Чеченская литература

  • docx
  • 28.02.2026
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Чеченская литература .Элп Уу
Иконка файла материала Урок 13. Элп Уу.docx

Дешаран урок

Урокан ц1е:Аз а, элп а Уу (у)

1алашонаш:

1.Предметни: зорбанан доккха  а, жима а элп  Уу довзар.Элп  у дешдакъошкахь дешнашкахь деша  хаар.

2.Метапредметни:

·        Регулитивни: шеен белхан план х1отто, цуьнан рог1алла йовза, и кхочушъярца  дешаран навыкаш караерзор.

·        Познавательни:схемин беснаш  дашехь долчу аьзнашка терра  тайп- тайпана хилар хаар, х1ора  басана  оьшу аз ала хаар.Схеми т1ехь дешдекъан доза  ган  1амар.Предложенин схеманаш йовзар.Цу схемех пайда а оьцуш  предложенеш х1итто хаар.

·        Коммуникативни:хьехархочун хаттаршна  жоьпаш дала хаар, суьрта  т1ехь гучух лаьцна жима дийцар х1оттор.

3.Личностни: дешаре  шовкъ  кхоллар

Урок д1аяхьар.

1.маршалла хаттар.

2.Мативационни дакъа

Дог1у дош ала

Вахарсолта, бекош урам

Боккхуш вара багахь........ (Узам)

 

Кара лаьцна боккха ч1урам

Ваха вог1у къагош .... (Урам)

 

Котамех д1ац1анъешбун,

Кертахь даьржина ду ... .ун

 

Къар ца луш, ца олуш «къурд»,

Асарх ас д1ац1андо ....урд

Оьшучура хадош  турс,

Карахь леладо ас ... .урс

-Муьлха  аз  ду  массо дашехь?

 

-бераш  х1ара х1ун ю?(борз)

-Борз х1ун ю?(акхаро)

-Цуьнан  цергаш муха ю? (ира )

-Цо х1ун юю хаьий шуна?

-Барзана дукхадезаш элпаш ду шуна, борз школе  ца эхахь а.Шуна хьанна девза и элп?

-Борз муха уг1у? (УУУУУУУУУУУ)

 

3.1алашо йовзийтар.

Суьрташ хиттадо экрана т1е(У, урс,урчакх)

-Х1ун го шуна экрана т1ехь? (У, урс,урчакх)

-Х1ун ду  церан юкъара?

-Царна  хьалхахь у хеза

-Вай х1ун 1амор ду аьлла хетта шуна урокехь?

-вайна девзар ду аз а, элп а Уу.

4.Керла тема хьехар.

А) Аз а,элп а Уу довзийтар.

-Х1ара х1ун ю?(урс)

-Алал УУУрс.Муьлха аз  хеза дашна хьалха? (аз (У) хеза)

-Улал уууууу.У аз алкхалой, я ца лакхало?(лакхало)

-Аз (У) мукъа ду , я мукъаза ду?(мукъа ду)

-Х1унда?(иза лакхало.

-Урс дешан схемин тидам бе.маса мукъа элп ду  цу дашехь? Дешдакъа?

-Мича меттехь гайтина  элп у?(дешан хьалхахь)

-маса  муъказа элп ду  урс дашехь?

-Хьовсал бераш, х1ара зорбанан доккха элп У ду, х1ара зорбанан жима элп у ду.

-Ишиъ цхьатера ду , я тайп-тайпана ду? Стенах ер аду У?

-Х1ара х1ун ю?(бух1а)

-Бууууух1а алал, цу дашехь мичхьа меттехь ду  аз у?(юккъехь)

-Схеми т1ехь масалг1а ду  у элп?Цуьнан х1ун бос бу?

-маса дакъа ду бух1а дешан?Хьалхара дакъа? Шолг1а?

(Иштта толу важа дешнаш)

·        Элп уу таллар.

-Стенах  тера  ду  Уу

Ирахйог1а ахьа шалгу, -

Шада дац и, элп ма ду.

Цуьнан доллуши га ду,

Вайна гуш дерг У элп ду.

-Сирникашца х1оттаде элп Уу.

Б)дешдакъош дешар .

 

Хьехархочо д1агойту элп У.

-Алал массара УУУУУ.

Цунна улло х1оттада  элп а.

-Аз  ца хадош д1адеша  УУУУУУУААААААА.

-Ша-ша д1адешал дешдакъа.

- Хьехархочо д1агойту элп А

-Алал массара  АААА

Цунна улло х1оттада  элп У.

-Аз  ца хадош д1адеша  ААУУ

-Ша-ша д1адешал дешдакъа.

(иштта доьшу дешдакъош ам ум , мА му.)

5.Сада1аран миноташ

Маьлхан серло яржале -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г1енаш лахка, човхаде -

Цхьаъ, шиъ - кхоъ.

Йиша,ваша г1аттаде

-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.

Физзарядкайолае

-Цхьаъ - ш иъ -кхоъ.

Т1аьхьараалар:

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Меттахвала, кхоссало

Цхьаъ - шиъ - кхоъ,

Г!аж схьалаца, кхозало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Куьйгаш айба, волало -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

Ницкъ бохьур бу боларо -

Цхьаъ - шиъ - кхоъ.

(Цугаев Салман)

7.Книга ешар.

А) Дешдакъош дешар аг1о 30.

Б)Дешнаш ешар.

-Мила ю Ама?Ума?

-Х1ун ю Муму?

-Маса дешдакъа ду х1ора дашехь?

8.Предложенеш х1иттор.

А) Аг1о 30.

-Суьрта т1ехь йолчу йо1ана ц1е тилла.Цуьнгахь х1ун ю? И х1ун деш  ю?

-Суьртана лахахь йолчу схемийн тидам бе.маса дош ду хьалхарчу схемин?Чаккхенгахь х1ун ю?

-Кхоъ дош долуш хаттар  х1оттаде  суьрта т1ехь гучух?

-Хьан хьокху иту?

-Жоп ло кхаа дашаца.

Амас иту хьокху.

Б)Аг1о.

-Мила ю суьрта т1ехь ?И Стенга яханера? Цуьнгахь х1ун ю?

--Кхи мила  ю суьрта т1ехь?иза стенгара йог1у?

-Стенга доьлху бераш?

-Схеме хьовса.предложени х1оттае шайна суьрта т1ехь гучух?

-Стенгара йог1у Ама?

-Ама туькнара йог1у.

-Амин самукъа  даьллий? Х1унда?Цуьнан дага долчух лаций  предложении х1оттае.

-ма мерза ю морожни!

-Цунна цо х1ун дийр ду ? Цунах  лаций  предложении ялае.

-Амас морожни юу.

·        Байт 1амор.

Г1а

Тийна 1ашцхьа гla дара,

У хьошалг1а деара,

Аьрру aг lop х1оь тира,

Борз санна и уьг1ира.

 

9.Рефлекси.

-х1ун керланиг хии шуна?

-Х1ун ду ца кхеташ дисинарг?