Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Ц1ердешнийн легарш"
Оценка 5

Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Ц1ердешнийн легарш"

Оценка 5
doc
21.04.2021
Конспект урока по чеченскому языку на тему: "Ц1ердешнийн легарш"
конспект.doc

4-г1а класс.  Урок №12.   

 

Урокан  ц1е: «Ц1ердешнийн легарш».

-Бераш, шу марша дог1ийла!

-Д1айолор ю вешан рог1ера урок.

Ловзар : «Дайна дожар караде»

-Бераш,  уьн т1ехь легийна  дешнаш девдда шайн дожарех, аша г1о дан деза дожаршна  шайн дешнаш схьалохуш.

Слайд:

К1ант, к1антал, к1ентан, к1анта, к1антана, к1антах, к1анте, к1антаца.

-Вайн г1оьнца, дожаршна схьакарий шайх девдда дешнаш. Уьш иштта хир ду.

Слайд:

Ц1. к1ант          

Дл. к1ентан

Л. к1антана

Др. к1анта

К. к1антаца

Х. к1антах

М. к1анте

Дс. к1антал

к1ентий

к1ентийн

к1енташна

к1енташа

к1енташца

к1ентех

к1енташка

к1ентел

 

 

 

 

 

 

 

-Муьлха чаккхенаш ю к1ант бохучу дешан цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь? Дукхаллин терахьехь?

Слайд:

Цхьаллин терахьехь-к1антаца;

Дукхаллин терахехь-к1енташца.

 -Бераш, вай тахана дуьйцур ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх лаьцна.

-Вай сих-сиха легадо дош дожаршца (легадар-хийцар).

-Вай тахана девзар ду ц1ердешнийн легарш. Уьш дерриге а диъ ду.   

 Слайд:

1-ра легар;

2-г1а легар;

3-г1а легар;

4-г1а легар.

-Х1инца вайна евзар ю ц1ердешний дожаршца хийцадаларан башхаллаш.

Слайд: 

Масала: нана, зама, йиша, дешархо.

Ц1.  нана,  зама, йиша, дешархо.

Дл.  ненан, заманан, йишин, дешархочун.

Л. нанна, замнна, йишина, дешархочунна.

Др. нанас, замано, йишас, дешархочо.

К. нанаца, заманца, йишица, дешархочуьнца.

Х. ненах, заманах, йишех, дешархочух.

М.нене, замане, йише, дешархоче.

Дс.ненал, заманал, йишел, дешархочул.

-Легарш билгалдоху цхьаллин терахьехь долчу ц1ердешнийн коьчалниг дожаран чаккхенашца. Масала:

Слайд:

Ц1. собар, малх

Дл. собаран, маьлхан

Л. собарна, малхана

Д. собаро, малхо

 К. собарца, малхаца

М. собаре, малхе

Х. собарх, малхах

Дс. собарал, малхал

 -Вайна билгалъевли коьчалниг дожаран чаккхенаш.

Слайд:

1-чу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь–ца,-аца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш.

Масала: кор-коран-корана-коро-кораца.

2-чу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь–нца,-арца чаккхенаш йолу ц1ердешнаш.

Масала: шовда-шовданан-шовданна-шовдано-шовданца.

3-чу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь–ица  чаккхе йолу ц1ердешнаш.

Масала: ваша-вешин-вешина-вашас-вешица.

4-чу легарна чудог1у цхьаллин терахьехь коьчалниг дожарехь– чуьнца чаккхе йолу ц1ердешнаш.

Масала:таллархо-таллархочун-таллархочунна-таллархочо-таллархочуьнца.

-1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.

Слайд:

Йоза, аьхке, момсар, кхор, йовхо, ахархо, дошло, г1ала, коч, хьоста, шовда,   маккхал, г1алакх, шо, ц1ердош, мангал, юьртахо, г1ашло, доьхка, бухка, ша, къонах,   ба1ар, йийбар.

-Схьаязде ц1ердешнаш х1окху рог1аллехь:

хьалхарчу легарна чудог1урш

шолг1ачу легарна чудог1урш

кхоалг1ачунна чудог1урш

доьалг1ачу легарна чудог1урш

Слайд:

хьалхарчу легарна чудог1у: кхор-кхураца, коч-кучаца, мангал-мангалца, маккхал-маккхалца, йийбар-йийбарца, момсар-момсарца, ба1ар-ба1арца, г1алакх-г1алакхца, хьоста-хьостаца, ц1ердош-ц1ердашца;

шолг1ачу легарна чудог1у: йоза-йозанца, аьхке-аьхкенца, йовхо-йовхонца,  шовда-шовданца,  шо-шарца, бухка-бухканца;

кхоалг1ачу легарна чудог1у: г1ала-г1алица, куралла-кураллица;

доьалг1ачу легарна чудог1у: ахархо-ахархочуьнца, дошло-дошлочуьнца,  юьртахо-юьртахочуьнца, г1ашло-г1ашлочуьнца, къонах-къонахчуьнца.

- Хьоме бераш, вай тахана дийци ц1ердешнийн дожаршца хийцадаларх лаьцна. Хии ц1ердешнийн диъ легар хилар. Евзи церан башхаллаш.Т1ейог1учу урокашкахь вай кхин а шордийр ду вешан ц1ердешнийн легарех долу хаарш.

- Х1инца вай ерзайо вешан рог1ера урок.

-1одикайойла шун!

-Марша 1ойла


Урок №12. Урокан ц1е: «Ц1ердешнийн легарш»

Урок №12. Урокан ц1е: «Ц1ердешнийн легарш»

Вай сих-сиха легадо дош дожаршца (легадар-хийцар)

Вай сих-сиха легадо дош дожаршца (легадар-хийцар)

К. собар ца , малх аца М. собаре, малхе

К. собар ца , малх аца М. собаре, малхе

Слайд: хьалхарчу легарна чудог1у : кхор-кхур аца , коч-куч аца , мангал-мангал ца , маккхал-маккхал ца , йийбар-йийбар ца , момсар-момсар ца, ба1ар-ба1ар ца ,…

Слайд: хьалхарчу легарна чудог1у : кхор-кхур аца , коч-куч аца , мангал-мангал ца , маккхал-маккхал ца , йийбар-йийбар ца , момсар-момсар ца, ба1ар-ба1ар ца ,…
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
21.04.2021