Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «Ошаев Халидан дахар а, кхолларалла а»
Оценка 4.7

Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «Ошаев Халидан дахар а, кхолларалла а»

Оценка 4.7
doc
10.05.2023
Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «Ошаев Халидан  дахар а, кхолларалла а»
Открытый урок по чеченской литературе.doc

Методическая разработка по чеченской литературе на тему:

«Ошаев Халидан  дахар а, кхолларалла а»

Урокан тайпа:   керланиг довзийтар.

Урокан г1ирс:  учебник, сарташ.

1алашонаш:                                                                                    

1).1аморан: яздархочун  кхоллараллех лаьцна хаам бар.

2).кхиоран:1амийначух кхетаран талламбар;

3).кхетош- кхиоран: Даймахке а, 1аламе а дешархойн безам кхиор.

Урокан хьесап:1аморан.

I. Урок д1аяхьар.

Дешархойн ойла т1еерзор. (Маршалла хаттар, охьаховшар, урокана оьшу г1ирс кечбар, боцурш  билгалбахар).

Марша дог1ийла шу, хьомсара хьеший а, хьоме дешархой а ! Дуьненах самукъа долуш, хаарийн к1оргенашка кхочуш, дахарехь ирсе долуш, даим дегнашкахь маьлхан йовхо йолуш, цо дегнаш хьоьстийла шун! Шу денна а керлачу хааршка дехьадуьйлу, 1амадо хьалха шайна ца хиънарг а, ца девзинарг а. Иштта вайн таханлерчу нохчийн литературин урокехь а 1емар ду шуна керланиг. Д1адуьйлалой вай!?

II. Ц1ахь бина болх таллар.
-«Йиша т1емало» ц1е йолчу поэми т1ехь юьйцург мила ю?
-Муьлха хан ю поэми т1ехь юьйцург?
-Муха хета шуна,х1унда тиллина поэта шен поэмина «Йиша т1емало» аьлла ц1е?
-Авторан турпалхочух дог лозуш хилар стен гойту?

III. Хаарийн актуализаци. (Презентаци-2 слайд)

Хьехархочо хаттарш до.

-Хьа эр дара соьга, мила ву Ошаев Х.?

(Нохчийн яздархо).

-Ошаев Халидан муьлха произведенеш евза шуна?

(«Асламбек Шерипов», «Брест- ц1еран б1ар»).

-Х1инца вай   Ошаев Халидах лаьцна  ладуг1ар ду  _________________________ .

Цхьана дешархочо йоьшу Ошаевх лаьцна доклад.

Дешархочун докладаца гойту презентаци.

- Баркал. Дела реза хийла!

IV.Керла хаарш,  г1уллакхдаран некъаш 1аморан мур.

Яхдархочун а,  Даймехкан 1аламан а сарташ ду уьн т1е  д1атоьхна.

Говаьлла нохчийн яздархо ОшаевХалид вина 1898-чу шарахь Атаг1а юххехь Шуьйта боьдучу некъан аьтту аг1ор хиллачу Воздвиженски слободахь Чахкара –г1алахь-хьуьнхочун доьзаллехь. Халидан да Дуда а, нана Небиет
Хьешадена ч1ог1а т1ера дара.Говзачу дийцархошка ладоьг1уш,дуккха а туьйранаш а, халкъан дийцарш а 1амийра Халида.1916-чу шарахь Соьлжа-г1алахь реальни училище чекхъяккхинчул т1аьхьа Петрограде хьуьнан институте деша воьду иза.1918-чу шарахь дуьйна дакъалаьцна революцин къийсамашкахь,граждански т1амехь.Ошаевн яздархочуьн некъ д1аболабелла 20-чу шерашкахь очеркаш, фельетонаш, дийцарш  яздарца. Дуьххьарлера цо язйина «Дайн 1адат» ц1е йолу пьеса ч1ир эцаран 1адат г1арадоккхуш ю. Цу хенахь дуьйна цо язйина дуккха а исбаьхьаллин произведенеш . Царах коьрта лара мегар ду пьесаш«Асланбек Шерипов», «Ахьмар-Хьаьжа», «Сайн декхар лору», «Цхьана буйнахь ши хорбаз»; повесташ «Вендетта», «Брест ц1еран б1ар», Ханпаша Нурадиловх лаьцна очерк а. Къаьсттина меттиг д1алоцу Ошаев Халидан кхоллараллехь «Алун шераш» роман-эпопеяс. Хала бара Ошаев Халидан дахаран некъ. 1977-чу шарахь хедира дахаран некъ.

