Конспект урока по чеченскому языку: "Аз а, элп а Жж"
Оценка 4.8

Конспект урока по чеченскому языку: "Аз а, элп а Жж"

Оценка 4.8
docx
22.04.2024
Конспект урока по чеченскому языку: "Аз а, элп а Жж"
dokument_microsoft___42___g___office_word.docx

Дешаран урок ()

Урокан ц1е: Аз а,элп а Гг(Г )

1алашонаш:

1.Предметни:Аз а, элп а Г  кхин д1а а довзийтар, мукъа за  хилар хаийтар, Г  элп  юкъадог1у дешнаш деша 1амор, предложенеш еша 1амор.

2.Метапредметни:

·        Регулитивни: шеен белхан план х1оттор, цу планаца болх бан хаар.Шена дан днлларг ган цуьнан бахьнех пайдаэцар,шена  ца дан  ца делларг  гар цуьнан бахьнаш довзар..

·        Познавательни:схеманашкахь мукъа а, мукъаза а аьзнаш ган хаар кхиор,предложенеш , дешнаш деша 1амор.

·        Коммуникативни:Хьехархочун хаттаршна жоп далар к х иор.Къамела юкъара  предложенеш  йовза  хаар. Ойлаяр , тидам бар кхиор.Дозуш долу къамел кхиор..Тобанашкахь болх  бар кхиор.

3.Личностни:1аламе  безам кхоллар 

Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар

 

Хина - т1ай, некъана - накъост. (Говр)

Ч1ерий ца лоыду, амма маша буцу. (Гезиг)

Маж ю, амма воккхастаг вац,

Ma1аш  ю, амма сту бац,

Узуш хуьлу, амма етт бац,

Дитта т1ера «ц1ока» йоккху,

Амма не1армачашца йо. (Газа)

 

Пенах кхозу, оллалой,

Т1еда мел верг вакъаво. (Гата)

 

Горгамна  юккъехь ерг х1ун ю? (Г)

 

К1айн-къорза и кхокха

Ц1ехьа схьабеа,

Дуьненахь хуьлург

Тхоьга схьадийца. (Газет)

 

Мотт бац, амма и хиллачохь

Дерриг бохург керланиг хуушхуьлу. (Газет)

-Х1ун керланиг 1амор  дув ай урокехь?

 

3.1алашо йовзийтар

 

-Муьлха элп девзар ду  вайна?

-Х1ара х1ун ю?(Дешдакъош)

-Царна х1ун дийр  ду  вай?(Дешдакъош  деша  1емар  ду)

-Х1ара х1ун  ю?(Дешнаш)

-Царна х1ун дийр  ду ?(Дешнаш деша  1емар  ду)

-Х1ара х1ун ю?(Дийцар деша  1емар ду)

-Х1ара х1ун ю?Цунна  хун дийр ду?(Х1етал- металш доьшур ду)

 

-Х1ун керланиг 1амор  дув ай урокехь?Х1оттае  план.

3.Керла тема хьехар.

А)Мотт шарбар.

 

Чехкааларш

 Гал - горга шога галнаш, гибар чохь гирда гарзанаш.

 

.Дешдакхошца екъа.

.Дуьххина дешнаш олуш еша.

 

Самукъане байташ

Х1ун ялх х1ума?

Х1ун ялх х1ума, дийцал схьа,

Кху дуьненахь хуьлуш  дац?

Стигла волуш ....(Лами)бац!

Лаьттан а   тухуш.... )дог1а)дац!

Х1орда т1ехула...(Т1ай)а дац!

Вертанан ши ...(Пхьош) а дац!

Маьждиган ...(туьнкалг) аяц!

К1 айчу басахь ...  (Гомаш)яц!

 

Б)Аз а, элп а Гг довзийтар.

-Х1ара х1ун ю?(Горгали)

-Горгали  дашехь дуьххьара муьлха аз хеза?(аз  г)

-(Г) мукъа ду , я мукъаза ду?Х1унда?

