Нохчийн меттан дешаран урокан плае. Дог1а деанчул т1аьхьа М. Сулаев
Оценка 4.9

Нохчийн меттан дешаран урокан плае. Дог1а деанчул т1аьхьа М. Сулаев

Оценка 4.9
docx
05.02.2024
Нохчийн меттан дешаран урокан плае. Дог1а деанчул  т1аьхьа М. Сулаев
Урок 4. Дог1а деанчул т1аьхьа М. Сулаев .docx

Нохчийн литература

Тема: «Дог1а деанчул т1аьхьа» М.Сулаев.

1алашо:  М. Сулаевн дахар , кхолларалла , керла дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа» довзийтар. Нийса а , шера а , кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор. Ойлаяр , тидам бар кхиор, 1аламе безам  кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна  хуур ду  хезаш еша  т1аьхь –т1аьхьа ша-шена  ешарга а боьрзуш; бераш кхетар бу шаьш ешначун чулацамах , хуур ду  чулацамах лаьцна  шайна хетарг д1аала; бераш кхетар бу  гонахара 1алам  льшуш хилар, цуьнан  доладан дезаш хилар.

Урок  д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

а) Стихотворен  «Аьхкенан  1уьйре» Ш. Арсанукаевн схьайийцар.

2.Мотт шарбар.

Дадас краэцна нитт.

Маса хир ду шозза пхиъ?

Итт, итт, итт!

Хьанна  туоха  волу и ?

Нитт аьлча а –дийнна дитт?!

-Д1аеша массара  дешдакъошца.

-Д1аеша  массара  мозийн хьесапехь.

-Д1аеша шайн дагахь.

-Д1аеша кхетош.

-Муха дог- ойла кхоллало байт ешча? (Самукъадолу)

3.1алашо йовзийтар, белхан план х1оттор.

-Муьлха произведении ю вайна  1амо билгалъяьккхина? («Дог1а деанчул т1аьхьа»)

-Мила ву цуьнан автор? ( М. Сулаев)

-Х1ун  болх бийр бу  вай  и дийцар толлуш? ( Суна  девзар ду  керла дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа».Суна вевзар ву  керла яздархо)

-Суна 1емар ду  дийцар нийса, шера деша.

-Нийса боху. Вайна тахана  вевзар ву  яздархо М.  Сулаев, цуьнан керла произведении.Шуна 1емар ду нийса, кхеташ дийцаран тексташ еша.Шуна хуур ду  чулацамах лаьцна  схьадийца.

4.Кела тема  хьехар.

1.Хьехархочун дош. (Юххедиллар)

Сула́ев Магоме́т Абу́евич

Сула́ев Магоме́т Абу́евич (1920 шаран 20 сентябрь — 1992 шаран 11 ноябрь) — ночхийн яздархо а, поэт а, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, СССРн а яздахойн Союзашан декъашхо.

Вина 1920 шаран 20 сентябрехь ГIойтlахь. 1933 шарахь школа чекхъяккхира цо. Шен хьалхара байт «Нохчийн илли» цо язйира 15 шо кхаьчна волуш. Бакухь рабфак чекхъяккхира цо. 1941 шарахь Сулаевс чекхъяккхира Бакухь йолу Азербайджанан лоьран институт.

1943 шарахь цо кхоьллира шен хьалхар йоккха произведени — «Малх тоьлур бу» цӀе йолу поэма. Иза язйина яра Советски Союзан Турпалан Ханпаша Нурадилован лерина. Нохчий цӀера бехнача хенахь цо яздар ца дитира, амма цо язйинараш ара ца хоьцара.

Иза вара республикан больницин хирург а, санитарин серлонан республикан цӀан коьрта лор а[1]. Цуьнга дика цхьанабалора лоьран болх а, яздархон болх а. Сулаевс арахийцира масийтта поэзин а, критикин а, прозин а гуламаш.

 

 

2. Дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа» д1адоьшу хьехархочо.

-Шеран  муьлха зама ю  дийцар т1ехь йуьйцуш ерг? (Б1аьсте)

-Б1аьстенан муьлха билгалонаш хьахийна дийцар т1ехь? ( Стиглахь к1айн мархаш ю.  Заза охьадоьжна. Олхазарш ду  бошмашкахь хезаш.)

-Х1ун боху автора Мархех лаьцна? ( Лома т1ехьа го бамба сана марха)

-Х1ун боху бошмех лаьцна? (Заза охьа доьжна, дог1а деанчул т1аьхьа чонах ц1анъелла)

-Х1ун боху олхазарех лаьцна? (Олхазарша эшарш лоькху аьхкенан хазалла хестош)

-Х1ун боху  зезагех лаьцна? (Дог1а деанчул т1аьхьа  к1айн, можа  зезагаша кхелина  аре)

-Х1ун боху  накхармозех лаьцна? (Накхармозий ду дургал гулъеш)

-Х1ун боху  дийнатех лаьцна? (Ежаш  ю говраш, бокъий)

-Х1ун дог-ойла кхоллало дийцар дешча? (Самукъ долу)

-Х1унда? (1алам  самадаьлла , аьхке дагайог1у)

3.Сада1аран миноташ.

4.Керла  тема кхин д1а а хьехар.

а) Бераша д1адоьшу дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа»

аь) Къастош ешар.

-Муха гайтина яздархочо аьхкенан 1аламан  сурт? Д1аеша и к1айдарг.

-Дог1а деанчул т1аьхьа х1ун хийцамаш хилира 1аламехь? Д1аеша и к1айдарг.

-Тхин т1адамех лаьцна  йолу к1айдарг еша.

-Д1аеша говрех лаьцна к1айдарг.

5. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?

-Суна вевзи керла  яздархо.

-Суна  девзи керла дийцар.

-Суна 1еми нийса а , кхеташ а дийцаран тексташ еша.

-Суна 1еми  къастош  еша.

6.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийши вай тахана ?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна  ду  дийцар?

7.Ц1ахь бан болх балар.

а) Шера  деша дийцар « Дог1а деанчул т1аьхьа» Мю Мулаев.


 

Нохчийн литература Тема: «Дог1а деанчул т1аьхьа»

Нохчийн литература Тема: «Дог1а деанчул т1аьхьа»

Х1ун болх бийр бу вай и дийцар толлуш? (

Х1ун болх бийр бу вай и дийцар толлуш? (

Дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа» д1адоьшу хьехархочо

Дийцар «Дог1а деанчул т1аьхьа» д1адоьшу хьехархочо

Х1ун керланиг 1еми шуна тахана? -Суна вевзи керла яздархо

Х1ун керланиг 1еми шуна тахана? -Суна вевзи керла яздархо
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
05.02.2024