Конспект. Хь. Хасаев "Комаьрша хьун"
Оценка 4.7

Конспект. Хь. Хасаев "Комаьрша хьун"

Оценка 4.7
docx
05.02.2024
Конспект. Хь. Хасаев "Комаьрша хьун"
Урок 8 .Комаьрша хьун Хь Хасаев..docx

Нохчийн литература ( Аг1о 13-14)

Тема: дийцар  «Комаьрша хьун» Хь. Хасаев.

1алашо : Хь Хасаев дахар кхолларалла, дийцар « Комаьрша хьун довзийтар». Нийса а , кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша  1амор. Ойлаяр, тидам бар кхиор. Ойлаяр тидамбар кхиор. 1аламе безам, цуьнан доладан лаам  кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду  дийцаран тексташ  шера хезаш еша т1аьхь – т1аьхьа ша-шена  ешаре  а боьрзуш ; берашна хуур ду  шаьш ешначух кхета , шайна хетарг  ала  ешначух лаьцна .Берашна хуур ду дийцарна  юкъара , хьехархочун т1едилларца оьшу  к1айдарг каро. Берашна хуур ду  шайн белхан план х1отто , цу планан рог1аллехь болх бан.

Урок д1аяхьар.

1.     Ц1ера болх таллар.

Бераша  схьайуьйцу  Ж.Махмаевн « Мангалгомарш» ц1е йолу стихотворении.

2.Мотт шарбар.

Мангал , беллий , шадий ,лом

Лаьцнехь мекхо кхиац стом.

Стом ца кхиъча хилац сом ,

Сом ца хилса кийчча т1ом,

Т1амо бухатуху т1ом,

И ца безахь даккха сом,

Дезахь сом , ахьа кхиабе  стом,

Эшахь стом ахьа ларде лом.

 

-Д1аеша байн  меллеша массара цхьанаэшарехь.

-Д1аеша хезаш.

-Д1аеша  къастош.

-Муьлха  рифмаш ю  стихотворенехь ?( Лом, сом , Стом, т1ом )

3. Керла тема хьехар.

а) Яздархочух дош. (Юххедиллар)

аь) Хьехархочо д1адоьшу дийцар.

   -Муьлха дешнаш дара  шуна  ца  девзаш?

 Б1алг1а- б1ара т1ехь хуьлу  чкъуьйриг.

Корсам- дитта т1ехь хуьлу баьццара , куй сана х1ума.

Хьаьрмак – хьорамаш (шиповник)

Наркаш- облепиха

-Стенах лаьцна ду  дийцар? (Хьуьнах)

-Х1ун къайленаш ю хьуьнан? (Стоьмаш , ц1азамаш ,кхачанан , дарбанан ораматаш)

-Уьш маца гучуйовлу? (Гурахь)

-Корсам гиний шуна ?

-Иза  муха хуьлу?  (Баьццара  бос болуш , куй сана  хуьлу , т1ехь горга  х1умнаш йолуш)

Муьлхачу  экхано  дуу  уьш?

-Муха хуьлу б1араш ? (Ц1ен бос болуш хуьлу , наггахь долчунна  т1ехь  б1алг1а  хуьлу)

-Уьш  муьлхачу экхано дуу? ( Тарсало)

-Муха хуьлу муьргаш? (Ц1ен йолуш , чомана  къаьхьа а йолуш)

-Муьлхачу  цамгарна дарба до муьргаша? (Йовхвршна дарба до)

-Муха хуьлу хьаьрмакаш? ( Ц1ен бос болуш , к1охцалаш долуш хуьлу  цуьнан колл)

-Стенна дарба ло  хьаьрмако?

-Муха хуьлу  наркаш? ( Можа )

-Х1ун до царех ? (Даьтта доккху , варении йо)

-Х1унда тиллина дийцарна  ц1е « Комаьрша хьун»?

(Хьуьно шортта пайде , дарбане  стоьмаш ло)

4. Сада1аран миноташ.

5. Керла тема  кхин д1а а хьехар.

а) Бераша  массара  цхьана  меллаша д1адоьшу дийцар « Комаьрша хьун»

аь) Бераша ч1ог1а  цхьанаэшарехь  д1адоьшу дийцар.

б) Къастош ешар.

-Хьун муха  хьахийна авторо ?  Д1аеша  к1айдарг.

-Муха хуьлу кхораш ? (Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун ю корсам?  Д1аеша к1айдарг.

-Муха хуьлу б1араш? Д1аеша к1айдарг.

-Муха хуьлу муьргаш? Д1аеша  к1айдарг.

-Муха хуьлу хьаьрмакаш ? Д1аеша к1айдарг.

Х1ун боху  наркех лаьцна ? Д1аеша к1айдарг.

в)  Суьрташ  дахкар.

-Бераш , аша  дахка хьуьнхахь хуьлучу  стоьмийн суьрташ.

6.Рефлекси.

-Х1ун дара шуна керла?

-Х1ун дара шуна  хазделларг?

-Х1ун  1еми шуна  урокехь?

7.Жам1 дар.

-Муьлха  дийцар дийшира вай ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Х1ун пайдениг  хии шуна?

8.Ц1ахь бан болх  таллар.

Шера д1адеша дийцар «Комаьрша хьун»  Хь. Хасаев.


 

Нохчийн литература ( Аг1о 13-14)

Нохчийн литература ( Аг1о 13-14)

Б1алг1а - б1ара т1ехь хуьлу чкъуьйриг

Б1алг1а - б1ара т1ехь хуьлу чкъуьйриг

Бераш , аша дахка хьуьнхахь хуьлучу стоьмийн суьрташ

Бераш , аша дахка хьуьнхахь хуьлучу стоьмийн суьрташ
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.02.2024