Конспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар"
Оценка 4.8

Конспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар"

Оценка 4.8
docx
17.01.2024
Конспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар"
Конспект урока на тему "Элпаш Кх,кх яздар"
Конспект урока на тему Элпаш Кх,кх яздар.docx

12.01.2024

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха  а элпаш  кх , Кх».

1алашо: йозанан   жима а , доккха а элпаш  кх , Кх  довзийтар.  Элпаш кх , Кх  дешдакъошкахь а ,дешнашкахь а  яздан  1амор.

Урок  д1аяхьар.

1. Маршалла  хаттар.

2. Дешаре шовкъ  кхоллар.

·         Х1етал-метал.

-Бераш , вай долчу хьошалг1а деана  цхьа элп , шуна ша довзийта и д1алечкъина  х1етал-металехь. Муьлханиг ду хуур ду дика ладоьг1ча.

Ду со хьоме , ду со эсал,

Доьзалехь со оьшуш ду.

Нохчийн дешнаш

Кхокха , кхакха

Таллахь шуна а со карор ду.

Ала  бераш , дийца соьга

Муьлха элп ду схьадуьйцуш?

-Муьлха аз   ду КХОКХА , КХАКХА  аьлча хезаш дерг? (КХ),

-Муьлхачу элпашца билгалдо  аз (КХ) йозанехь? (Кх , кх элпашца).

-Даладе масалаш аз (КХ)  дешан юьххьехь долуш. (Кхор, кхаба, кхаллар).

-Даладе масалаш аз (КХ)  дешан юккъехь долуш. (Мекха , кхайкхам).

-Даладе масалаш аз (КХ)  дешан чаккхенгахь долуш. (Мекх , мукх , текх).

-Х1ун 1амор  ду   вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш ,х1ара х1ун ю? (Кхор).

-Таханалера  вайн т1едилларш ду  кхорашна  т1е яздина. Х1унда яздина  уьш кхорашна т1е? (Кхор аьлча хьалхахь хеза  аз (КХ). Х1ораммо шена баалур болччулла схьаэца кхораш. Билгалбаккха шаьш тахана бийр болу болх. Х1ун кхиамаш бохур бу  аша тахана?

-Вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх. Шуна 1емар ду  и элпаш ша-ша а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а кхечу элпех хоьттина  яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх   довзийтар , яздар.

·         Йозанан жима а , доккха а элпаш кх , Кх кх  довзийтар.

- Бераш , муьлха элпаш девзира вайна яханчу  урокехь? (Кх ,кх).

-Схьагайта  шайгарчу элпаш юккъехь  зорбанан  жима элп кх, доккха  элп  Кх.

-Хьанна девза  йозанан жима элп  кх? Схьагайта и. Йозанан доккха элп Кх? Схьагайта.

-И ши элп цхьатера ду  я тайп-тайпана ду? (Цхьатера ду)

-Элп Кх  яздеш  масса хьаьрках пайдаэцна? (Шина хьаьрках К, Х).

-Элп КХ   цхьалха ду  я шалха ду? (Шалха).

·         Фонетически зарядка.

-Могаш доцуш хилча, эсано йовхарш муха етта («Кхахь-кхахь-кхахь»)

-Муьлха аз хеза ? (Кх).

-Аз (Кх) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъаза).

·         Йозанан  жима элп кх  яздар.

(Хьехархочо  тептарш  т1ехь яздина хила деза элп кх. Уьн т1ехь а гойту элп  кх  муха яздан  деза).

кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх кх

-Д1аязде  и элпаш  .

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

·         Дешдакъохкахь  элп кх яздар.

Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь  элп кх, кхечу элпех муха хотта деза.

кха  кхо кху кхи кхе

-Д1адеша  дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Тидам бе , уггаре хаза  яздинчу  дешдакъошна  буха  сиз хьакха. 

5. Сада1аран миноташ.

6. Дешдакъошкахь  а , дешнашкахь  а  йозанан жима элп кх яздар.

·         Дешдакъойх дешнаш   х1иттор.

 (Хьехархочо уьн т1ехь гойту дешдакъошкахь элп кх кхечу элпех муха хотта   деза)

кха кхо кху кхи кхе

-Д1адеша  дешдакъош. Д1аязде уьш шайн тептарш т1е.

-Бераш, хьанна карор дара КХА дешдакъа хьалха долуш дош? (Кхаба).

-Дешдакъа КХО хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Кхор).

-Дешдакха КХУ хьалхахь долу дошхьанна карор дара? (Локхура).

-Дешдакъа  КХЕ  хьалхахь долу дош хьанна карор дара? (Кхес).        

·         Йозанан жима элп  кх  дешнашкахь яздар.

-Муьлха дешнаш дара вай  дийцинарш. Хьанна  хуур дара  уьн т1ехь д1аяздан дош КХАБА? КХОР ? ЛОКХУРА? КХЕС?

 Уьн т1е д1аяздо дешнаш.

Кхаба , кхор , локхура, кхес.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дош ду совнаха? (Берийн жоьпаш).

-Схьагайта суьрташна  юкъара кхор. Схьагайта кхаба,кхес . Х1ун ю уьш ? (Х1умнаш ю).

-Локхура  бохучу дашах муха кхета шу? Х1ун гойту  цу дашо? (Дар гойту).

-Х1унда ду ЛОКХУРА дош совнаха? (Цо дар билгалдо, дисинчу дешнаша х1уманаш билгалйо).

-Д1аязде  и дешнаш тептарш т1е.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Хьан бехи  кхораш.

·         Ловзар: «Дог1у дош ала!».

-Аса д1айоьшу кегий байташ , аша т1етоха маь1ница дог1у дош.

-Муьлха дешнаш карий вайна? Хьовса  аса уьш д1аяздина. Нийса  яздиний аса уьш ? Нисде г1алаташ.

(Хьехархочо карточка шло берашна).

·         КХОР дешан схема х1оттор.

-Х1ун яра аша  тахана гулъеш ерг? (Кхораш).

-Маса дешдакъа ду КХОР дешан? (Цхьаъ).

-Муьлханиг ду хьалхара аз? (Кх).

-Аз (Кх) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Муьлханиг ду шолг1а аз? (О).

-Аз (О) мукъа ду  я мукъаза ду? (Мукъа ду).

-Муьлханиг ду кхолг1а  аз? (Р).

-Аз (Р) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Маса элп ду КХОР дашехь? Маса аз ду? Маса еък1ов хила еза  схемин?

-Йилла и схема.

         Ц1

С

 

С

-Лаха  оцу схемина кхин дешнаш. (Мор, текх , мекх).

-Х1ун кхиамаш  бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзира шуна? (Йозанан жима а , доккха а элпаш кх, Кх).

-Кх элпо муьлха аз билгалдо? (Аз (Кх) билгалдо).

-Аз  (Кх)  мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

8. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? Муьлханаш бу уггара  ч1ог1а шу даккхийдеш берш? 

оха лаьаш?


 

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элпаш кх ,

Урокан ц1е: «Йозанан жима а , доккха а элпаш кх ,

Тидам бе , уггаре хаза яздинчу дешдакъошна буха сиз хьакха

Тидам бе , уггаре хаза яздинчу дешдакъошна буха сиз хьакха
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
17.01.2024