Чеченская литература.Элп Сс

  • docx
  • 28.02.2026
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Чеченская литература.Элп Сс
Иконка файла материала Урок 19. Элп Хх.docx

Дешаран урок

Урокан ц1е: Аз а,элп а Хх(х )

1алашонаш:

1.Предметни:Аз а, элп а Хх довзийтар,аз (Х) мукъаза хилар берашна д1акхачор, элп  Хх юкъадог1у  дешдакъош х1иттор ,уьш дешар кхиор,

2.Метапредметни:

·        Регулитивни: шеен белхан план х1оттор, цу планаца болх бан хаар.Шена дан днлларг ган цуьнан бахьнех пайдаэцар,шена  ца дан  ца делларг  гар цуьнан бахьнаш довзар..

·        Познавательни: схеманашкахь мукъа а, мукъаза а аьзнаш ган хаар кхиор, дешдекъан доза гайтар.

·        Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар кхиор, суьртан г1оьнца  жима дийцар х1отто 1амаор , иза схьадийцар 1амор.Кхамела юкъара предложении къастор киор.Ойлаяр , тидам бар кхиор.

.3.Личностни:Хьехархочо т1едиллинарг кхочушдан лаам кхиор, шеен наъосташка ладог1а, уьш хаза  1амор.Дешаре безам кхиор,1алам довзв,  деза лууш дешархой кхиор.

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2.Дешаре шовкъ кхоллар.

Х1етал-метал хаийла хьуна:

Дечигах и буьрса лета, -

Хиларх иза декъа, т1еда.

И ца хилча кертахь т1аккха,

Аьтто хилац дечиг даккха? (Херх)

 

Д1а - хьуна, схьа - суна? (Херх)

Тхан кухни чохь дийнна шарахь

Шкаф чохь веха Г!ура-Дада? (Холодильник)

 

Хала ца хоьтуьйту,

Ца лета хьох,

Амма хьо велхаво.

Х1ун ю иза? (Хох)

 

Бакъ ма ду и дуьненор,

Тоьхна боцуш цхьа а лол.

Т1оьх-т1оьхула безамехь

Эзар коч ю нускалехь?

Б1аьргашна а хуьлу ун

Царна т1е куьг кхевдинчун.

Сахьийзар дац х1инца сан,

Аш ц1е йийцахь нускалан. (Хох)

(Ш. Хасаров)

 

Горга ду и, амма малх бац,

можа ду я даьтта а дац,

ц1ога ду я дахка а бац? (Хорсам)

 

Етта а ца етта, дов ца до,

амма велхаво? (Хох)

 

Къорза котам керта юххехь юса а елла 1а? (Хорбаз)

 

К1айниг лаьтта бухахь, баьццарниг т1ехула? (Хорсам)

 

Цхьанна т1ехула вог1уш хилла, шинхьа

араваьлла? (Хеча)

 

Селхана а хилла, тахана а ю, кхана а хир ю? (Хан)

Когаш бац, т1емаш дац, сиха йоьду,

 

Т1аьхьа кхуьур вац? (Хан)

 

Исс бекх кхоьллина воьдург? (Хох)

-Муьлха элп  ду  массо а дашехь?

 

- х1ун 1амор ду   в ай урокехь?

 

 

3.1алашо йовзийтар.

 

-Х1ун го шуна книгин 42-43 аг1онаш т1ехь?

-Х1ун 1амор ду  вай урокехь?

 

 

4.Керла тема хьехар.

А)МОтт шарбар.

 

Чехкаалар

Хутал хецна хорбаз, бух кА юххехь беха пха.

Б)аз а элп а Хх довзийтар.

-Х1ара х1ун ю?(хорбаз)

-Муьлха аз хеза даша юьххьехь?(Х)

-Алал(ХХХХ)

-Аз (Х) мукъа ду , я мукъаза ду?

-Х1ара зорбанан доккха элп Х ду, х1ара зорбана жима элп х ду?

-Стенах тер аду элп Х?Х1оттаде сирнакашца.

-Маса дешдакъа ду хорбаз дешан?

-Х1ара х1ун ю?(маха?

-Маха дашехь мича меттехь ду  аз (Х)?

-Схеми т1ехь х1ун бос бу  цуьнан?

-Х1ара х1ун  ю?(хох)

-Маса аз (Х) ду  хох дашехь?

·        Элп Хх таллар.

ЭлпХ

Стенах тера ду элп?

Берийн ловзориг -

Дечкан хьийзариг.

 X шех хилла и

Мохо хьийзориг.

Угазлакх яц, газа а яц,

Malaш 1уьттушсо ма яц.

Карахь дечиг латтайо,

Дикка хьажа: X ду со.

 

Фонетически зарядка

Цхьаболчу наха наб муха йо? («Хар-хар-хар»)

 

В)Дешдакъош дешар.

Хьехархочо д1агойту элп х.Цунна улло мукъа элпаш х1иттош д1адоьшуьйту.

ХХАА
ХХОО
ХХУУ
ХХИИ

Хьехархочо д1агойту  мукъа элпаш.Царна улло элп Х  х1оттош д1адоьшуьйту

ААХХ
ООХХ
УУХХ
ИИХХ

Таблицичуьра дешдакъош дешар.

Г)Дешнаш дешар.

Д)дешнаш кхолла.

-Д1адеша хьалхара дакъа

-Си.

-Т1етоха таблицехь хьалха долу дешдакъа.

ХА.

-Муьлха дош хили?(СИ-ХА)

-Юха шолг1 дешдакъа т1етоха?

-СИ-РА.

-Муьлха дош хили?(СИ-РА)

-Сира бохучух муху кхета  шу?

-Сира бос бу, сира дин.

(Иштта толу важа дешнаш)

5.Сада1аран миноташ.

6.Керла тема кхин д1а а хьехар

А)Предложенеш ешар.

-Д1аеша  хьалхара предложении.маса дашах лаьтта и педложени.Дерриге дешнаш дуй  д1аяздина?Муьлха дош  т1етухур дара вай?

Б)Дешнаш дешар.

-Д1адеша  хьалхара дош.Мила ву Хасу к1ант?

_Шолг1а дош муьлханиг хир дув ай уига н диллича?(Насу)

-Хало дашехь  х элпан метана  х1ун элп дуьллур дара аш?(М).

-Руми дашехь Р  меттана  муьлха элп дуьллар дара?(А)

В)Предложенеш х1иттор.

-Мила ву суьрта т1ехь гуш? (Хасу, Ахлу)

-Хьенан бу к хор?(Хасун).

-Цо и хьанна бели?

-Хьан х1оттор  яра  предложении?

_Хасун кхор бу. Цо кхор Ахлуна бели.

7.Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

-Х1ун ду  шу ца кхеттарг?