Конспект. "Гуьйре т1екхочуш"
Оценка 4.9

Конспект. "Гуьйре т1екхочуш"

Оценка 4.9
docx
05.02.2024
Конспект. "Гуьйре т1екхочуш"
Урок 10. Гуьйре т1екхочуш. Хь Хасаев..docx

Нохчийн литература

Тема : дийцар «Гуьйре т1екхочуш» Хь. Хасаев.

1алашо : Хь. Хасаевн керла дийцар « Гуьйре юлуш» берашна довзийтар ; нийса а , шера  а кхеташ а дийцаран  тексташ еша 1амор . Ойлаяр , тидамбар кхиор. 1аламе безам кхоллар , цуьнан доладан лаам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна  1емар ду  дийцаран тексташ  меллаша ешарна т1ера  ч1ог1а ешара боьрзуш  еша ; берашна 1емар ду предложенин чаккхе  соцунг1а ярца дилгалъяккха. Берашна 1емар ду  дийцаран текстахь буьйцучу матах кхета , цхьацца долу  аларш талла.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша схьайуьйцу  Х.Эдиловн « Гуьйре» ц1е йолу  стихотворении.

2. Мотт шарбар.

Суна- 1ежаш,

Хьуна- кхораш,

Кхунна- баьллаш

Цунна- хьечаш  ,

Т1аьхьависнарг

Мила ву?

Цо б1аьргаш

Д1ахьаббийр бу?

-Д1аеша меллеша цхьанаэшарехь масса ра цхьана.

Д1аеша  ч1ог1а цхьанаэшарехь.

-Д1аеша  массара чехка.

-Д1аеша  кхетош.

3. 1алашо  йовзийтар.

-Муьлха дийцар  девзар ду вайна тахана? ( Гуьйре т1екхочуш)

-Мила ву  цуьнан автор ?(Хь Хасаев)

-Х1ун болх бийр бу вай  дийцар  1амош?

Суна девзар ду керла дийцар

Суна вевзар ву цуьнан автор..

Суна 1емар ду…

Суна хуур ду.

-Бераш , вайна тахана девзар ду керла дийцар «Гуьйре т1екхочуш», цуьнан  автор. Вай 1амор ду нийса а кхеташ а , шера а еша. Вай 1амор ду  дийцарна юккъара  цхьацца аларш талла.

4.Керла тема хьехар.

а) Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн керла дийцар «Гуьйре т1екхочуш»

Аь) Чулацамах къамел дар.

-Шеран муьлха  зама ю дийцар т1ехь ялийнарг? (Гуьйре)

-Муьлш бара гуьйренна кечам беш ? (Мангалхой)

-Муха хуьлура аьхка Орга? (Букъарш санна дуькъа)

-Х1инца муха дог1ура орга? (Иза дистинчура чудоьжнера)

- «Дистинчура чудоьжна» бохучух муха кхета шу? ( Органан  хи лахделира)

-Х1ун до г1арг1улеша ? (Уьш маьхьарца д1айоьлху)

-Халкъан муьлха алар ду  цу т1ехь далийна ? (« Малх ц1а кхочу»)

-Х1ун хаьа шуна « Малх ц1а кхачарх» ? (Иза гуьйре юлу зама ю)

-Стено хаам бо малх ц1акхаьчнийла, гуьйренан хьалхара де дуй? (Балгаша , цара еллаяла юьйлало 23 чу сентябрехь  балгийн заза мажло. Цу дийнахь ц1а кхочу малх)

Дошам

Жут- гарг1улин тоба.

Динберг- бецан тоба

Кесарш- йол асанашца охьайиллар.

Ха хорцуш-  д1адоьду меттиг хуьйцуш.

5.Сада1аран миноташ.

6. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша цхьанаэшарехь д1адоьшу дийцар массара цхьана.

аь) Бераша меллаша д1адоьшу дийцар цхьана.

б) Бераша  ч1ог1а д1адоьшу  дийцар.

в) Къастош ешар.

-Муха кечамбо мангалхоша? Д1аеша и к1айдарг.

-Муха хийцамаш хуьлу Органан  гуьйранна? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху г1арг1улех  лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Д1ун боху динбергах  лаьцна ? Д1аеша и меттиг.

г) Сурташ дахкар.

(Бераша дохку  шайна хазеллачу к1айдаргана)

7.Рефлекси.

Х1ун керланиг 1емира шуна  урокехь? Х1ун дан  кечам бара шун ? Х1ун дан ницкъ  кхечира вай ? Х1ун диси даза?

8.Жам1 дар.

-Муьлха произнведении евзира вайна ?

-Муьлха ву цуьнан автор ?

-Кхин муьлха произведенеш евза шуна Хь Хасаевн ?

-Стенах лаьцна ю уьш?

9.Ц1ера болх балар.

Шера д1адеша Хь Хасаевн « Гуьйре юлуш» дийцар..


 

Нохчийн литература Тема : дийцар «Гуьйре т1екхочуш»

Нохчийн литература Тема : дийцар «Гуьйре т1екхочуш»

Мила ву цуьнан автор ?(Хь Хасаев) -Х1ун болх бийр бу вай дийцар 1амош?

Мила ву цуьнан автор ?(Хь Хасаев) -Х1ун болх бийр бу вай дийцар 1амош?

Динберг- бецан тоба Кесарш- йол асанашца охьайиллар

Динберг- бецан тоба Кесарш- йол асанашца охьайиллар
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.02.2024