НIаьнеш кхойкху, садаьржина,
Стиглахь йетта шура йу,
Бутт, сахиллалц цабижарна,
КIалдан мижарг санна бу.
Сирла хIо сирчу арахь,
Дуьне набарх долуш ду.
Цу хенахь хьо беша валахь,
Хьуна Iуьйре йезар йу.
Цхьа шатайпа хазалла йу
Аьхка Iуьйре гIаттарехь,
Аренашкахь семалла йу
ГIийла серлайаларехь.
Сирла, керла седарчий ду
ГIаш тIерачу тIадамийн.
Сатоссуш йерг кIадалла йу,
Мерза наб йу адамийн.
Олхазарийн гIера гIотту
Нахал хьалха меттара,
Уггар хазчу хене хотту
Цара мерза маршалла.
Могуш-паргIат араволуш
И Iуьйренаш хьайн йелахь,
Варий, доттагI, дийна волуш
Хьайн ирс дац ма алалахь!
Садаьржаш
Муьлхачу дешнаша, васташа (эпитеташа) кхуллу аьхкенан Iуьйренан сурт?
И тайпа аьхна , маьрша Iуьйренаш йолу
стаг ирс долуш ву хIунда боху поэто?
Ойла йе, хIун гIуллакх кхочушдо дустарша стихотворенехь. Масалш даладе.
Синонимаш даладе «гIийла» бохучу дашна
Сирла хIо, сирчу арахь, гIаш тIера керла седарчий, олхазарийн мерза маршалла, адамийн мерза наб, аренийн гIийла серлайалар…
Могуш-паргIат а волуш, маьршачу Даймахкахь сатоссуш хьала а гIаьттина, йолучу Iуьйренан терго йеш , олхазарийн декаре ладоьгIча, хIора стагана а ша ирсе хетар ву.
Йетта шура, кIалдан мижарг.
Меллаша , тийна, сатийна, жим-жима, йехха.
«Садаьржина, нIаьнеш кхойкху, йетта шура санна кIайбелла стиглахь бутт бу кIалдан мижаргах тера кхозуш»
— Ткъа Мамакаев Iаьрбис иштта йаздина:
НIаьнеш кхойкху, садаьржина,
Стиглахь етта шура йу,
Бутт, сахиллалц цабижарна,
КIалдан мижарг санна бу.
Нийсаниг харжа:
I. Мамакаев Iаьрбин дахаран шераш:
I) I925 – I987;
2) I930 — I988;
3) I9I8 – I958;
4) I909 – I957.
2. «Мамакаев Iаьрбис шен кхоллам нохчийн литературех къасталур боцуш дIабоьзна, иза уггар дукхабезаш болчу поэтех ву».
ХIокху мехалчу дешнийн автор ву:
Айдамиров Абузар;
Мамакаев Мохьмад;
Сулаев Мохьмад;
Сулейманов Ахьмад.
3. «Ма хаза йу-кха хьо, шера тогIе,
Хьайн бай тIе цIен зезаг даьлча!
Ма хаза йу-кха хьо , Теркан гIайре,
Хьайна тIе баьццар къаж йаьлча!»
ХIокху могIанийн автор ву:
Саидов Билал;
Мамакаев Мохьмад;
Сулейманов Ахьмад;
Мамакаев Iарби.
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.