Дешаран урок-1 класс.
Урок№
Терахь-
Урокан ц1е:Аз а , элп а Оо(о)
1алашонаш:
1. Предметни:Аз а , элп а Оо довзийтар, (о) мукъаза аз хилар хаийтар, элп о юкъадог1у дешдакъош х1иттор, уьш деша 1амор, деха , доца мукъа аьзнаш довзийтар
2.Метапредметни:
· Регулитивни: шеен белхан план х1отто хаар, цу планаца дешаран навыкаш караерзор
· Познавательни: «, деха» , «доца»мукъа аьзнаш довзийтар, цу аьзнаша дешан маь1на хийцар хаар.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоьпаш даларца жима дийцар х1оттор иза схьадийцар, ойлаяр, шена хетарг д1аалар кхиор.
3.Личностни:1аламе безам кхоллар, дешаран мах хадо хууш бераш кхиор.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Карладаккхар.
Дешдакъош дешар (аг1о 30)
Дешнаш дешар(аг1о 31)
3.Дешаре шовкъ кхоллар.
Дог1у дош ала
Даа лаахь ирсан пхьор,
Нахана ма даккха.... • (Ор)
Кегий бераш даьхки лийча, -
Уьш т1еэца ду тхо кийча.
Дика ду хьо доцуш к1орга,
Иллешкахь хестийна ....(Орга)
Пхьарс лозушшехь ас и лов,
Деттарх цо мел ч1ог1а .... (Ов)
Пена т1ехь тхан терза кхозу
Воллу цу т1ехь со кхоьш_ (Оза)
Бераш, шу ма ловза ц1арца!
Даккха дезар ду тхан .... (Орца)
Яц цу денойн цхьа а чот,
Дедда кхечи схьа.... (Оршот)
Яц и шахьар, ю и хоти,
Лаьтта цигахь жима.... (Оти)
-Муьлха аз ду масо дашехь?
4.1алашо йовзийтар.
Мила ву тидаме?
1. Ладог1а дешнашка: орам, олхазар, оччам, охана, окхло,
орам, очакх.
Муьлха аз хаало вайна оцу массо а дешнашкахь?
-Хьан эр дара х1ун ю вайн урокан ц1е?
1алашо –вай х1ун 1амор ду хьан дуьйцур ду?
-Вайна девзар ду аз а , элп а Оо.
-1алашо х1окху г1оьналлин дешнашца олуьйту
Суна девзар ду ……(аз а, элп а о)
Суна 1емар ду ……..(о юкъадог1у дешдакъош деша)
Аса суьртан г1оьнца х1оттор ду…..(жима дийцар предложенеш)
5.Керла тема хьехар.
А) Аз а,элп а Оо довзийтар.
-Х1ун го шуна суьрта т1ехь?(Орам)
-Алал Оооорам.Муьлха аз хеза даша хьалха?
-Алал ООО.Аз(о) мукъа ду , я мукъаза ду?Х1унда?
-Аз (о) мукъа ду, иза лакхало.
-Хьовсал х1ара Зорбанан доккха элп О ду, х1ара жима элп о ду.
-Стенах тера ду элп о?
· Элп о таллар.
Стенах тера ду элп?
Горга ду и,
Горга ду.
Са а боцуш,
Чкъург и ю.
Д1ахьажал цу чкъурге хьо:
Гур ду хьуна горга О.
-Дешан схеман тидам бе. Мича меттехь ду элп о?Кхин мууьлха элпаш девза шуна схеми т1ера?
-Маса мукъа элп ду орам дашехь? Дешдакъа?
-Х1ун ю шолг1ачу суьрта т1ехь?(Г1овтал)
-Г1овтал дашехь мича меттехь ду элп о?
-Маса мукъа аз ду г1овтал дашехь?Схеме хьовса.
Б)Деха а, доца аз (о) довзийтар.
-Х1ара х1ун ю? (дог1а)
-Оцу дашехь о деха ала (дооог1а)
-нийса хуьлий?Х1унда ?(дешан маь1на хийцало, цунах не1аран туху дог1а хуьлу)
-Х1ара х1ун ю? (Дог1а)
-Цу дашехь о доца ала.(Дог1а)
-нийса хуьлий? Х1унда?(дешан маь1на хийцало , цунах стиглара дог1у дог1а хуьлу)
-Аз (о) хуьлу мукъа деха а, доца а.
Дехачунна т1ехула нийса сиз хьокху)
-Предложенеш х1иттае суьртех лаьцна
Стиглара дог1а дог1у. Не1арна дог1а тоьхна мамас.
-Муьлхачу дашехь ду деха мукъа аз?Доца?
(лакхахь санна толу дешнаш :хьоза, къолам)
6.Сада1аран миноташ.
7.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)дешдакъош х1иттор , уьш дешар.
· Фонетически зарядка
Цомгашчо узарш муха до? («OxI-oxI-oxI»)
-Хьехархочо д1агойту элп м.Х1ара х1ун элп ду?
-Ала массара мммм.
Хьехархочо цунна улло элп о дуьллу.
-ММ олуш долу аз ца хадош д1адеша оооо.(ММоо,ммооо)
Хьехархочо гойту элп о
-д1адеша массара ООООО.
Цунна улло м дуьллу.
-Аз цо хадош д1адеша ооомм.,оомм.
Б)таблици чуьра дешдакъо дешар.(аг1о 32)
7)сада1аран минотааш.
Л элпах тарбеш ког аш д1асабохуьйту, хаьн т1е куьйгаш дохку.
Шина a arlop а те1аш, олу:
Аьтту, аьрру,
Хаза г1уллакх хуьлу.
Дика бераш шу ма ду!
Аьтту - аьрру, аьрру - аьтту...
8.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Схемина бос балор.
-Х1ун ю суьрта т1ехь?(кхор)
-Кхор дашехь маса аз ду (кх,о,р)
-Хьалхарниг?(кх)
Мукъа ,я мукъаза ду и?(мукхаза)
-Х1ун бос бан беза схеми т1ехь хьалхарчу киртигна? (сийна)
-Шолг1а? (О)
--Мукха ,я мукъаза ду и?(Мукъа?
--Х1ун бос бан беза схеми т1ехь хьалхарчу киртигна?(ц1ен)
-кхоалг1аниг?(р)
-- Мукъа ,я мукъаза ду и?(мукхаза)
-Х1ун бос бан беза схеми т1ехь хьалхарчу киртигна? (сийна)
(иштта толу важа дешнаш)
Б)Дийцар х1оттор.
-Мила
ву суьрта т1ехь? (Абу
-Цуьнгахь х1ун ю? (т1оьрмиг)
-И стенга вахана? (лома)
-Муха ду ломахь?
-цунна х1ун гира?
-Схьадийца дийцар.
В) Предложенеш х1иттор.
-Хьан ялор яра хаттар луш предложени?
-Абуна х1ун гира?
-Иза х1ун яра? (предложени)
-Иза муьлха предложенияра? (хаттаран)
-Х1ун юьллу чаккхенгахь?
-Хьан лур дара жоп?
Абана газа гира.
--Иза х1ун яра? (предложени)
-Иза муьлха предложении яра? (дийцаран)
-Х1ун юьллу чаккхенгахь?
9.Рефлекси.
-Чакхъяккха сан ойла
Суна девзира….
Суна 1емира….
Со кхийтира….
Со ца кхийтира…
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.