Урок № 11
Класс – 8
Терахь ______
Хьехархо:
Тема: Меттан оьздангалла. Пхьоьха.
1алашо: берашца «элий», «нах» - бохучу кхетамах лаьцна 1амийнарг
т1еч1аг1дар; меттан оьздангаллех юкъара кхетам балар;
пхьоьг1анахь лело деза г1иллакхаш довзийтар; вайнехан
г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна бовзийтар;
къоман г1иллакхехь къона 1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: : «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»
«Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш».
Урокан некъ
I. Догдаийтаран мур
Г1иллакхе, оьзда бу
Доттаг1чуьнга буьйцуш,
Мостаг1чуьнга вистхуьлуш
Ду ира герз.
Хьомечу езаре
Безам ахь буьйцуш,
Бека и шех хуьлий
Хьан деган мерз.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур.
- Оьздангалле, синкхетаме хьаьжжина маса декъе декъало адамаш?
- Муьлш бог1у нахана юкъа?
- Х1ораннах а лаций юкъара кхетам ло.
- Лай маса декъе бекъало? - 1уьт1а, харданг, божа – х1ун эр дара аш царах лаьцна?
III. Керла тема: Меттан оьздангалла. Пхьоьха.
Х1ора стеган шен-шен хила деза дош а, мотт а; х1оранна а хаа деза ша х1ун дийца деза а. Товш дац, оьзда а дац зудчо къонахчун мотт буьйцуш, я боьршачу стага «зударийн мотт» буьйцуш; бераша «къена» къамелаш дийцар, я къеначара «бераша а ца дуьцург» дийцар. Х1ораннан шен меттиг а, шен мотт а, шен хаарш а хила деза. Уьш кегадалар – халкъана т1е бохам бог1уш хиларан билгало ю.
Х1ора юьртахь шен билгалйина меттиг а йолуш, х1уттуш хилла хьалха заманахь пхьоьха. Иза ша тайпа кхетош-кхиоран ишкол хилла, керла х1умнаш, хилларш, лелларш хаза йиш йолуш меттиг а хилла. Оцу пхьоьханашкахь дешан хьалхе, гуттар а санна, баккхийчаьргахь хилла; цара кегийчарна пайде дерг а, кхетаме дерг а дуьйцуш а хилла. Зударий пхьоьг1ана бог1уш а ца хилла, ша цхьа кхерам т1ех1оьттича, орца даккха ца баг1ахь.
Дешнаш т1ехь болх:
Пхьоьха - ша тайпа кхетош-кхиоран ишкол; керла х1умнаш, хилларш, лелларш хаза йиш йолуш меттиг.
IV. 1амийнарг т1еч1аг1дар
- Х1ун эр дара аш меттан оьздангаллех лаьцна?
- «Пхьоьха» - бохучу дашах муха кхета шу?
- Стенах лаьцна дуьйцуш хилла пхьоьханахь?
- Х1ун пайда оьцуш хилла пхьоьханах кегийрхоша?
- Х1ун башхалла ю хьалхалера, таханлера пхьоьхана юккъехь?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.