Урок № 16
Класс – 7
Терахь ______
Хьехархо: Тема: Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.
1алашо: хьалха урокехь дийцаре дина берийн ловзарш, дагардарш
карладахар; берашна ламаз 1аморах, школе даха кечдарах
лаьцна довзийтар; Далла 1амал еш, ийман, ислам долуш, къоман
г1иллакхехь оьзда т1аьхье кхиор.
Урокан г1ирс: «Ламаз 1амор»
«Элчано элира»
Урокан некъ
I.Догдаийтаран мур
Хьо вацахь адамашна хьайн йовхо етташ,
Эрна ду жам1атехь ламазаш дар.
Халкъана, махкана лелахь пебетташ,
Хаалахь, боьха ю ахь юьту лар.
II. Дешархойн долчу хаарийн актуализации яран мур
- Хьан дуьйцур дара аш, муха ловзу галл-г1ожмех?
- Муха ловзуш хилла г1улгех?
- Коьлаках ловзар хьанна девза шуна?
- Кхин х1ун берийн ловзарш девза шуна?
- Дийца цу ловзарийн бакъонех, оьздангаллех лаций.
III. Керла тема. Берашна ламаз 1амор, школе даха кечдар.
План:
1. Урокан тема а, 1алашо а йовзийтар.
2. Ламаз дар – оьзда хиларан билгало.
3. «Ц1еналла – ах дин».
4. Адам къинойх ц1андийриг – ламаз.
5. Ламаз – динан шолг1а б1ог1ам.
6. Бераш школе даха кечдар.
Ламаз – динан шолг1а б1ог1ам бу; цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин а бух бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латтаво, цуьнан дог-ойла ц1анйо, иза къинойх ларво. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна. Делан Элчас аьлла: «Шуна хьалхахула охьадог1уш хи хилча, цу чохь дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш хир ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».
Дешнаш т1ехь болх:
Ламаз – динан шолг1а б1ог1ам бу; цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин а бух бу.
IV. Урокехь дийцинарг т1еч1аг1дар.
- Ламазах лаьцна х1ун дуьйцур дара аш?
- «Ц1еналла – ах дин ду» - бохучух муха кхета шу?
- Ламазо адам къинойх ц1андарх лаьцна хьан дуьйцур дара аш?
- Х1ун кечам бо бераша а, дай-наноша а школе дахарна?
- Цу хьокъехь берийн, дай-нанойн декхарх лаьцна х1ун хаьа шуна?
V. Урокан жам1 дар.
- Дешархойн хаарийн мах хадош, дика дакъалаьцнарш билгалбахар;
VI. Рефлексин мур
-Х1ун дара урокехь шуна дика хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь дика ца хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь атта хеттарг?
-Х1ун дара шуна урокехь хала хеттарг?
VII. Ц1ахь бан болх: язйинарг 1амо, кицанаш, дийцарш, аларш
Проверил: зам. дир. по УВР: _________/Р.И.Баматгериев/
Директор школы: ________/А.Р.Хусиев/
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.