"НАНА"

  • Лекции
  • Работа в классе
  • docx
  • 26.01.2023
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Нана
Иконка файла материала Ведущ НАНА.docx

НАНА

1-ра д1ахьошверг: «Дечиган елахь а, тоьла нана» - боху нохчийн кицано.

Аганахь  мацвелча а,  г1алато вагийча  а,  т1амо  лазийча  а  Нене кхойкху  вай.  Цуьнан орца хиха ду!. Цуьнан куьг аьхна ду! Мел хаза ю-кх, Нана, хьан 1аь!  Хийла шелвелларг  ахьа  вохвина, хийла  дог доьхнарг ахьа хьаьстина.

2-г1а д1ахьошверг: Нене  йийцича, яйло  г1айг1а, цуьнан  мерзачу  хьажаро  лакъадо  цатамо  гулдина  б1аьрхиш,  цо  хьехначу  оьздачу г1иллакхашца карадо  вайна ирс.

1-ра д1ахьошверг:  Хьоме  хьеший, наной, дешархой! Таханлера  цхьаьнакхетар лерина ду дуьненахь угар  сийлахьчунна,  хьомечунна – НАННА. Дуьненна   Эвлияаш, 1илманчаш, паччахьаш, ц1еяхна  къонахий оьзда  мехкарий  белла  нанас.  

2-г1а д1ахьошверг: Нанойн дегнашка хьаьжча, цхьа вон о хир дацара дуьненахь, меттан хазалла а, дешан говзалла а ца тоьу цуьнан марзо йийца.

Стихи: Сербиев Б., Асабаев Ш., Виситов С., Байсуев И., Четалов А.

1-ра д1ахьошверг: Нана – мел йоккха йовхо а, серла а ю цу цхьана дашца «Ненан марзо», «НАНА» - боху  дешнаш  хезча, цхьа шатайпа ойла  кхоллало вайн хьоранна а даг чохь.

2-г1а д1ахьошверг:  Хьоме даймохк, хьо веха юьрт, охьаоьху шийла шовданаш,  вайна хьоме  мел  дерг ненан ц1арца  доьзна ду. Наношна  Лерина  долу  хелхар д1агойту мехкарийн  тобано.

Хелхар

1-ра д1ахьошверг:  Даим  а   доьлийла  вайн  дегнаш, т1аккха синкъераме  хир бу вайн наной.

Стихи:Абдулазиева Х.,Исаева П., Матагова А.,Махаева Х.,Болатханова И.,Музыкаева Е..

2-г1а д1ахьошверг:  Х1инца  вайн  классан дешархоша  гойтур ю сценка «Эсал  йо1».

1-ра д1ахьошверг:  Ненан даге  хаьттича, хир дацара цхьа а вон. Массо а вон чов ненан дагт1ехь ю, массо а диканца орам ненан дагт1ера бу.

Стихи:Ахматова Х.,Хусиханов А.,Асабаева Я.,Гелаев Д.,Давутхаджиев Т.

 

2-г1а д1ахьошверг:  Забаре сценка д1агойту мехкарша.

Сценка.

2-г1а д1ахьошверг:  Х1инца  вайна  хезар ду шен  нанна Сидекъа олу илли.

Илли.

1-ра д1ахьошверг:  Нене болу  безам  биллалур бац цхьана а терзанна т1е.

2-г1а д1ахьошверг:  И безам гуч болу  вайн дешархойн байташкахь.

Стихи:Гебертаева Ж.,Гебертаева З.,Хаджиев И.,Цухарова А.

1-ра д1ахьошверг: Хьоме наной, тахана вайга хьошалг1а кхайкхина ву 1удди. Ладог1а вай.

Сценка

1-ра д1ахьошверг: Декъала хуьлда массо НАНА!

2-г1а д1ахьошверг:  Х1инца вай д1ахьур бу хелхаран бал.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ

МБОУ «СОШ№1 с.п ВЕРХНИЙ – НАУР»

 

 

"Самый дорогой
 человек на земле"

 

 

https://ds05.infourok.ru/uploads/ex/11c5/0003e254-660f4699/3/640/img6.jpg