Дешаран урок ()
Урокан ц1е: Аз а,элп УЬ уь (Уь)
1алашонаш:
1.Аз а, элп а УЬ уь довзийтар, мукъа шалха хилар хаийтар, Уь элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор. йовза хаар. Шен накъосташна юкъахь висхила , шена хетарг масаллица ч1аг1деш д1аала 1амор.Ойлаяр , тидам бар .Дозуш долу къамел кхиор..Тобанашкахь болх бар кхиор.
3.Нохчийн мате безам кхоллар, 1аламе безам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар
Лакхара охьа
Кроссвордан еакювш чу оь шиуш долу дешнаш язде,т1аккха шун таро хир ю цуьнан юьххьехь а, чаккхенехь а лакхара охьа ши дош деша (жоп: г1алат, уьстаг!).
1. Ц1ахь кхобу дийнат.
2. Хьешана лерина чоь.
3. Жима доьду хи.
4. Болх бича лун ахча.
5. Говр д1аюжу г1ирс.
(Жоп: 1. Уьстаг1 2. Совц1а. 3. Татол. 4. Алапа. 5.Г1омат).
|
уь |
с |
т |
а |
Г1 |
|
с |
о |
а |
л |
о |
|
т |
в |
т |
а |
м |
|
а |
Ц1 |
о |
п |
а |
|
Г1 |
а |
л |
а |
т |
3.1алашо йовзийтар.
Х1етал - металш
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Хьуьнчохь а, арахь а кетар лелош? (Уьстаг1)
TIaprIa къажбеш а, к1ади деш а яц,
амма адамна т1е бедарюху? (Уьстаг1)
Сту кертахь, ма1аш хи т1ехь? (Уьйт1ара д1а боьду некъ)
Х1ои чуьра схьайолушшехь хи
чу йоьдург? (Уьнт1епхьидан к1орни)
Шена т1ехь т1улган ц1а лелошерг? (Уьштепхьид)
Фонетически зарядка
Шаьна муха кхойкху? («1уь-1а-ре-1уь»)
-Х1ун 1амор дув ай урокехь?
4.Керла тема хьехар.
А)аз а , элп а Уь довзийтар.
-Х1ара х1ун ю?(Уьйриг)
-Уьйриг дашнхь муьлха аз хеза дашна юьххьехь?(Уь)
-(Уь) мукъа ду , я мукъаза ду?
-Х1ун бос хуьлу мукъачу оозан схемехь?
-Шолг1аниг? (Й)
-(Й) мукъа ду , я мукъаза ду?
-Х1ун бос хуьлу цуьнан схемехь?
-Кхоалг1а?(Р)
-(Р) мукъа ду, я мукъаза ду?Х1ун бос хуьлу ?
-Доьалг1а? Пхоьалг1а?
-Х1ара зорбанан доккха элп Уь ду, х1ара зорбанан жима элп уь ду.
-Даладел, элп уь хьалхахь длу дешнаш, юккъехь, чаккхенгахь.
Б)Схеманаш басе ерзор.
В)Дешдакъош дешар.
-Д1адеша книги т1ера дешдакъош.
5.Сада1аран миноташ.
Бераш:
- Уьнт1епхьид, уьнт1епхьид,
Т1улган ц1а т1ехь лелон пхьид,
Мичахь лелаш хьо яра,
Ловза ма ца еара?
Уьнт1епхьид:
- Х1орда чохь со лелара,
К1орнеш хи чу сайн яьхна:
Нека дан уьш 1амийра,
Куьйгаш, когаш детташ,
Хи чохь даим сетташ:
Аркъал, бертал, пел доьрзуш,
Нека дора хих ца 1ебаш.
Уьнт1епхьид а хоржий, бераш класса чухула дуьилало цунна
т1аьххье, цо дийриг а деш: нека до мотгуьйтуш, куьйгаш д1аса а
лестош, аркъал сетташ, охьате1аш, arlop доьрзуш.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Дешнаш дешар.
Б)Дийцар х1оттор.
-Х1ара мила ву?(Ахмад)
-Мила ву Ахьмад?( Таллархо)
-Х1ун ю таллархочуьнгахь?(Талла)
-Иза стенга вахана?
-Цунна х1ун гира?
-Муха ю борз?
В)Дийцар дешар.
-Схьадийца дийцар.
7.Рефлекси.
-Х1ун хиира шуна керла?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.