Поурочный план по чеченской литературе 4 класс. Тема: Аьхкенан сурт, З. Сулейманова.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 2.docx

Литературное чтение

Тема: Аьхкенан сурт, З. Сулейманова.

1алашо: З. Сул еймановс яздина  «Аьхкенан сурт» ц1е йолу стихотворении йовзийтар, нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ еша 1амор; аьхкенан билгалонаш йовзийтар, 1аламе безам кхиор.

Г1ирс : яздархочун сурт.

  Урок д1аяхьар.

1. Ц1ера болх таллар.

  Дийцар «Беркате аьхке» д1адешар.

2.1алашо йовзийтар .

-Бераш , вай тахана д1аоьшур ю З. Сулеймановас язйина  «Аьхкенан сурт» ц1е йолу стихотворении . Шуна хуур ду муьлха билгалонаш ю аьхкенан.

3.Стихотворени д1аешар.

4.Дошам.

1. Ана- вайн б1аьргашна хеталуш долу стигланний,лаьттаний юккъера доза.

2.пардо- юткъа х1ума.

5. Чулацаах кхетор.

-Муьлха зама ю аьхке? Маса баттахь лаьтта иза?

-Аьхкенан муьлха де ду стихотворенехь дуьйцург? Оцу дийнахь муха хуьлу аьхкенан 1алам?

-Стихотворенин хьалхарчу беа мог1анехь дуьйцург дахарехь зеделлий хьуна? «Дог1а сихло латта лийчо» бохучух муха кхета хьо?

-Х1унда туьсу мог1ана дуьхьал сийна г1енаш? Цунах муха кхета хьо?

-Муха хуьлу дог1а тийначул т1аьхьа аьхкенан 1алам? Муха гучуболу малх дог1а деанчул т1аьхьа?

-Аьхкенан 1аламан кхин х1ун сурташ х1отталур дара шуьга?

6.Сада1аран миноташ.

7.Бераша д1айоьшу стихотворени.

  Муьлххачу цхьаьна к1айдаргана сурт диллар.

8.Жам1 дар.

-Муьлха стихотворении йийшира аша?1аламах лаьцна х1ун ерланиг хии шуна?

Ц1ахь: стихотворении «Аьхкенан сурт» дагахь 1амо, муьллххачу цхьна к1айдаргана сурт диллар.