Этика 9 класс. Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.
Оценка 5

Этика 9 класс. Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.

Оценка 5
doc
15.05.2021
Этика 9 класс. Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.
1-й урок Доьзал - бохучу дешан кхетаман маь1на.doc

                                                        Урок № 1    

                                                                                                                                          

                 Класс – 9

               Терахь ______

                    Тема: «Доьзал» бохучу дешан кхетаман маь1на.

 

         1алашо: берашна нохчийн г1иллакх-оьздангалла урокан 1алашо

                          йовзийтар; царна  доьзалх болу юкъара кхетам балар; нохчийн

                          къоман г1иллакхаш, оьздангаллин барамаш дешархошна

                          бовзийтар; къоман г1иллакхехь къона   т1ехье кхиор.

 

         Урокан г1ирс: «Нохчийн г1иллакх-оьздангалла»,

                                 «Г1иллакхийн хазна – ирсан некъаш»

 

                                               Урокан некъ

 

          I Догдаийтаран мур

 

Дахаран къайленаш йостуш ду дкшар

Массарна хууш ду и ч1ог1а иэшар,

Цундела, иэшаеш массо а хало,

Ахь 1илма 1аморехь ма елахь мало.

 

         II Нохчийн г1иллакх-оьздангалла хьехаран уроках лаьцна кхетам балар.

 

- Этика урокашкахь айса шарахь хьоьхур дерг берашна доцца довзуьйту. Бовзуьйту урокана оьшу г1ирс.

 

III Керла тема:  «Доьзал» - бохучу дешан кхетаман маь1на.

 

     - «Доьзал» - дешан маь1на дан г1оьртича, гучудолу иза «доь» бохучу орамах хилар. «Доь» - шен маь1ница «х1у» дашна гергахь ду. Доьзал – и доь (х1у) хилар, доь долор ду. Доьзал – иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма-бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а, вовшахкхетар ду. Нохчийн 1адатехь доьзал – да, нана, бераш хилла ца 1а. Доьзал – иза да, нана, бераш, церан деда, денана, дейижарий, девежарий, цаьрца цхьаьна тховк1елахь, я кертахь 1аш болу чоьхьара  кхин гергара нах а бу. Доьзал – массо декъашхо меттахь волуш, буьззина а, буьззина боцуш а хила тарло. Доьзал кхоллар а, иза кхетош-кхиор а стагана дахарехь т1ех1уьттучу зерех уггаре коьртачарех цхьаъ ду, х1унда аьлча, Дала боху Шен сийлахьчу Къуръан чохь: Ша адаме хаттам бийр болуш кхо х1ума ду: адамах шех, цуьнан доьзалх, цуьнан даьхнех. Цундела шен доьзал дас, я нанас охьатасар, я к1еззиг х1ума бахьанехь вовшех а къаьстина, шайн берийн дахар дакъаздаккхар доккха къа ду. Доьзал – иза шина аг1ор жоьпалла ду: ден, ненан – берашна хьалха, берийн – дений, нанний хьалха.

                          Дешнаш т1ехь болх:

 

Доь  долор– х1у долор

Доьзал - иза боьрший, стей ши адам дино а, шен къоман 1адато а ма-бохху, цхьаьна даха а, шайн т1аьхье йоло а, вовшахкхетар ду.

 

         I V  1амийнарг т1еч1аг1дар

 

- «Доьзал» - бохучу дашах кхетам ло.

- «Доьзал – шина аг1ор жоьпалла» - бохучун маь1на хьан дийр дара аш?

- Муха хуьлу доьзал?

- «Доьзалан корта – да» - маь1на де цу дешнийн.

- Маса стаг ву шун доьзалехь?

- Стенах олу доьзал? Муха хуьлу иза? (буьззина…)

 

         V Урокан жам1 дар.

 

- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;

 

VI Рефлексин мур

 

-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?

-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?

 

VII Ц1ахь бан болх: язйинарг схьайийца, доьзалх лаьцна кицанаш, дийцарш.

 

 

 

 


Урок № 1

Урок № 1

Дешнаш т1ехь болх: Доь долор– х1у долор

Дешнаш т1ехь болх: Доь долор– х1у долор
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
15.05.2021