1аккха иза Эдалхин кет1а х1утту. Х1инца цо хиндолчун ойла ца йо. Ша дина эхь ца лоьруш, Ибрах1име бага етта Эдалхас цигахь а. Амма эццахь, даръелла ча санна, хьаьвза Ибрах1им. Шена дуьхьал нисвелла-веллачунна топ етта Ибрах1има. Кхо ваша вожаво цо. Т1аккха Эдалха а воь. Цул т1аьхьа, коре хьодий, араоьккху Ибрах1им. Цигахь, кора к1ел, шаьлта а яьккхина лаьтташ Эдалхин жимахволу ваша хуьлу. Цо, шаьлта тухий, дожадо пхоьалг1а дакьа. Иштта хеда Ибрах1иман дахар. (390 дош) (Х.Эдилов «Сийлаха») Хьесап: 1. Безам. 2. Сийлахин хийцаялар. 3. Сийлаха ц1ийнах йоха г1ертар. 4. Сийлаха Эдалхе маре яхар. 5. Ибрах1им совдегар волчувахар. 6. Ибрах1има Эдалхина бекхам бар.
|
|
Сочинени
|
Александр Чеченский |
Карладаккхар |
Тема |
5 класс. Нохчийн мотт Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
|
|
|
Дуьххьарлера хьехархо Тхешан куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю. Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз. Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. . (90 дош) (А. Айдамиров «Дуьххьарлера хьехархо»)
|
|
Сочинени
|
«Со каникулашкахь волуш хилларг»
|
|
Талламан диктант |
Аганан мотт Мотт боцуш адам ца хуьлу. Къам доцуш мотт ца хуьлу. Мотт д1абаьлча, къам д1адолу. Дерриг латта ц1е йолу вайн дуьне теллича, кхин цхьанхьа а карор дац нохчийн ц1е йолу къам – шен маттаца, шен махкаца, ц1ий хуьйдинчу лаьттаца, маьждигийн момсаршца, шал шийлачу шовданашца, баккхичийн до1анашца, кегийчийн ловзаршца… Цундела ца лаьа вай лаьттара д1адан, доха, даржа, доь дан, хилларг х1ун ду а ца хууш! Шен ага техкийначу ненан мотт даггара безаш, лоруш, цуьнан сий деш, иза шен синкхачам хеташ волчунна цул доккха х1ума дуьнен т1ехь хуьлийла дац. Цундела иза ц1ена хууш, к1орггера 1амийна, 1амо лууш волчун даиманна сий дан деза.
|
Лексика карладаккхар |
Сочинени сурт х1отторан билгалонашца язъяр |
Суьрта т1ехь гуьйренан мур
|
|
Изложени |
«Майра хьаша» Палара хьаша веара тхо долчу. Казбек яра цуьнан ц1е. Тхан хенаро вара иза. Жима хиларх, хьаша хьаша ма ву. Цундела, вайн г1иллакхо ма-хьоьххура, лорура оха иза, тхешан ма-хуьллу там бора. Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а, ц1ена бедарш юхура цо. Тхоьга т1ехула хьоьжура иза, ша массарел воккха, хьекъале хетара. Хабар дийца ч1ог1а лууш вара. Шена экскурсехь гинарг, т1аккха яккхийчу г1аланаш-кахула лелар дуьйций, багош г1овттийначохь дуьтура цо бераш. Иштта дийцира цо тхуна, цхьана дийнахь хьуьнхахь ша текхарг муха лецира. Х1орш, цхьа тоба бераш, лам т1е девлла хиллера. Ловзуш, xlopni д1адоьлхуш, кхарна хьалхха, шок а тоьхна, т1ебо-лабелла цхьа къорза лаьхьа. XIOKXO, х1умма кхера а ца луш, лога т1е ког а биллина, багара мотт ч1ешалгаца оз-зийна схьабаьккхина. Цо и дийцинчу шолг1ачу дийнахь эвлайистехь ловзуш дара тхо. Цхьана хенахь тхан хьешан «Вай, мама-а!» -аьлла, мохь белира. Д1аиккхира иза. Оццул майра к1ант кхерийнарг х1ун ю техьа аьлла, цецдевлла, т1едахара тхо. 1абдулла вара цхьа юткъа-1аьржа боьха х1ума когашца юьйш во л луш. - Вай, Казбек, юькъачу хьуьнхахь боккхачу текхарган багара мотт баьккхина волу хьо х1окху жимачу х1уманах х1унда кхеравелла? - бехк баьккхира оха. - Суна гинарг-м яцара жима, - бехказа вуьйлира хьаша. (170 дош). Ж. Махмаев Хьесап:
1. Г1алара хьаша. 2. Хьешан тамашийна амал. 3 Хьешс ааьхьанан мотт схьабаккхар. 4. Казбекан кхеравалар 5. Бехказло
|
|
Талламан диктант |
Юьртахь суьйре Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан к1ожехь 1уьллура Мусин-К1отар. 1аламан хазалло кхелинчу оцу жимачу юьрта юккъехула чекхдолура лекхачу лаьмнашкара охьадог1у г1овг1ане шовда. Инзаре хаза хуьлура кхузахь суьйре. Шовданаш декар, олхазарийн эшарш, дежийлашкара ц1ехьа дирзинчу уьстаг1ашний, гезаршний дуьхьал уьдучу 1ахарийн, буьхьигийн 1ехар, ловзуш лелачу кегийчу берийн аьзнаш. Уьш дерриге а вовшех оьй, синкъераме г1ар кхоллалора. Иза лаьмнаша д1аузий, стамйой, 1аннашкахула чекхйоккхура. Гонахарчу ярташкарчу кегийчу нахана а хазахетара Мусин-К1отар. Цуьнан коьртачу бахьанех цхьаъ дара куц а, г1иллакх а, оьздангалла а цхьаьнадог1уш болу мехкарий кхузахь дукха хилар.
|
|
Изложени |
Дохкобовлар Салман, бепиг, шура а эца г1охьа, - элира х1умнаш юьттуш йолчу нанас. Уггаре а хазачу метте со кхочушшехь олу-кх ахьа соьга цхьаъ диэ, - везвера к1ант, книган цхьа аг1о схьа а карчош, - д1о-о ловзуш йолчу Саците алахьа. Цхьажимма ловзийтахьа со!- дийхира Сацитас. Нана чорхана хьалха хиира. Мама, вайна юург ца йо ахьа? – хаьттира бераша. Ой, уггаре а сан йиш йоцчу хенахь ма олу аша соьга, шаьш меца ду? Шаьшшиъ бехке дуйла хиира цу шинна. Ц1еххьана д1алилхира бераш. Хьесап: 1. Ненан дехар. 2. Я к1анта а, я йо1а а нанас бохург цадар. 3. Бераш мацдалар. 4. Ненан жоп. 5. Вешин а, йишин а дохкобовлар.
