«Къоллел хьекъал тоьлла » ц1е йолу туьйра. 4 класс

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация в СМИ для учителей

Публикация в СМИ для учителей

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 35.docx

Литературное чтение

Тема:

туьйра   кхин д1а довзийтар,нийса а ,кхеташ а туьйранаш деша 1амор.Нохчийн кхолларалле безам кхоллар.

   Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша  схьадуьйцу «Мара бойна Салман» ц1е йолу туьйранан 2- г1а дакъа.

2.1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана  доьшур ду  «Къоллел хьекъал тоьлла »  ц1е йолу туьйра.

3.Керла туьйра довзийтар.

  1.Хьехархочо д1адоьшу туьйра.

   2.Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Х1унда яхана хилла къолла мискачу стеган керта?

-Хьекъало х1ун хьехар дина мискачу стагана?

-Муха эккхийна воккхачу стага къоьлла?

-Мича йоьду къоьлла? Цигара хьан лоллу иза?

-Муха дакъа лоцу  дийнаташа , з1акардаьхнаша стаг хьалдолуш хилийтарехь?

-Х1ун ду туьйранан коьрта маь1на?(мало д1а а яьккхина хьанал къахьегча къоьлла хир яц)

-Дешар т1ехь ала мегар дуй хьекъало бохург?

4.Сада1аран миноташ.

5.Т1еч1аг1дар.

  1.Бераша д1адошу туьйра.

  2.Къастош ешар.

-Х1ун олу атто къоьлле? Д1аеша и меттиг.

-Х1ун олу уьстаг1о? Д1аеша.

-Х1ун олу газано?Г1езо? Котамша ?бедаша?

-Мало шойга г1ортинехьара аш х1ун эр дара?

6.Жам1 дар.

-Шуна хазахийтирий туьйра? Х1ун дара шуна гуттар хазделларг?

Ц1ахь: шера деша туьйра «Къоллел хьекъал тоьлла»,