Методическая разработка (Презентация по чеченской литературе на тему) "Бен"
Оценка 4.6

Методическая разработка (Презентация по чеченской литературе на тему) "Бен"

Оценка 4.6
pptx
27.12.2022
Методическая разработка (Презентация по чеченской литературе на тему) "Бен"
Пр. 3 кл. лит. Хасаев Хь Бен..pptx

Хьехарсахьтан ц1е:

Хьехарсахьтан ц1е:

Хьехарсахьтан ц1е:
Хасаев Хьасан «Бен».

Хь. Хасаевн дийцар «Бен» довзийтар; нийса а, шера а дийцаран тексташ йеша 1амор; ойлайар, хьекъал, къамел кхиор;

Хь. Хасаевн дийцар «Бен» довзийтар; нийса а, шера а дийцаран тексташ йеша 1амор; ойлайар, хьекъал, къамел кхиор;

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;



кхетам - кхиоран: 1аламе безам кхиор.

кхиоран: Хь. Хасаевн дийцар «Бен» довзийтар; нийса а, шера а дийцаран тексташ йеша 1амор; ойлайар, хьекъал, къамел кхиор;




Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду цхьанаэшарехь меллаша йешарна т1ера ч1ог1а йешаре а боьрзуш дийцаран тексташ йеша

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду цхьанаэшарехь меллаша йешарна т1ера ч1ог1а йешаре а боьрзуш дийцаран тексташ йеша

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду цхьанаэшарехь меллаша йешарна т1ера ч1ог1а йешаре а боьрзуш дийцаран тексташ йеша. Берашна хуур ду предложени чаккхенгахь соцунг1а йарца билгалйаккха. Берашна 1емар ду планан рог1аллица т1аьхье, хьалхе а ларйеш дийцаран чулацам схьабийца. Берашна 1емар ду чулацамах кхета, шайна хетарг ала. Берашна хуур ду дийцаран текстан цхьацца аларш талла, царех кхета.

Ц1ера болх таллар. Бераша схьайуьйцу

Ц1ера болх таллар. Бераша схьайуьйцу

Ц1ера болх таллар.
Бераша схьайуьйцу Р. Ахматован «Эвлахь» ц1е йолчу стихотворенин кийсак.

Д1айелла учебникан 28 – г1а аг1о

Д1айелла учебникан 28 – г1а аг1о

1алашо йовзийтар, план х1оттор.
- Д1айелла учебникан 28 – г1а аг1о. Муьлха дийцар ду вайна
тахана 1амо билгалдаьккхина? («Бен»)
- Мила ву цуьнан автор? (Хь. Хасаев)
- Муьлха болх д1ахьур бу вай и дийцар дика 1амийта? Х1оттайе
план.
- Вайна тахана девзар ду Хь. Хасаевн дийцар «Бен». Вайна 1емар
ду нийса а, кхеташ а, шера а дийцаран тексташ йеша. Вайна
1емар ду дийцаран план х1отто, цу планан рог1алла а ларйеш
дийцар схьадийца.

Дийцар «Бен».

Дийцар «Бен».

Дийцар «Бен».

Дешнаш т1ехь болх: къаж – осока; уьшал – болото

Дешнаш т1ехь болх: къаж – осока; уьшал – болото

Дешнаш т1ехь болх:
къаж – осока;
уьшал – болото.

Керла тема хьехар. 1. Кицанаш таллар

Керла тема хьехар. 1. Кицанаш таллар

Керла тема хьехар.
1. Кицанаш таллар.
Даймахках ваьлла стаг - хих хаьдда ч1ара бу.
- Муха кхета шу цу кицанах?
Къастаде жоп:
Хих хаьдча ч1ара ле, даймахках ваьлла стаг ле.
Шен хи чохь ч1ара хино хьоьстуш, ловзош лелабо.
Стаг шен Даймахкахь оьшуш, везаш хьоьстуш лелаво.
Даймахках къаьстича стаг х1аллак хуьлу.
2. Хьехархочо д1адоьшу Хь. Хасаевн «Бен» ц1е йолу дийцар.

