Дог 1овжийна дахар.
Дерачу д1аьндарго
Мерцича кийра,
Хьан кийра вог1у со,
Д1аэца, Латта..
-Ма шога а, хала а ду муьлхачу вайнеха ненан некъаш ,- бохуш ойла йора Маретас. Х1инца, кху т1ейог1учу б1аьстено хаздеш долу 1аламца марзо яцара цуьнан.
Марзо а, безам а, ца биснера цуьнан дагчохь а, дахарца а. Уьш, урс хьакхча санна, хеддера цунах х1инцачулла кхошо хьалха. Амма, тахана санна, лаьтта и де б1аьргаш дуьхьал а, дагчохь а.
Хаза де дара иза. Б1аьсте,шен Дала еллачу хана сихъеллера адаман шеен хазалла гайта,1аламан марзо эцийта адамашка. Марет, хьехархойн курсашкахь яра цу дийнах. Лекцеш чекхйойлира, амма, Марет сингаттаме яра. Цуьнан ойла кхечанхьахула лелаш яра.
Х1ун дара ца хаьа,ц1а кхача сиха яра цуьнан ойла.
Ненан даго дуккха а ойланаш кегайора. Массане ду, дахарехь ненан бен ойлаца ца лаьтташ хьашташ.
Доьзална пхор кечдеш йоллуш, уьйт1ахь машен сецира, Маретан дог марса делира, чувеанчу доьзалан дас сихо йира , юьрта кхача деза аьлла.
Х1ун дара ца хаа, Маретан кийра сийна ц1е летира. Детта доладелира ненан дог, диканиг ца хьохура цо, вониг хьалхатоьттура ойланаш.. Шайт1ано диканиг ма ца хьоху. Марзхойн уьт1ахь сецира машен. Х1умма а дацара уьйт1ахь, ойла мелла а лахъелира. Шен да а, нана а юьстаха даьккхира Маретан ц1ийндас. Г1у йистехь цхьаъ дуьйцуш лаьттара уьш.
-Дакъазама вала хьо, Жама, - аьлла елха йолаелира йоккха стаг. Иза яра Марета марнанна.
Юьстах лаьттачу Маретан са кхиира, иза кхийтира, цуьнан воккхах волчу, хьомечу Жамина цхаъ хиллий. Мохь тоьхна орца ала йиш йоцуш, мардех эхь хеташ, кийрахь къурдаш деш, йоьлхура Марет. Доккха пана дуьне т1екъал делира цунна, са к1антана х1ума хила йиш мА яц, дуьненчохь йоккхуш йолу хан цуьна доьхьа ма яьккхина, дог-ойли цуьнца бен ма яцара,- бохуш ойланаш кхайкха дора. Доьзалан юкъахь угаре хьоме а, къинхетаме а вара Джамалай. Маретан вас ца йора цо цкъа а. Даимма шен нена дог хьостуш, оьшучохь накъост волуш, дика к1ант вара иза. Цунна х1ума хила йиш яцара, амма хила даьлларг, ма дара ца хаара Маретан. Т1аьхьа мел хилларг г1енаха санна, дуьхьал лаьтта цунна.
К1ант веллера… Тезет х1оьттира инзаре доккха. Наха ч1ог1а тоьшал дора Джамалайна. Г1иллакхца а, оьздангаллица а вара бохуш. Шайн-шайна г1уллакх динера, ларамца вара, къамел оьзда дара,-бохура цара. Доьналла а, къонахалла а, стогалла а долуш хилла,- олуш тоьшалла дора наха.
Г1ийла 1ара к1ант вела нана…
Цунна дуьхьал х1уьттура бес-бесара суьрташ. Ша к1ант кхиор, цуьна доьхьа дахарехь лайнахало а , бала а . Дерриге д1аделира цхьана дийнахь.
Схьаоьхучу зударш дуьйцура кхуьнан к1антах лаьцна, цуьнан оьзда г1иллакхаш. Маретана ца хаара нахана шен к1ант оццул вевзаш хиллий.
Дуккха а наной гора Маретана тезетахь, уьш бара к1ентийн бела наной.
-Х1ун аьлла хьаста оха хьан доьлху дог?- олий бистхуьлура Маретан йижарий.
-Хьоьца нисса бала бу тхойгахь, дегнаш доьлхуш ду тхан. Везчу Делекъинхетам боьху оха хьан к1антана. Маретан ойланаш яра дукха челакха,бес-бесара яьржина. Дуьненчохь яккхайисинчу хенах, х1ун дора цо кху дахарех , х1ун дог-ойла хила езара цуьнан коьртехь?
Хуур дацара иза, шен т1ех1оттича бен. Мостаг1чун боьхура бацара Марета и шеен беана сингаттам. Бехкечун дала та1зар ду шен, цунна бан безачу аг1ор бекхам бу шен,- аьлла веза хинволчу Далла.
Коьртехь лаьттара шога ойланаш:
-Ма к1езиг хан ехна хилла-кх сан к1анта дуьненчохь яккха.
-Ма к1езиг хьистинера ас хьо, ма к1езиг марзо эцнера вай вовшеха.
-Х1ун безам хила т1ехьа, хьан жимчу дагчохь?
…Безамо 1ейхийнаа, дахаран хазаллех 1ехавелла а, ца виси-кха хьо кху дуьненчохь. Дахаран некъаш доца хила хьан. Рицкъана белхаш бу олий, дерзадо и х1ума.
-Х1ун баланаш, ойланаш хила техьа, йийца йиш йоцуш, хьан жимчу коьртехь?...
-Хьо винчу хьай нене, х1ун ца делхийна ахь хьайн жима, къона дог?
-Стенна ойла йина техьа ахь ,хьайн жима дог детталучара соцуш? Хьайн 1аьржа хаза б1аьргаш чохь т1аьххьара 1аламан сурт дуьсуш?
Хьо винчу хьайн ненан ойла ца йикха ахь. Сингаттаме дуьне даа стена йитина ахь со?
Дуккха а дагахь баланаш бити-кха ахь, хьайн ненан дагахь, - бохуш йоьлхура Марет.
Дуьненчохь д1а-м лелара ю , амма дог доьлхуш, кийрахь летта марса ц1е лаг1ъелла, дог дика хилла лелар яц. Ойланаш охьате1айора Марет, дуьненан къахьалла кхеттера цуьнан дахарех.
Везчу Деле шен, иманчохь собар доьхура цо. Хаара цунна ,ша хьекъалах талхахь шех бала хир болий шен нанна а, йижиршна а, марзхошна а. Тиларчу яххала беза бара т1ебеана сингаттам. Кхи а доьзалш бара Марета, амма, Джамалай меттиг д1алаца а, иза санна, цуьнга кхача а цхьа а вацара. Ненан ойланаш гулцалора, х1у а дича, паналле яьржинера уьш.
Х1ун дича хьостура дара массо а наной дегнаш? К1ентий белла наной, шу мог1арехь г1улчаш яха дизи-кх сан а.
Ма ховха, лерина лелош кхиийнера шу шайн наноша.
Оьздангаллийн, г1иллакхийн, стогаллийн некъаш довзийтинера шуна нанош.
Мехкан доьхьа, къоман доьхьа шайн синош ца кхоадинера аш.
К1ант вела нана, ца моьттура хьуна, к1ант воцуш хо ехар .? Везчу Дала собар дели-кх, цо мела делларг дика дукха, шеен къинхетам бойла цо мел кхелхинчу бусулба к1антах, иманехь собар лойла цо массо а нанна…..
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.