-(Г) зевне ду , я къора ду?

-Схеми т1ехь х1ун  бос  бу цуьнан?

-Х1ара х1ун ю?(Говр)

-Мича меттехь хеза  аз (г)?
-Маса дешдакъа ду  говр  дешан?

Х1ара  зорбанан  доккха элп Г  ду, х1ара зорбанан жима элп г ду.

·        Элп Г

 

Бац и мангал,

Диттан га.

Ду и - хьажал -

Доккха   Г.

 

·        Фонетически зарядка

 

Муха дека аьчкан ков т1е цхьа х1ума тоьхча? («Говв-говв-говв»)

 

В)Дешдакъош  дешар.

 

Хьехархочо элп  Г  д1агойту, цунна улло х1иттадо мукъа элпаш.Т1аккха (Г) олуш долийна  аз  ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.

ГГАА
ГГОО
ГГУУ
ГГИИ
ГГЕЕ

Хьехархочо мукъа  элпаш   д1агойту, царна улло х1оттадо элпа  Г .Т1аккха  мукъанаш  олуш долийна  аз  ца хадош д1адоьшуьйту дешдакъош.

ААГГ
ООГГ
УУГГ
ИИГГ

ЕЕГГ

-Х1инца шайн книги т1ера  д1адеша и дешдакъош.

Книги т1ера д1адоьшу дешдакъош.

В) Дешнаш дешар.

Г)Дешнийн лами.

Дешнаш кхолла, цхьацца элп т1е а тухуш, шина элпа т1ера д1адуьйлалой ворх1анга кхаччалц.

Га

ГАр

Гали

Гезиг

Гилани

Горгали

 

5.Сада1аран миноташ.

 

Физминот

Охьа а таь!на, хьаланисдала ца лууш долу элп Г гайта шена  олу хьехархочо берашка. Цхьаъ - шиъ - кхоъ аьлча, охьа а таь1ий,

Куьйгаш  хьалха дохуьйту, диъ - пхиъ аьлча, иштта лаьтта, меттах

ца хьовш, ялх - ворх1 - барх1 аьлча, хьала а нислой, д1ах1уьтту.

(Х1араупражнени кхузза кхочушйо меллаша)

 

6.Керла тема кхин д1а  хьехар.

А)Дийцар дешар.

--Хьанна дукхаеза  говраш?

-цо х1ун кхобура?

-Хьамзата х1ун дора царна?

-Цо царна х1ун лора?

-Муха кхиира  Хьамзатан говраш?

-Муха к1ант ву хьамзат?

 

Б)Тобанашкахь болх.

 

1.Х1етал-метал(аг1о85)

2.Дашна юккъехь дош караде( аг1о 85)

6.Рефлекси.

 

-Муьлха элп девзи шуна кху  урокехь?

-Х1ун керланиг 1еми шуна?

 


 

Дешаран урок () Урокан ц1е: Аз а,элп а

Дешаран урок () Урокан ц1е: Аз а,элп а

Дуьненахь хуьлург Тхоьга схьадийца

Дуьненахь хуьлург Тхоьга схьадийца

Г) мукъа ду , я мукъаза ду?Х1унда? -(Г) зевне ду , я къора ду? -Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан? -Х1ара х1ун ю?(Говр) -Мича меттехь…

Г) мукъа ду , я мукъаза ду?Х1унда? -(Г) зевне ду , я къора ду? -Схеми т1ехь х1ун бос бу цуьнан? -Х1ара х1ун ю?(Говр) -Мича меттехь…

Г)Дешнийн лами. Дешнаш кхолла , цхьацца элп т 1 е а тухуш , шина элпа т 1 ера д 1 адуьйлалой ворх 1 анга кхаччалц

Г)Дешнийн лами. Дешнаш кхолла , цхьацца элп т 1 е а тухуш , шина элпа т 1 ера д 1 адуьйлалой ворх 1 анга кхаччалц
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
22.04.2024