Поурочное планирование по русскому языку на тему «Имя прилагательное »
Оценка 4.6

Поурочное планирование по русскому языку на тему «Имя прилагательное »

Оценка 4.6
Библиография +1
docx
английский язык
3 кл
06.06.2018
Поурочное планирование по русскому языку на тему «Имя прилагательное »
Х1уманаш, адам билгалдо, Мила? Х1ун ю? хаттарш до. Ойлаей хьо дийций вала, Къамелан вай муьлха дакьа Ду со, чехка алий вала? -Муьлха къамелан дакъа ду и? (Ц1ердош). -Ц1ердешан х1ун билгалонаш ю цу байта т1ехь ялийнарш? Слайд: (Х1уманаш, адам билгалдо, мила? х1ун? хаттарш ду). -Вай тахана девзар ду ц1ердешнаш. -Дуьйцур ц1едешан билгалонех лаьцна. Слайд: Тукар, т1арий, маха, тай, Басам, кисий, дари к1айн Ша, дол, аьрша я 1аддий, Уьйриг, мижарг, цхьа мисхал, Нехча, берам я сискал, Шар я морза, муьста бод, Хьо д1аяла, нанийн дог. -Муьлха х1уманаш ю байта т1ехь юьйцурш?
Документ.docx
Ю. Д. Дешериевс шен "Сравнительно -историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов "ц1е йолчу монографин т1ехь толлу нахски меттанийн билгалдош, билгалдешнийн кхолладалар, билгалдешнийн легадалар, дустаран даржаш. А. Д.Тимаевс шен «Х1инцалера нохчийн мотт лексикологи, фонетика, морфологи«ц1е йолчу балха т1ехь яздо билгалдешан маь1нах ,тайпанех, легадаларх, морфологически х1оттамах ,церан хийцадаларх, суффиксех, дустаран даржех, синтаксически г1уллакхех лаьцна. А. И. Халидовс шен «Чеченский язык. Морфемика.Словообразование» ц1е йолчу балха т1ехь к1орггера дуьйцу нохчийн меттан билгалдешнийн кхолладараллин некъаш. Оцу лакхахь ц1ераш яьхначу 1илманан белхех пайда а оьцуш ,оха тхайн балха т1ехь дийцаре дохку нохчийн меттан юкъаметтигаллин билгалдешнаш а, церан кхолладаларан а, легадаларан башхаллаш а. Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь цу билгалбаьхначу 1илманан говзанчийн белхаш т1е а тевжаш,А.Д.Тимаевс а, М. Р. Овхадовс, М. И. Халидовс, Т. М. Вагаповас а, В. Ю. Гиреевс а, Р. А. Саламовас, Х. Б. Навразовас, А. Д. Вагаповс, С. Э. Эдиловс иштта кхиболчу языковедаша а вайнехан меттанаш 1илманца толлуш язбина дуккха а к1орггера мехалла йолуш белхаш:лексикехь,фонеикехь,морфологехь,синтаксисехь. Вайн маттахь йоккха меттиг д1алоцу билгалдешнаша.Уьш дацахьара, цхьана х1уманех лаьцна дийцар цхьа сингаттаме хира дара. Шена чохь билгалдешнаш доцу предложенеш хаза ца хуьлу аьлла хета суна. Оьрсийн лингвист хилла волчу В. В. Виноградовс яздина: «Прилагательное -это самая изобразительная часть речи ». Вайн нохчийн мотт -хаза, ц1ена ,хьалдолуш ца хилча йиш йоцуш, ширачу меттанах цхьаъ бу. Вайн маттахь, оьрсийн маттахь а санна, кхечу меттанашкахь а санна, дуккха а дешнаш ду, шен-шен маь1наш а долуш .Вовшех и дешнаш къастало, шайн маь1нашка дехкича. И шадолу дешнаш шайн-шайн группанашка декъало. И группанаш ю-къамелан дакъош. Х1ора къамелан дакъа шен-шен билгалонаш йолуш хуьлу. И билгалонаш кху тайпанашка екъало:1)лексико-грамматически маь1на; 2)морфологически билгалонаш; 3)синтакчически билгалонаш. Цундела, и цхьацца х1уманаш тидаме а лоцуш, оха тхайн квалификационни балха т1ехь довзуьйту коьрта къамелан дакъа билгалдош, лааме а, лаамаза а билгалдешнаш, церан легадалар, кхолладалар а, уьш школехь д1ахьехаран методика а. Тхан квалификационни белхан коьрта 1алашо кхаа некъах лаьтташ ю. 1.Лааме а, лаамаза а билгалдешнех лаьцна кхетам балар; 2.Лаамечу а, лаамазчу а билгалдешнийн кхолладалар, легадалар; 3.Школашкахь дешархошна билгалдош д1ахьехар.

Поурочное планирование по русскому языку на тему «Имя прилагательное »

Поурочное планирование по русскому языку на тему «Имя прилагательное »
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
06.06.2018