Конспект: "Оха болх а бо деша а доьшу " З. Муталибов.
Оценка 4.9

Конспект: "Оха болх а бо деша а доьшу " З. Муталибов.

Оценка 4.9
docx
05.02.2024
Конспект: "Оха болх а бо деша а доьшу " З. Муталибов.
Урок 6 Оха болх а бо деша а доьшу З. Муталибов..docx

Нохчийн литература

Тема: «Оха болх а бо, деша а доьшу» З. Муталибов.

1алашо : З.Муталибовн дахар, кхолларалла а, цуьнан дийцар «Оха болх а бо, деша а доьшу» довзийтар ; нийса  а  шера а  кхеташ а дийцаран  тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар кхиор .Къинхьегаме , дешаре безам кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна 1емар ду  дийцаран тексташ  шера хезаш еша т1аьхь – т1аьхьа ша-шена  ешаре  а боьрзуш ; берашна хуур ду  шаьш ешначух кхета , шайна хетарг  ала  ешначух лаьцна .Берашна хуур ду  шайн белхан план х1отто , цу планан рог1аллехь болх бан.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

 Бераша  д1адоьшу Д.Кагермановс яздина «Аьхке»  ц1е йолу дийцар.

2. Мотт шарбар.

-Д1аеша бай меллаша  дешдакъошца.

-Д1аеша  ч1ог1а  .

-Д1аеша кхеташ.

-Д1аеша байт . Муьлха  дог-ойла кхоллало шун и байт ешча?  (Самукъадолу)

3. 1алашо йовзийтар , белхан  план билгалъяккхар.

-Д1аелла  учебникан 11-12  аг1онаш.

-Муьлха дийцар  девзар ду вайна тахана?(«Оха болх а бо , деша а доьшу»)

-Мила ву цуьнан  автор? ( З.Муталибов)

-Х1ун болх бийр бу  аша  и дийцарах кхета , дика довза  1амо?

Суна  девзар ду  « Оха болх а  бо, деша а доьшу»  ц1е йолу дийцар.

Суна вевзар ву  дийцаран автор

Суна  1емар ду нийса а, шера а , кхеташ а текст еша.

Суна  1емар ду дийцан чулацамах кхета.

-Нийса боху. Вайна  тахана девзар ду  нохчийн г1араваьлла  яздархочо З .Муталибовс яздина « Оха болх а бо , деша а доьшу»  ц1е йолу дийцар. Шуна девзар ду  яздархочун дахар , кхолларалла. Вай  1амор ду  дийцаран план х1отто ,  цу планан рог1аллица  и дийцар схьадийца.

3.Керла тема хьехар.

а)  Яздархочух дош.  (Юххедиллар).

а)  Яздархочух дош.  (Юххедиллар).

Поэт, прозаик, гочдархо, фронтавик.

Поэт  Муталибов  Зайнди  вина  15 – чу  сентябрехь  1922  шарахь.

Нохчийн  лаьмнийн  исбаьхьчу  меттехь, Веданан  районерчу  Хоттаничохь  къехочун  доьзалехь, циггахь  бераллин  шераш  д1акхехьна  а  ву  Муталибов.  Цунна  гондахьа  ергерриге  а  яра  исбаьхьа  поэзи : керла  дахар  кхуллуш  дохку  ирсе  адамаш, дог  доккхадедеш  долу  лекха  лаьмнаш, ц1ена  х1уо, шийла  шовданаш, зезаган  аренаш, малхбасеш…Дуккха  а  иллешший, назманашший  Зайндина  дагахь  хаьара, хазчу  мукъамца  цо  уьш  д1а  а  олура.Муталибов  поэт – т1емало  вара. Цунна  дика  хаьара  т1амо  халкъана  мел  бакхий  бохамаш, зенаш  дора. Цо  шен  белшаш  т1ехь  лайна  Сийлахь  боккхачу  Даймехкан  т1еман  яккхий  халонаш. Т1ам  т1ехь  цунна  чевнаш  хуьлу, меженаш  г1арайо, амма  госпиталера  араволлушехь, юха  а  т1ом  беш  долчу  эскаран  хьалхарчу  могйарашгкахь  хуьлу  Зайнди.Дуккха  а  цо  язъина  стихаш  т1ехь  кхолладелла  иллеш  ду, масала:    «Дин  беллачу  дошлачун  илли», «Итт  минот», «Безаман  вальс», «Винчу  махкахь»  кхидерш. И  иллеш, эшарш  х1инца  вайн  халкъо  ч1ог1а  дезаш  т1еоьцуш  ду.

