Дешаран урок
Урокан ц1е: элп Къ къ
1алашонаш:
1.Предметни:Элп Къ довзийтар, элп Къ мукъаза къора шалха элп хилар хаийтар, элп Къ юкъадог1у дешнаш деша 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни: Регулитивни:: шеен белхан плпн х1оттор , цуьнан рог1аллица дешаран навыкаш хилар.Шен белхан кхиамаш бовзар,царех пайдаэцар.Кхачамбацарш гар, церан бахьнаш довзар.
· Познавательни: схеманашкахь мукъа а, мукъаза а аьзнаш ган хаар кхиор, дешдекъан доза гайтар.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, вовшаша дуьйцачуьнга ладог1а 1амор.
3.Личностни:Дешаре безам кхиор,нохчийн матах дозалла дан 1амор..
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Дог1у дош ала
Жайна даккхарх баарх дуй
Ц1анлур бац куьг бехкен .... (Къуй)
1алашдичахьуьнан сурт,
Щена хуьлу х1онан .... (Къурд)
Шен болх бина, баьгна седа,
Цунах йисна серло... . (Къеда)
Яц и йог1ург говрийн рема,
Эмкалийн ю иза... . (Къепал)
Йоза 1амош баккха толам,
Караэций боккха... . (Къолам)
Баккха лаахь хьайна мел,
Динах лаций де .... (Къамел)
Фонетически зарядка
Къиг муха ека? («Къакъ-къакъ-къакь»)
Пхьид муха ека? («Ва-къа-къа-къа»)
3.1алашо йовзийтар.
Х1ума довза луург
Багахь буьйцу мотт кхечу кепара? (Къамел)
Ирча, инзаре доккха деана вон? (Къемат)
Эмкалийн тоба? (Къепал)
Юккъехь даш долу йозанан г1ирс?
Х1ума лачкъош верг?(Къу)
-Хьан эр дара аша, х1ун 1амор дув ай урокехь?
4.Керла тема хьехар.
1)Аз а, элп а Кх довзийтар.
-Х1ара х1ун ю?(Къиг))
-Кхокха дашехь дуьххьара муьлха аз хеза?(аз къ)
-(Къ) мукъа ду , я мукъаза ду?Х1унда?
-(Къ) зевне ду , я къора ду?
-Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан?
-Х1ара х1ун ю?(докъар)
-Мича меттехь хеза аз (кх)?
-Маса дешдакъа ду докъар дешан?Муьлхарниг ду хьалхара?(до )
-Шолг1а?( къар)
-Х1ара х1ун ю?(бекъа )
-Мичахь хеза аз (къ)?
Х1ара зорбанан доккха элп Къ ду, х1ара зорбанан жима элп къ ду.
Хьовсал бераш вай 1амийначу элпех тера дуй элп Къ ?
-Бераш, элп Къ шалха ду, вуьштта аьлча элп къ яздеш шина хьаьрках пайдаэцна .Муьлханаш ю уьш?(К+ъ).
В)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо элп Къ д1агойту, цунна улло х1иттадо мукъа элпаш.Т1аккха (Къ) олуш долийна аз ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.
КЪкъааа
Къкъооо
Къкъууу
Къкъиии
Къкъеее
Хьехархочо мукъа элпаш д1агойту, царна улло х1оттадо элпа Къ .Т1аккха мукъанаш олуш долийна аз ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.
АААККЪКЪ
ОООКЪКЪ
УУУКЪКЪ
ЕЕЕЕКЪКЪ
ИИИКЪКЪ
-Х1инца шайн книги т1ера д1адеша и дешдакъош.
Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош.
В) Дешнаш дешар.
4.Сада1аран миноташ.
Куьйгашхаьнт1е х1иттаде,
Когашт1ехьшу кхиссало: (5-8-зза)
Аьтту aгlop хьаьвзаш, (5-8-зза)
Кхисса-кхиссало.
Аьрру aгlop хьаьвзаш (5-8-зза)
Кхисса-кхиссало.
5.Керла тема кхин д1а а хьехар.
А) Дагардар
Къу
Тукхас баьккхи ц1улла сара:
«Хьенан киснахь 1уьллу кара?»
Х1инца б1аьргашхьабба ву
Вайха говза воллу къу.
(Ш. Хасаров)
Б)Дешнаш кхолла
1. Х1окху дешдакъошца дешнашкхолла:
КЪА (къадо, къада, къаго, къаро, къамел, къажа);
КЪЕ (къега, къеда, къежа, къемат, къера, къепал);
КЪО (къолам, къора, къонах, къола, къона).
2. Дешдакъа КЪА дашна хьалха а, юккъехь а, т1ехьа долуш дешнаш даладе (къамел, локъам, дуькъа, мекъалг, векъа, бекъа).
6.Рефлекси.
-Муьлха элп девзи шуна кху урокехь?
-Х1ун керланиг 1еми шуна?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.