Дешаран урок ()
Урокан ц1е: Аз а,элп АЬ аь(АЬ)
1алашонаш:
1.Предметни:Аз а, элп а Аь довзийтар, мукъа шалха хилар хаийтар, Аь элп юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни: Регулитивни:шеен белхан план х1оттор, цу планан рог1аллица д1авахарца дешаран навыкаш караерзор.
· Познавательни:схеманашкахь аьзнийн беснаш билгалбахар, х1ора басна шеен элп бовза хаар
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор.Къамела юкъара предложенеш йовза хаар. Ойлаяр , тидам бар кхиор.Дозуш долу къамел кхиор..Тобанашкахь болх бар кхиор.
3.Личностни:Шен Даймахке безам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2. Дешаре шовкъ кхоллар
Дог1уш долу дош ала
Жижиг эцале ас хьалха
Ирдо урс, т1ехьоькхуш __ (Аьлха)
Т1 едуьйхина белхан духар,
Ас шен хенахь кечдо докъар.
Шорта шура луш ю атто,
Цу ндела тхан хуьлу.... (Аьтто)
Д1ахьовсал шу кху вайн махке,
Аре сенъеш, кхечи .... (Аьхке)
Еъна кхечи хаза б!аьсте,
Асарна ахь кечъе.... (Аьста)
2.1алашо йовзийтар.
1. Суьрташт1ехь йолчу х1уманийн ц1ерашяха. Караде цхьатера аз х1окху дешнашкахь: аьшкал, аьлха, н1аьна, наьрс.
Аьшкал . Аьлха.Н1 аьна
-Х1ун 1амор дув ай урокехь?
3)Керла тема хьехар.
А)Аз а, элп а АЬ довзийтар
-Х1ара х1ун ю?(Аьрзу)
--Муьлха аз хеза аьатрзу дашна хьалха?(аь )
-Алал,аьаьа -аз мукъа ду , я мукъаза ду?
-Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан?
-Маса дешдакъа ду аьрзу дешан?
-Х1ара х1ун ю? (бираьнчиг )
-Мича меттехь хеза аз (аь)?
-Маса дешдакъа ду бираьнчиг дашехь?
-Х1ара зорбанан доккха элп Аь ду, х1ара зорбанан жима элп Аь ду.И шиъ цхьатера ду , я тайп- тайпана? Стенах тера ду элпАь?
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо мукъа за элпаш д1ах1иттадо. Царна улло х1оранна элп аь х1оттош д1адоьшуьйту.
ЛЛАЬАЬ
ССАЬАЬ
РРАЬАЬ
ХХАЬАЬ
ННАЬАЬ
ТТАЬАЬ
ШШАЬАЬ
Хьехархочо элп Аь д1агойту, цунна улло х1иттадо мукъа элпаш.Т1аккха (Аь) олуш долийна аз ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.
АЬАЬЛЛ
АЬАЬСС
АЬАЬРР
АЬАЬХХ
АЬАЬНН
АЬАЬТТ
АЬАЬШШ
Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош.
В)Схеманаш басе ерзор.
-Х1ара х1ун ю?(аьшкал)
-муьлха аз хеза вайна аьшкал дашна хьалха?(АЬ)
-Аз (АЬ)- мукъа ду , я мукъаза ду?
-Х1ун бос хила беза цуьнан схеми т1ехь?
-Шолг1 аз?(ш)
-Мукъа ду , я мукъаза ду аз (Ш)?
-Х1ун бос бу цуьнан схеми т1ехь?
-Кхоалг1а?(К)
-(К)- мукъа ду, я мукъаза ду?Х1ун бос хила беза?
-(А)_ озан? (Л)-озан?
5.Сада1аран миноташ.
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А)Дешнаш дешар.
Б)Дешнийн хиларш - з1е
1. Аьнгалха - х1окху дашнаюкъадог1у чу элпех керла дешнаш кхолла Аь элп юкъахь долуш:
(аьшпаш, наьрс, гаьнгали, лаьхьа, хаьштиг)
2. Xlopa т1аьхьа дог1учу дешан ткхьарчу дешдекъа т1ера
д1адоло деза керла дош:
(аьнгалха - хабар - баргол - гола - лами - миндар - дарба -базар).
В)Тобанашкахь болх.
1.Схьакараде элп аь хьалха долу дешнаш.
2.Элп аь юккъахь долу дешнаш.
7.Рефлекси.
-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.