Сада1аран миноташ. Физминот

Сада1аран миноташ. Физминот

Сада1аран миноташ.
Физминот.
Бакъи озавели - цхьаъ,
Охьатаь1и - ду и шиъ,
Хьалатаь1и - ду и кхоъ,
Д1анисвели - ду и диъ.
Куьйгаш д1асадахийти - пхиъ,
Вовшахтуьйхи - йалх.
Буьхьигаш т1е и х1оьтти - ворх1,
Дег1 нисдеш д1ах1оьтти - барх1.

Керла тема кхин д1а а таллар. 1

Керла тема кхин д1а а таллар. 1

Керла тема кхин д1а а таллар.
1. Бераша цхьанаэшарехь меллаша д1адоьшу дийцар.
2. Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1а д1адоьшу дийцар.
3. Бераша з1енаца д1адоьшу дийцар.

Чулацамах кхетор. - Мила ву дийцаран турпалхо? (1усман)

Чулацамах кхетор. - Мила ву дийцаран турпалхо? (1усман)

Чулацамах кхетор.
- Мила ву дийцаран турпалхо? (1усман).
- Х1ун деш ву 1усман?( Мангал хьокхуш).
- Ц1еххьана цунна х1ун гира? (Т1емаш а детташ олхазар д1адодуш).
- И х1ун йара? (Иза бад йара).
- Х1ун карийра 1усманна б1ад д1айахначул т1аьхьа? (Бен карийра, чохь
х1оаш долуш).
- Х1ун дира 1усмана? (Бена гонахара къаж 1адйитира).
- Х1унда йухайеара бад? (1усмана шен бен ца бохабой хиъча ц1а йеара бад).
- Стенга воьдура 1усман к1ира даьллачул т1аьхьа? (1усман хуьнах воьдуш
вара).
- Цунна х1ун гира? (Бад шен к1орнешца йоьдуш гира).
- Х1ун элира цо бедана? (Могуш - маьрша кхуьийла шу!)
- Муха стаг ву 1усман? (Дика).
- Х1унда? (Цо бедан бен ца бохийна, гонахара йол ца хьакхна).
- Цо гонахара йол хьаькхнехь х1ун хир дара бедана? (Экхана карор бара
бен, цо х1аллакхбийр бара бедан доьзал).
- Аша дийр дарий 1усмана санна дика х1ума?

Дийцар схьдийца кечам бар. План х1оттор

Дийцар схьдийца кечам бар. План х1оттор

Дийцар схьдийца кечам бар. План х1оттор.
- Д1адеша хьалхара дакъа.Стенах лаьцна ду иза? (1усмана мангал хьакхарх)
- Х1ун ц1е туьллар йара аша цунна? (Мангал хьакхар)
- Схьадийца мангал хьакхарх лаций.
- Д1айеша шолг1а абзац. Стенах лаьцна йу иза? (Бад карорах)
- Х1ун ц1е туьллар йара аша цунна? (Бен карор)
- Схьадийца и дакъа.
- Д1айеша кхоалг1а абзац. Стенах лаьцна йу иза? (Бад йухайарах)
- Х1ун ц1е туьллар йара аша цу декъана? (Бад ц1е йеана)
- Схьадийца и дакъа.
- Д1айеша т1аьххьра абзац. Стенах лаьцна йу иза? (Бедан доьзалах лаьцна)
- Х1ун ц1е туьллар йара аша? (Бедан доьзал)
- Схьадийца и дакъа.
- Х1ун элира 1усмана?.
- 1усманах ала мегар дуй иза Даймахк 1алашбеш ву? Х1унда? (Даймохк иза
вай 1аламна т1ера д1а бу, 1алам лардийриг - Даймохк ларбеш ву)
- Схьадийца дийцар дуьззина.

Жам1 дар. - Муьлха дийцар дийши аша? -

Жам1 дар. - Муьлха дийцар дийши аша? -



Жам1 дар.
- Муьлха дийцар дийши аша?
- Стенах лаьцна дара иза?
- Мила ву цуьнан автор?
-

Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
27.12.2022