III.Физминот.

-Бераш, цхьажимма са а до1уш , Даймахках лаьцна  кицанаш хьа дуьйцур дара?

а).Нехан юьртахь эла хуьлачул а, шен махкахь лай хилар г1оле ю.

б).Дика еъна гуьйре , буьзна никх санна ю.

в).1уьйре ц1ийелча- кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча- кхаллар кечде.

Г). Ненан сий динарг махко а лерина.

Д)Даймохк-нана, нехан мохк-десте.

Е) Даймехкан латта-ялсамане, хи-моз.

IV.Керла 1амийначу кхеторан хьалхара талламбаран мур.

1. Хьехархочо дийцар доьшу.

2. Дийцаран чулацам т1ехь болх бар.

Хаттарш далар:

А). Муьлш бу коьрта турпалхой?

-Вай къам махках даьккхина хан коьрта турпалхой: Даду, Мохьмад, церан ж1аьла Чайра.

Б).Шен Даймахкана са муха гатдо Мохьмада ? Х1унда вара иза шен  ц1а ваха сатесна?

-Даймохк дукхабеза цунна. Цо цуьнга сатеснийла хаьа вайна, цуьнан ц1ерпошта т1ера охьавоьссина багах девлачу дешнашца: «Даймохк…».

В).Х1ун ю цуьнан юьртан ц1е?

-Лаха- ч1инха ю.

Г).Шайн хилла ж1аьла гича х1ун дог-ойла кхоллало Мохьмадан даг чохь?

-Цунна ч1ог1а хазахета и гича. И дийна дисарх воккхаве  иза.

V.Т1еч1аг1даран  болх.

1.Дийцар дешархошка дешийтар.

2. Шина-кхаа дешархочуьнга шайн Даймахках  лаьцна ши-кхо  предложени х1оттаяйтар.

VI.Урокехь 1амийначун жам1 дар.

-Хьа язйина вай тахана 1амийна дийцар?

(Ошаев Халида).

-Х1унда тиллина, шуна хетарехь, автора цунна ц1е «Чайра» аьлла?

(Турпалхочун ц1а а и ж1аьла а цаьрга болу  безам  Даймахке нисса лору автора).

VII.Рефлексин мур.

-Таханлера вайн урок муха хийтира шуна?

-Дийцар  хазахийтирий шуна ?

-Х1инца вай аша бинчу белханмах хадош синквейн язйийр ю.

Синквейн (1алам, Даймохк  дешнаш)

-Хьа язйийр яра иза?

 

1алам

Самукъане, ц1ена, хаза

Оьшу, лардо, тово

Саде1арна ч1ог1а оьшу

Х1аваъ.

 

Даймохк

Хаза, ирсе, мерза

Беза къоьллина

Нана-Даймохк

-Дика ду. Нийса язйина.

VIII.Ц1ахь бан болх.

1.Дийцар чекхдаллалц деша, чулацам хаа, хаттаршна жоьпаш ло.

2.Даймахках лаций шайн белхан тетрадаш т1ехь жима дийцар язде.(4-5 предложени).

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

A description...           

 

Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977 шш)

 

Котар-Юртарчу №2  йолчу юккъерчу школан

хьехархочун  А.З. Эхаева

6-чу «А» классехь нохчийн литература хьехаран йиллина урок.

24. 01. 2018 ш.


Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «

Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «

Х1инца вай Ошаев Халидах лаьцна ладуг1ар ду _________________________

Х1инца вай Ошаев Халидах лаьцна ладуг1ар ду _________________________

Хьехархочо дийцар доьшу. 2.

Хьехархочо дийцар доьшу. 2.

Х1инца вай аша бинчу белханмах хадош синквейн язйийр ю

Х1инца вай аша бинчу белханмах хадош синквейн язйийр ю

Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «Ошаев Халидан дахар а, кхолларалла а»

Методическая разработка по чеченской литературе на тему: «Ошаев Халидан  дахар а, кхолларалла а»

Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977 шш)

Ошаев Халид Дудаевич(1898-1977 шш)
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
10.05.2023