Чеченская литература
Тема: «Машар» Ж.Махмаев
1алашо: Ж.Махмаевн «Машар» стихотворени йовзийтар; нийса а , шера , кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор; Машар бохучу дашех кхетам балар
Билгалбаьхан кхиамаш: берашна хаьар ду , хезаш а, меллаша стихотворни тексташ еша; берашна хуур ду шайн дешнашца а , учебника т1ера масалаш далорца хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, берашна хуур ду машаран мах хадо, даима машарехьа къуьйсуш лаам хир бу.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьайуьйцу З.Сулеймановн «Турпалхо лийр вац» ц1е йолу стихотворени.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
3. 3.1алашо йовзийтар
-Муьлха дийцар доьшур дув ай ?Х1ун болх бийр бу вай и дийцар 1амош?
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Аса дийр ду…
-Вай тахана д1айоьшур ду Ж.Махмаевн «Машар»ц1е йолу стихотворени
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочо д1айоьшу Ж.Махмаевн «Машар» йолу стихотворени
аь)Чулацамах къамел дар.
-Муха кхета шу машар бохучух?
-Машарх лаьцна х1ун аьлла авторо?
-Х1унду вайн Даймехкан сийлахьа г1уллакх?
5.Сада1аран миноташ.
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш яра:
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гатахьоькхура.
Когашбетташ, т1араш
детташ, Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь«къакъи» дора.
Цундела ю уьш могушШу а хила лууш.
(Бераша байташйоыду дег1ан меженаш хьееш).
6. 6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
а)бераша д1айоьшу ц1е йолу Ж.Махмаевн «Машар» стихотворени
7.Рефлекси.
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?
Суна евзи…
Суна 1еми..
Аса д1айиши..
8.Жам1 дар.
-Муьлха дийшира дийши вай?
9.Ц1ахь бан болх балар
Аг1о 131 -132 дагахь 1амо
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.