Нохчийн меттан сочинени "1а"
Оценка 4.9

Нохчийн меттан сочинени "1а"

Оценка 4.9
docx
27.03.2024
Нохчийн меттан сочинени "1а"
НОХЧИЙН МОТТ СОЧИНЕНИЕ.docx

 

«НОХЧИЙН МОТТ - НЕНАН МОТТ»

Б1ешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь,къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.

Арсанукаев Ш.

Ненан мотт-нохчийн мотт!  Дуьненахь уггаре а баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу. Адам кхидолчу дийнатех къасточу билгалонех коьртаниг а мотт бу. Ма-дарра аьлча, адамах адам дийриг а адаман мотт бу.

Х1ора а къомана  шен-шен мотт белла Дала. Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман культура, литература, искусство. Ала деза, къоман уггаре а еза, уггаре а сийлахь хазна ю оцу къоман Мотт. Буьйцучу маттаций бен цхьа а х1ума дийца йиш яц вайн, цхьа а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча. Мотт- иза къоман са, адамаллин куьзга ду, массочу х1уманан а бух бу. Цуьнца доьзна ду халкъан дерриге а дахар: уьйраш, болх, гергарло, хазахетар, халахетар, сий, яхь, хьекъал, кхетам. Халкъан кица дало лаьа суна кхузахь: « Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац». Сецна бакъ ду, мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вай къоман сий дужур ду.

Вай нохчий ду. Везачу Дала кхоьллина ду вай: цо делла вайна нохчийн сибат; цо делла вайна нохчийн г1иллакхаш, ламасташ; цо белла вайна Нохчийн мотт! Со йинчу, х1ара дерриг а Дуьне вайна совг1атанна деллачу, вайн цхьаъ бен йоцчу, кхин хилла йишйоцчу  сан Ненан мотт-х1ун хир ду цул деза, цул сийлахь,цул хьоме?! Нохчийн мотт –вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къомон назма ю. Ненан матто вай 1амадо Даймохк беза. Цо 1амадо вайна дуьненан а, адаман а хазалла йовза.

Дуьйцийла йоцуш, шен мотт ца хуу стаг даима юьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хилла ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха а, х1унда аьлча цунна евзар яц къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачанан чам. Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду. Иштта ца хила, суна хетарехь, йохье а дуьйлуш, 1амо беза вай вайн дайша, наноша хьоста санна, ларбеш, ц1ена латтийна вешан ненан мотт.

       Чаккхе ян лаьа суна Билал Саидовн дешнашца:

Хьох лаьцна яздина,

Дийца а дийцина.

«Хьайна безахь», - бохуш,

Хьеха а хьо бина.

Хьехорах пайда буй,

Хьо хууш ца хилча?

Хьо бийца хуур дуй,

Хьо безаш ца хилча?

 

Хьо бийца 1емар вац

Дагна хьо цабезарг.

Юьхь к1айн а лелар вац

Хьо бийца цахуург.

Нехан говра хиъна

Вон бере шех хилла,

Кхардамехь вехар ву

Хьо хийра леринарг.

 

Хьуо безаш волчунна

Пондаран аз ду хьо,

Хьайца уьйр йоцчунна

Гихь беза мохь бу хьо.

Хьуо хууш волчунна

Жовх1арийн хIонс ю хьо,

Хьайца шовкъ йолчунна

Чам тайна стом бу хьо.


 

НОХЧИЙН МОТТ - НЕНАН МОТТ» Б1ешараш хийла а ихна и бекаш,

НОХЧИЙН МОТТ - НЕНАН МОТТ» Б1ешараш хийла а ихна и бекаш,

Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду

Муьлхха а стаг цу хьолехь хилар, яхь цахилар, ледара хилар ду
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
27.03.2024