Дешаран урок ()
Урокан ц1е: Аз а,элп Ч ч (Ч)
1алашонаш:
1.Предметни:Аз а, элп а Ч довзийтар, мукъа хилар хаийтар, Ч элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни: шеен белхан плпн х1оттор , цуьнан рог1аллица дешаран навыкаш хилар.Шен белхан кхиамаш бовзар,царех пайдаэцар.Кхачамбацарш гар, церан бахьнаш довзар.
· Познавательни:предложенин схеманаш х1итто хаар, текстаца болх бан хаар, хьехархочун жоп цу текстехь каро хаар.
· Коммуникативни:Суьртах альцна дийцар х1отторца дозуш долу къамел киор.Вовшаш ца къамеле бовла хаар, шена хетарг масалашца ч1аг1дан 1амор.
3.Личностни:Нохчийн мате безам кхоллар, 1аламе безам кхоллар.Хьарам –хьанал къасто хууш дешархой кхиор
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар
Дог1у дош ала
Ас латийча буса чиркхаш,
Царна гонах хьийза.... (Чуьркаш)
Араволушкуй т1етилла,
Марсаяьлла 1аьнан.... (Чилла)
Херхана ас хьокхушков,
Суна йира п1елгах
.... (Чов)
Хилийта сан дагна там,
Бабас тобо чорпин.... (Чам)
Дехьа маь11ехь лаьтта керт,
Цу т1е тесна нанас .... (Черт)
Хьаьжк1аш кхорзуш йоллу куьрк,
Пхьаьрсах летта йоллу.... (Чуьрк)
1ежаш, кхорашдуу цо,
Дукха деза цунна моз. -
Яц и 1ебаш мел диъча,
Ю и хьуьнах лела ... (Ча)
Довза аз
Хьалаг1овтта, нагахь Ч аз юкъахь долу дош
хазахь: тукар, бел, черма, болх, хьостам, чами, куьйра, чечакх, айма, чоа.
3.1алашо йовзийтар
-Х1ара х1ун ю?(ча, чхьаьвриг)
-Муьлха чу элпаца болх бан 1емар ду вайна тахана?(Ч)
-Х1орш х1ун ю?(Дешдакъош)
-Х1ун дийр ду царна?(Деша 1амор ду)
-Х1орш х1ун ю?(Дешнаш)
-Х1ун дийр ду царна ?(Дешнаш деша 1амор ду)
-Х1ун 1амор дув ай урокехь?
4.Керла тема хьехар.
А)Аз а ,элп а Ч довзийтар.
- Х1ара х1ун ю?(Чхьаьвриг)
--Муьлха аз хеза аьатрзу дашна хьалха?(ч )
-Алал,аьаьа -аз мукъа ду , я мукъаза ду?
-Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан?
-Маса дешдакъа ду чхьаьвриг дешан?
-Х1ара х1ун ю? (коч)
-Мича меттехь хеза аз (ч)?
-Маса дешдакъа ду коч дашехь?
-Х1ара х1ун ю? (нехча )
-Мича меттехь хеза аз (ч)?
-Маса дешдакъа ду нехча дашехь?
-Х1ара зорбанан доккха элп Ч ду, х1ара зорбанан жима элп ч ду.И шиъ цхьатера ду , я тайп- тайпана? Стенах тера ду элп ч ?
Стенах тера ду элп?
Шу бакъ ма ду,
Дера ду:
Ч деаннах тера ду.
Вайн элпаш а, терахьаш
Иэ ма делаш, варийлаш.
Фонетически зарядка
Ц1ерпошт д1а муха йолало? («Чу-чу-чу»)
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо элп Ч д1агойту, цунна улло х1иттадо мукъа элпаш.Т1аккха (ч) олуш долийна аз ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.
ЧЧАА
ЧЧОО
ЧЧУУ
ЧЧИИ
ЧЧЕЕ
Хьехархочо мукъа элпаш д1ах1иттадо. Царна улло х1оранна элп ч х1оттош д1адоьшуьйту.
ААЧЧ
ООЧЧ
УУЧЧ
ИИЧЧ
ЕЕЧЧ
Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош.
Б)Дешнаш дешар.
В) Дешнийн лами бар
-Шина элпана т1ера пхеаа элпана т1екхаччалц цхьцца элп т1етухуш хьалабуза лами.
Ча
Чам
Чарх
Човка
5.Сада1аран миноташ.
Чхьаьвриг
Бос сийначу бацалахь,
Можачу цу зезаг т1ехь,
Къорза коч а юьйхина,
Хаза чхьаьвриг, жима чхьаьвриг
Т1емаяьлла лелара.
- Жу-жу-жу, жу-жу-жу
Зезагаш т1ехь со ловзу.
Махца тайна ю со лесташ,
Цуьнца цхьаьна д1асалесташ. (Бераш д1асатехка).
Суна карий зезаг т1ехь
Йоккха 1аьржа чхьаьвриг.
Карахь латто ца лаьа,
Кисна юьллу ас иза. (Бераша гойту)
Ой, охьаюьйжи, лаьтта юьйжи, (Охьатаь1а)
Ченех юзуш сан чхьаьвриг.
Т1емаяьлла д1аяха, д1аяха,
Т1емашлестош, генна д1а. (Куьйгаш лестадо)
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Дийцар дешар.
-Мила вхвра г1ала?
-Мича дахара тхо г1алахь?
-Х1ун ийцира нанас?Цо х1ун элира соьга?
-Аша олий иштта дешнаш?
Б) Дийцар х1оттор.
-Х1ара х1ун ю?(ЧА)
-Стенгахь еза ча?(Хьуьнхахь)
-Х1ун деш ю ча?(Едда йоьдуш)
-Х1унда едда ча?( Иза кхераелла)
В) «Ча» дийцар д1адешар.
-Стенга дахара бераш?
-Мила вара цаьрца?
-Х1ун хааелира царна?Х1ун хилира берашна?
-Х1ун дира хьамзата?
-Х1ун дира чано?
-Суьрта т1ехь ерг хила мегий и ча?
-Хьуьнха ша ваха мегар дуй?
-Хьамзат берашца ца хиллехь х1ун хила мегара?
Г) «Суьртах лаьцна дийцар х1оттор.
-Муха д1адолор дара аша дийцар?
-Х1ун хьобху вайна цу суьрто?
-Д1адеша лахара хьехаме дешнаш.Муха кхета шу царех?
-Д1адеша суьрта бухара дийцар.Аша х1оттийначух тер а дуй иза?
-Т1адамийн меттана оьшу элпаш х1иттиде.
7.Рефлекси.
-Х1ун керланиг хии шуна урокехь?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.