Дешаран урок
Урокан ц1е: Аз а,элп а Рр(Р )
1алашонаш:
1.Предметни:Аз а, элп а Рр довзийтар,аз (р) мукъаза хилар берашна д1акхачор, элп Р р юкъадог1у дешдакъош х1иттор ,уьш дешар кхиор,
2.Метапредметни:
· Регулитивни:шеен белхан план х1оттор.
· Познавательни: схеманашкахь мукъа а, мукъаза а аьзнаш ган хаар кхиор, дешдекъан доза гайтар.
· Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, суьртан г1оьнца жима дийцар х1отто 1амаор , иза схьадийцар 1амор.Къамела юкъара предложени къастор кхиор.Ойлаяр , тидам бар кхиор..
3Личностни:.Дешаре безам кхиор,1алам довза, деза лууш дешархой кхиор. Хьехархочо т1едиллинарг кхочушдан лаам кхиор, шен наъосташка ладог1а, уьш хаза 1амор
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2.Дешаре шовкъ кхоллар.
Дог1у дош ала
Хила лаахь дег1ехь ницкъ,
Доккхуш хила шортта....(рицкъа)
Велахь партал, вацахь сема,
Йодур ю хьан говрийн ....(рема)
Денош хоьрцуш йоьду зама,
Тишлуш, корехь лаьтта....(рама)
Юьхь д1 аюьлуш, ц1андеш хьаж,
1аьрбис ларйо дийнан... (раж)
Тхан уьйт1ара мокха г1аз
Иоду, бетташ когаш.... (раз)
Чуьра ара ма-хийцци,
Седарчашна т1е кхочу и ?(ракета)
-Х1ун аз хеза массо дашехь? Х1ун 1амор дув ай урокехь?
3.1алашо йовзийтар
-Х1ун ю книгин 40-41 аг1он т1ехь?(Элп Рр,дешдакъош, дешнаш,схеманаш, дешнаш, предложенеш,суьрташ)
-Х1ун 1амор ду вай хьалха?(Элп Рр девзар ду)
-Терахь цхаъ дилла цунна улло.
-Х1ун 1амор ду шолг1а?Кхоалг1а?Доьалг1а?
3.Керла тема хьехар.
А) Аз а, элп а Рр(Р) довзийтар
-Х1ун ю суьрта т1ехь?(Роза)
-Муьлха аз хезе роза дашехь дуьххьара?(Р)
-(Р)-мукъа ду , я мукъаза ду?мукъаза ду, иза ца лакхало._)
-РОЗА ДЕШАН МАСА ДАКЪА ДУ?
-Муьлханиг ду хьалхара ?Шолг1а?
-1ара х1ун ю?(Ч1ара)
-Мича меттехь хеха аз (Р)
-Схеми т1ехь х1ун бос бу Р элпан?
-Х1ара золбанан доккха элп Р ду, х1ара зорбанан жима элп р ду. Элп р стенах тер аду ала байте ладог1ий?
· Элп Рр таллар.
Диг ахь ирах1оттаде,
Т1аккха дикка тидам бе:
Девзий хьуна лаьтташ дерг?
Диг ма дац и, ду элп Р.
· Фонетически зарядка.
Говр муха сацайо? («Тр-р-р»)
-Муьлха аз ду гуттара хезаш дерг?
Б)Дешдакъош дешар.
Хьехархочо д1агойту элп р.Цунна улло х1иттадо мукъа элпаш.Бераш р олуш долу аз ца хадош д1адоьшу .
РРААА
РРООО
РРУУУ
РРИИ
Хьехархочо д1агойту мукъа элпаш .Царна улло х1оттадо элп Р.Бераш мукъа аз олуш долу аз ца хадош д1адоьшу .
ААРР
ООРР
УУРР
ИИРР
40-аг1он т1ера таблици чуьра дешдакъо д1адоьшу бераша.
В)Схемина бос балор.
Х1ара х1ун ю? (тур)
-Маса элп ду тур дашехь? (кхоъ)
-Аз?(Кхоъ)
-Муьлханаш ду уьш?(Т,У,Р)
-Аз (Т)- мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
-Аз (У)- мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
-Аз (Р)- мукъа ду , я мукъаза ду?
-Цуьнан х1ун бос хила беза схеми т1ехь?
Г)Д1адеша дешнаш.
А-ра,ла-ра, ра-ма,СА-ра.
4.Сада1аран миноташ
1ам чохь баьццара ши пхьид
Дукха каде хьийзаш яра
Юьхь-куьг цара дуьлура,
Дег1ах гатахьоькхура.
Когаш бетташ, т1арашдетташ,
Аьрру, аьтту д1асасетташ.
Юха хьала а нислуш,
Багахь «къа къи» дора.
Цундела ю уьш могуш
Шу а хила лууш.
5.Керла тема кхин д1а хьехар.
А) Дешнаш дешар.
-Муьлхачу элпашца язйина адамийн ц1ераш?
Б)Дозуш долу къамел кхиор.
-Мила ву суьрта т1ехь вверг?(расу)
-Цуьнца муьлш бу?(Рамзан,Решид,Ризван)
-Цаьргахь х1ун ю(Т1оьрмигаш)
-Уьш
стенга бахана? (ЛОМА)
-Цара х1ун
дийр ду ломахь?(тидам бийр бу 1аламан)
_шу
хиллий ломахь?Шуна х1ун гира цигахь?
В)предложенеш ешар, нисъяр.
Д1аеша хьалхара предложении?Юззина предложении юй иза?Х1ун т1етухар дара аша?
-Д1аеша шолг1а предложении.Х1ун т1етухар дара аша.лам муха бу?
-лам лекха бу.
-Кхоалг1а предложении хьан х1оттор яра? Ломахь муха дара?
-Ломахь хаза дара.
Г) Караде д1алевчкъина элпаш.
Д1адеша хьалхара дош.(ЛАМ)
-Лам
дашехь а метана о дилла, х1ун дош хили?(ЛОМ)
-Кхин муьлха элпаш дохкар дара аша?
5.Рефлекси.
-Муьлха элп девзи шуна?
-Элп Рр мукъа ду я мукъаза ду?
-Х1ун 1еми шуна керланиг?
Х1ун дара хазахеттарг?
_Стенах ца кхийтира шу?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.