1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: П. Хатуевс йаздина дийцар
«Къонах хьанах олу?» довзийтар, нийса а,
кхеташ а, чехка а дийцаран тексташ йеша 1амор, нохчийн литературе безам кхоллар;
кхетам - кхиоран: къонахалле безам кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду керлачу декъех хила тарло кхиамаш ган, уьш билгалбаха; берашна 1емар ду хезаш, меллаша, з1енаца йеша. Берашна 1емар ду чулацамах кхета, шена хетарг ала. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршна нийса жоьпаш дала. Берашна хуур ду Даймехкан хазна йовза, цуьнан доладан лаам хир бу.
Мотт шарбар.
Кхокхий ловзуш хьайна гича,
Кхийсарш царна ахь ма йе.
Кхокхий хьошалг1а даьхкича -
Кхача билла, дузаде.
(Ж. Махмаев)
- Д1айеша меллаша массара цхьана.
- Д1айеша ч1ог1а массара цхьана.
- Д1айеша кхетош.
- Стенах лаьцна йу байт? (Кхокхех)
- Х1ун хаьа шуна кхокхех лаьцна? Берийн жоьпаш.
- Х1ун хьехам бо вайна автора? (Хичаш ма йе кхокхашна, дуза де
уьш)
- Аша дузадой кхокхий?
Керла дийцар довзийтар.
1. Хьехархочун хаттар.
- Бераш, шуна мила ву аьлла хета къонаха?
2. Дийцар д1адоьшу хьехархочо.
3. Чулацамах кхетор.
- Х1ун дагадеана сонтачу стагана?
- Цу сонтачу стага муха зуьйш ву къонаха?
- Муха гучудолу къонахчу стеган къонахалла?
- Шуна бевзаш буй къонахий?
- Къонахчун муьлха билгалонаш йу цуьнан?
Дешнаш т1ехь болх:
сонта стаг – глупый, бестолковый мужчина;
таьлсаш – переметные сумы;
къонах – молодец, достойный мужчина;
амал – нрав, характер, привычка.
Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша цхьанаэшарехь меллашачу озаца массара цхьана
д1адоьшу дийцар «Къонах хьанах олу?».
2. Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана
д1адоьшу дийцар «Къонах хьанах олу?».
3. Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар «Къонах хьанах олу?».
4. Чулацамах къамел дар. Къастош йешар.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
Хаттаршна жоьпаш далар.
- Муха хир дара сонтачо ма - бохху къонахчо «ницкъ,
майралла» къевсинехьара?
- Х1инца хьан эр дара мила ву къонах?
- Х1ун ду цуьнан коьрта маь1на? (Къонахалла - иза
г1иллакхе, хьекъале, оьзда стаг хилар ду. Ишттачу стеган
ницкъ кхочур бу майралла къуьйсуш нахана сингаттам ца
латто, латтош верг нийсачу новкъа ваккха а).
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.