Литературное чтение
Тема: «
1алашо: «Хьекъал долу йо1 ,кхиэлахо» ц1е йолу туьйра кхин д1а а довзийтар,нийса а ,кхеташ а туьйранаш деша 1амор.Нохчийн кхолларалле безам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша схьадуьйцу «Къоьллел хьекъал тоьлла» ц1е йолу туьйра.
2.1алашо йовзийтар.
-Вай тахана д1адоьшур ду «Къоьллел хьекъал тоьлла» ц1е йолчу туьйранан 3-г1а дакъа.
3.Керла туьйра довзийтар.
1.Хьехархочо д1адоьшу туьйранан 3-г1а дакъа.
2.Дошам
Овкъарш-дечиг дагийча бухахь юьсу х1ума,
3. Чулацамах къамел дар.
-Муха ц1а кхечира миск стаг?Цо стенан ойла йора?Хьаьнга дуьцу цо шена т1едиллинарг?
-Йо1а х1ун олу шен дега?Муха йоьду иза кхиэлахо волчу?Х1ун дира йо1а хьозанна?
-Х1ун хаьттира кхиэлахочо йо1е?Ткъа йо1а?
-Йо1а кхиэлахочуьнга юха х1унда дуьйцуьйту ша т1едиллинарг?
-Х1ун олу цуьнан жоьпана кхиэлахочо?
-Х1ун 1оттар йо йо1а кхиэлахочунна?
4.Сада1аран миноташ.
5.Бераша д1адоьшу туьйра.
-Дахарехь хила тарлой ишттаниг?Ахь х1ун эр дара совдегаре?Кхиэлахочуьнга?
-Х1унда дара кхиэлахочунна бакъ луьйш верг каро хала?
6.Къастош ешар.
-Муха яхара йо1 кхиэлахо волчу? Д1аеша и кийсак.
-Х1ун дара йо1ана кхиэлахочо т1едиллинарг? Д1адеша.
-Ян мА йола , ца йог1уш мА 1е аьлча х1ун дийр дара боху йо1а ша?Д1адеша.
-Муха кхиийна боху йо1а ша? Д1абеша и мог1анаш?
7.Жам1 дар.
-Х1ун дара шуна гуттар а хазделларг?
Ц1ахь: дагахь 1амо «Къоьллел хьекъал тоьлла» ц1е йолчу туьйранан 3-г1а дакъа.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.