Муталибовн  стихаш  дахар  кхин  а  хаздо, г1о  деш  еха, уьш  поэтан  кхоллараллин  ойланаш  г1уьттучу, ч1аг1лучу, цара  шешан  некъ  д1аболочу  дахаран  бакъдолчун  орамийн  к1оргенашка  йоьлху, Муталибов  даима  а  вара  дахаран  халонашна  майрра  юкъавоьдуш

 

аь) Хьехархочо д1адоьшу  З. Муталибовс яздина  « Вай болх а бо , деша а доьшу»  ц1е йолу дийцар.

4.Сада1аран миноташ.

5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша  дешдакъошца  цхьана  эшарехь д1адоьшу дийцар.

аь) Бераша хезаш д1адоьшу  дийцар.

Б) Бераша меллаша д1адоьшу дийцар.

в) Чулацамах къамел дар.

-Х1ун дора  аьхкенан каникулашкахь бераша ? (Школан кха т1ехь белхаш бора)

-Х1ун йийра бераша хесахь? ( Копасташ , хохаш, наьрсаш)

-Стенна  кечам беш  яра  х1ора класс дешаран шо д1адолош? (Гайтамашна. Х1ора класс ше-шен болх д1агайта кечлуш яра)

-Муха бара хасстоьмаш ? (Дика)

-Бераша  муха лелийна уьш? ( Дика  лелийна)

-Муха хетта шуна  бераш ? ( Дика , къинхьегам безаш )

-Аша леладой ишттаниг ? Шаьш  буьйчу хасстоьмех лаций дийца.

г) Къастош ешар.

-Х1ун белхаш бора дераша  аьхка? Д1аеша к1айдарг.

-Х1ун боху  гайтамашна бераш кечбаларх? Д1аеша  к1айдарг.

-Муха дара  гайтамаш  хуьлучу дийнахь? Д1аеша и к1айдарг.

-Х1ун дийцира Ахьмада копастех лаьцна? Д1аеша к1айдарг.

-Муха  кхиинера Султанаг1ара наьрсаш? Д1аеша к1айдарг.

-Муха  помидораш  кхиинера вахаг1ара? Д1аеша к1айдарг.

-Муха хохаш кхиинера  Мусаг1ара ? Д1аеша к1айдарг.

-Стенах дозалла дора бераша? (Шайн балхах)

7.Рефлекси.

Х1ун керланиг  1емина шуна  урокехь.

Суна  девзина

Суна  1емина

Суна хии…
Суна карий…

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира аш?

-Мила ву цуьнан автор?

- Муха хетта шуна и дийцар ?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шера д1адеша дийцар « Оха болх а бо , деша а доьшу» З. Муталибов.


 

Нохчийн литература Тема: «Оха болх а бо, деша а доьшу»

Нохчийн литература Тема: «Оха болх а бо, деша а доьшу»

Х1ун болх бийр бу аша и дийцарах кхета , дика довза 1амо?

Х1ун болх бийр бу аша и дийцарах кхета , дика довза 1амо?

Безаман вальс», «Винчу махкахь» кхидерш

Безаман вальс», «Винчу махкахь» кхидерш

Муха дара гайтамаш хуьлучу дийнахь?

Муха дара гайтамаш хуьлучу дийнахь?
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.02.2024