Литературное чтение
Тема: «
1алашо: «Мара бойна Салман» ц1е йолу туьйра довзийтар,нийса а ,кхеташ а туьйранаш деша 1амор.Нохчийн кхолларалле безам кхоллар.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Бераша д1адоьшу «Хьекъал тоьлла» ц1е йолу туьйра.
2.1алашо йовзийтар.
-Бераш, вай тахана доьшур ду «Мара бойна Салман» ц1е йолу туьйра.
3.Керла туьйра довзийтар.
1.Хьехархочо д1адоьшу туьйра.
2.Дошам
Бере-говрахь волу стаг,
Рема-шортта говраш,
Х1онс-кхузахь даьхни
2.Чулацамах кхетор.
-Муха долало туьйра?
-Вай ешнарг х1ун ю?
-Х1ун ду цу т1ехь дахарехь хила йиш йолуш? Хила йиш йоцуш?
-туьйранан муьлха билгалонаш ю кху т1ехь?
4.Сада1аран миноташ.
5.Туьйра кхин д1а а довзийтар.
1.Бераша д1адоьшу туьйра.
2.Схьадийца кечам бар.
-Д1адеша далхара дакъа. Х1ун ду цу декъа т1ехь коьртаниг?
-Хьан ехна говр?Цунах лаьцна х1ун эр дара аша?
-Х1ун дагадеана к1антана?Мух г1ала гина цунна?
-К1ант говро зуьйш хиларх х1ун эр дара аша?
-Мила хилла г1али чохь 1аш?
-К1анта а йо1а муха къамел дина?
-Стенга хьажаво йо1а к1ант?
-Мила кхета цунна дуьхьал? Цу шиннан къовсамах х1ун эр дара аш?
-Муха кхочу к1ант Берзак1езан х1усаме? Муьлханиг тоьлу цу шиннах?
-Элин кертахь х1ун тамашина сурт го к1антана? Мила хуьлу елларг?
3.Туьйра схьадийцар.
6.Жам1 дар.
-Х1ун дара шуна туьйранехь шуна хазделларг? Ца товш дерг?
Ц1ахь: туьйра «Мара бойна Салман» схадийца кечам бар, 1- ра дакъа.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.