|
|
Талламан болх |
«Мичхьара болало Даймохк» Зударий кех бовллалц кет1ахь сецна, т1аьххьара б1аьрг туьйхира М1аьчига керта. TIepa хьахарш охьаэгна, юккъера з1араш гуча а дийлина, т1е латта тесна тхов болу цуьнан жима ц1а г1ийла хьоьжура цуьнга. Цуьнан хьажар бешахула кхерстира, юкъ-юкъа г1аддийн аг1ошца наггахь марг1алш а тесна, мацах цкъа салташа къинхетамза дагарш диттина, дакъийна стоьмийн дитташ лаьттара ирахь, якъаелла адамийн чархаш санна. Кхузахь баьхнера цуьнан дай. Оцу лаьттан коржама т1ехь ваьллера иза ша а дуьнена. Кхузахь баьккхинера цо дуьххьара ког, аьллера дуьххьарлера ши дош - нана, дада. Уггар хьалха кхузара д1аболалора цуьнан Даймохк. (82 дош). А Айдамиров
|
Лексиках хаамш |
Сочинени |
«Ас т1екхачаре сатуьйсу де» |
|
Талламан болх |
Денделла 1алам. Деха 1а д1а а даьлла, юха схьакхечира ховха б1аьсте. Шен гуш долчу беркатечу куьйгашца латта самадаьккхина, зезагашца къарзбина баьццара куз баржийра цо, хьаннашна т1е баьццара духар дуьйхира. 1аламан дозаллех даккхийдечу олхазарша тайп-тайпанчу эшаршца хьаннаш екайора. 1алам денделлера. Тохарлеррачу аренашкахула жа дажош лелара 1аьрби. Сара санна вуткъа хьалавоьдуш дег1 даьккхинера цо. Амма жима, к1еззиг хьалахьаьвзина мара, г1айг1ане б1аьргаш стохкалерраниш бара. Кхин а шина шарахь ваца дезара цуьнан Супанина. Дан г1о доцуш, к1елвиснера Хьамид. 1аьрби схьаваккха г1иртира иза, амма бакхий нах а, молла а шена т1еверзийначу Супаница къийса а ца дела, висира. (86 дош).
|
|
Сочинени |
Дешар серло - цадешар бода |
|
Изложени |
«Доттаг1 вонехь вевза» Суьйранна дара иза. Юх-юххе дижина Iapa Борз (ж1аьла) а, цуьнан доттаг1а Ч1ама (эса) а. Цхьа хан яьлча «булкъ» олуш г1овг1а кхечира лере. Б1аьрг ца боьллуш, лергаш дуьйлина, ладог1а делира Борз. Юха хезира г1ийла кхайкхаме аз. Кхин ладоьг1уш 1ен йиш яцара. Бешан сетканан кертах дехьа оьккхуш, бетонан йоккхачу ной чу иккхира Борз. Хи чохь керча Иман лаза ца еш схьалаьцна, хьаладелира иза. Ц1ийнан не1аре Иман охьа а йиллина, «г1алх, г1алх», аьлла, чуьрчаьрга кхайкхира ж1аьла. Чуьрнаш аралилхира, йо1ана гобеш. Борз нацкъара а даьлла, шеен хьекъале б1аьргаш йоь1ан дена-нанна т1е боьг1на, шена т1ера хи д1адоккхуш, дегаделира. Ч1ама цунна т1емотт хьоькхуш, и дакъо х1оьттира. Иштта кертарчу баккхийчаьрца гергарло ч1аг1делира Борзан Хьесап: 1. Суьйре. 2. Борзана хеза г1овг1а. 3. Ж1аьло гlo до. 4. Доттаг1алла ч1аг1делла.
|
|
Шеран талламан болх |
Ненан дог Доьзалхочунна моьтту, шега шен деган къайленаш ненах лачкъало. Ткъа гуш доцчу пхенашца шен берийн дегнех дозаделла ненан дог ша-шах кхуьу церан къайленех. Бер мел генахь делахь а, шен берана хазахетар хилча, доккхадеш тохало, ткъа цуьнан кийра цхьана балано хьовзабахь, сингаттамо д1алоцу ненан дог, ненан дог – шайх ду. Декьаза дара нохчочун ненан дог. Берех самукъадаьлла тохадалар к1езиг хуьлура цуьнан. Оцу заманахь къаьсттина. К1ант вича, цунна хаьара, иза шен воций. Цунна лаахь а, цунна мел везарх а, ваха лаарх а, цуьнан вацара иза, халкъан вара. Х1етта кога ваьлла к1ант, г1аш юккъе сара а боьллина, марг1ал лестош, волавелча нанна хаьара цхьа пхийтта шо даьлча иза халкъан г1уллакхан дуьхьа кех вер вуйла. |
Скачано с www.znanio.ru
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.