МЕЖДУНАРОДНЫЙ ДЕНЬ ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА
Оценка 4.6

МЕЖДУНАРОДНЫЙ ДЕНЬ ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА

Оценка 4.6
docx
13.12.2023
МЕЖДУНАРОДНЫЙ ДЕНЬ ЧЕЧЕНСКОГО ЯЗЫКА
Международный день родного языка.docx

«Международный

день родного языка»

Внеклассное мероприятие, посвященное Международному дню родного языка

Цель: знакомство обучающихся со значением родного языка в жизни общества.

Задачи:

  1. развитие познавательности во внеурочное время;
  2. умение работать с различной  литературой;
  3.  развитие интеллектуальных способностей учащихся.

Оборудование:  мультимедийная презентация «НЕНАН МОТТ»

Ход мероприятия:

       Международный день родного языка отмечается с 2000 года по инициативе 30-й сессии Генеральной конференции ЮНЕСКО (ноябрь 1999) с целью сохранения и развития исчезающих языков, поощрения лингвистического многообразия и многоязычного образования, а также повышения осведомленности о языковых и культурных традициях. На земном шаре существует около шести тысяч языков, половина из которых  на грани исчезновения.  Причина - поглощение наименее употребляемых языков наиболее распространенными, общепризнанными, на которых ведется документация, преподавание в школе, происходит общение. Генеральная конференция ЮНЕСКО в ноябре 1999 года провозгласила Международный день родного языка, который впервые отмечался 21 февраля 2000 года. По мнению специалистов, родной язык находится под угрозой исчезновения, если в том или ином сообществе его перестают изучать более 30 процентов детей..
       Для выживания языка необходимо, чтобы на нем говорило, по меньшей мере, 100 000 человек. Во все времена языки зарождались, существовали, затем вымирали, иногда даже не оставив следа. Но никогда ранее, они не исчезали настолько быстро.

ИЛЛИ :Василова Амина

 УЧИТЕЛЬ.  Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьехархой, хьомсара накъостий! Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар.

21- г1а февраль, вайна ма-хаъара, меттан деза де лерина ду.

Вай долчу хьошалг1ахь ву                      

УЧИТЕЛЬ.Х1ун хир ду ненал  сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош,  хазачу мукъамехь илли олуш,  дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

   Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьлличахьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца билгалдаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Мотт - къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

УЧЕНИК Дуккха а ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царах цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш, Айдамиров Абузара язйина йолу «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени.

НЕНАН МОТТ


Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.

Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа сурташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар


Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.


Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.


Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар


кхайкхош.

Ткъа вайна массарна а вевзаш а волчу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна:   «Нохчийн мотт угаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

УЧЕНИК


Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

 

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

 


Адамаш кхетош-кхиорехь а онда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1ама до вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш.

СЦЕНКА1:ВАСИЛОВ,ИСЛАМ И ХЕДА

СЦЕНКА2:ДИНАРА,МОВСАР И АХМАД

СЦЕНКА3:СЕДА И ЖАХАР

СЦЕНКА4:БАЙХАДЖИЕВ И ИНДИРБАЕВА

Шу даггара декъал дан, шун сий дан, ларам бан баьхкина вайн кегирхой.

Вайна ма хаарра х1ора халкьа ше даар ду .

Х1инца шайн говзалла даарах лаьцна  вайна гойтур ю7 В классера школан дешархоша.


Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1оргера ян воьлча

Хиламийн чот,

Эхь, иман я г1иллакх,

Доьналла эшча,

Собар лург хиллера

Сан ненан мотт

 


      Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:


                    Хьешашка – оьзда,

                    Доттаг1чуьнга – мерза,

                    Мостаг1чуьнга – буьрса,

                    Захалонна – хаза,

                    Масла1атана – к1еда,

                    Берашка – эсала.


       Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Вайн цхьаьнакхетар д1адерзош ладог1а луар дар цу тайпачу нахана йог1уш йолчу Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» иллега.

Баймурзаева Седа



УЧИТЕЛЬ.Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1оргера бовза,  г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьанакхетар. Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

 


 

Международный день родного языка»

Международный день родного языка»

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,

Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу

Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
13.12.2023