Горга оьшна «Кегирхой а, къоман ламасташ а».
Оценка 4.6

Горга оьшна «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Оценка 4.6
docx
21.01.2020
Горга оьшна  «Кегирхой а, къоман ламасташ а».
Горга оьшна.docx

 

Соьлжан к1оштан

Ассиновски юккъера школа№2

 

 

 

 

 

Горга оьшна

 «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

 

 

 

 

 

 

 

 

                                                Кечйинарг:  хьехархо Гансуева М.Р.

 

Горга оьшна

 Коьчал: «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

 

 1алашо: Кегирхойн дог – ойла ц1ена хила езар гайтар.

                Къоман ламасташ хаар, т1еч1аг1дар.

                Церан мехалла, дозалла гайтар. Кхетош – кхиоран

                болх кхочушбар.

 

Г1ирс: Презентации гайтар. Музыкальни композиции ладог1ар.

 

1.     Цхьанакхетар  Горга оьшна д1аяхьар.

  Де дика хуьлда  хьеший  хьехархой, дешархой.

Тахана вайн цхьанакхетарехь дуьйцур ду вайн къоман ламасташ. Цхьаболчарна хууш хир дац и ламаст боху дош, цуьнан маь1на а.

Ламаст бохург – традиции, обычаи бохург ду, муьлххачу а къоман.  Кхидолчу къаьмнийн санна, вай къоман ду вайн 1адаташца доьзна ламасташ. Вайн дахарехь вайна юххехь лелаш ду уьш. Цхьаболчара атта лела до уьш, башха ницкъ ца беш шайна. Муьллха а ламаст лела хаа деза, цуьнан маь1на ца хиъча иза  лелор пайдехь ца хуьлу. Доьзалехь къаной болчахь ламасташ лардар,  леладар, церан дозалла хаар алсам хуьлу, пайдехь хуьлу.

Адамаша шаьш къастадо уьш. Дош ло вай дешархошка.

  - Муьлха ламасташ девза шуна?

Ø Коьрта къоман сий лардар.

Ø Ден а, ненан а сий дар, ларам хилар.

Ø Коьрта ду , деца йолу юкъаметтиг, ненаца лелор ду. Ялсамане ненан когашкахь ю олуш ду. Нанна вас яра доккха къа лору. Наной ларбар, кхинхетаме хилар, вай коьрта 1алашо хила еза.

Ø Ладугур  ду  нанна лерина байташка:

Челакха ойланаш

 

 Челакха ойланаш хьан коьрта хьийза

Шерашна къона ю,  сан хьоме нана

Къежбелла хьан  корта, г1айг1ано базби

Х1ун дина дог хьаста, хьомсара нана?

 

Х1ай доьзал,  ма  тийса ца оьша бала

Ницкъ кхочур буй теша уьш  дерриш ла

Заманан парг1атон  кхачийта дакъа

Шаьш динчу, оьздачу   хьомсара нанна

 

Аганан иллица оьздалла юьйцуш,

Дахаран некъаца стогалла хьехош,

Духарца оьзда  а , эхь – бехк а лоруш,

Х1ун дина дог хьаста, хьомсара нана?

 

Хьай доьзал,  сий деша хьомсара ненан

Алийша дог хьостуш, цхьа хаза дешнаш,

Мерза стом бу шуна, вай дина наной

Ларамца сий деша, хьомсара ненан.

 

Шераш ма д1ауьду, хьомсара нана,

Кошан барз д1ах1оьтти, со вина нана

Х1ун дина къинтера яккха хьо еза,

Челакха ойланаш сан коьрта хьийза.

 

  - Стенна ларо деза уьш вайн дахарехь?

 - Вайн керла замано х1у гойту?

 - Ширделли - техьа уьш?

 

2.     Кхетош – кхиоран къамел дар.

Х1ораммо а шайн дог – ойла юьйцу. Презентации а толу.

 

}      Стагана оьздангалла, цуьнан бехкамаш, декхарш довзарх ца тоьа, цо уьш диллина а, дерриге дахарехь а кхочушдеш ца хилча.

 

}  Стеган  оьзда хила деза массо а х1ума: духар, вистхилар,

         дог- ойла а. Доккха маь1на гулдина цу дешнаш. Вайн

          къоман  ламасташ довзарх ца тоьа. Уьш лелош ца хилча.

}  Х1ан боху  1адаташ лардан  ца деза?

 

}  Муха кхоллабелла Къоьзан 1ам? (юьртахь бехаш болчу наха ламасташ  ларца дар, церан юкъаметтиг к1оршаме хилар, веана хьаша - да ца ларар.)

 

}  Къонахийн духар. Ларам гайтар.

 

Х1у гойту вайна х1окху къанойн суьрто?

Муха , муьлхачу рог1аллехь хойшина бу къаной?

Духар муха ду церан?

 

 Байташ.

Дала мел кхоьллинчу массо а х1уманна

 Шен шен мах хадийна Нисдина лаьтта.

 Дуьнена даьхнеха хьо эца г1артарх,

 Човхийна, хьаьстина хьо кхеро г1ертарх,

 Кхералур вац Къонаха Цхьа Дэла воцчух,

 Эца лур яц 1ожалла цхьанне а х1умах.

 

 Г1ийланиг чехавеш майралла гойтуш,

 Бахамо айвина хьо 1аркъал сеттарх,

 Нах безаш Г1иллакхе Оьзделца хьо вацахь,

 Майралла эшаеш хьуо Собар дацахь,

 Иманах дуьззина хьа кийрахь Дог дацахь,

 Йовр ю хьа майралла Сий Ларам боцуш.

 

}  Хенан терхеш.

Къано а, жималла а,  стенца ю церан башхаллаш? Юьхь – сибат  муха гайтина къаночун? Шераш, сингаттамаш, баланаш шайн ларш йитина  цуьнан юьхь т1ехь. Жималла – дахаран некъаш  долалуш бен дац. Юьхь – сибат ц1ена а, хаза а ду.

 

Горга оьшна «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна  «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна  «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна  «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна «Кегирхой а, къоман ламасташ а».

Горга оьшна  «Кегирхой а, къоман ламасташ а».
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.01.2020