поурочный план по чеченской литературе 4 класс. Тема: Беркате аьхке. ХЬ. Хасаев.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 1 .docx

Литературное чтение

Тема: Беркате аьхке. ХЬ. Хасаев.

1алашо: Хь. Хасаевн дахар кхолларалла йовзийтар ; цуьнан дийцар «Беркате аьхке» довзийтар ; ниийса а , кхеташ а , шера а дийцаран тексташ еша 1амор; 1аламан тидам бан а, цуьнан доладан лаар кхиор.

Г1ирс: яздархочун сурт.

    Урок д1аяхьар.

1.Урок йолор.

-Хьоме дешархой, вайн доладелла керла дешаран шо. Кху шарахь дешаран урокашкахь шуна 1емар ду дукха хаза дийцарш, стихаш. Бевзар бу дукха яздархой. Кху шарахь вай йоьшур ю нохчийн, оьрсийн, дозанал арахьарачу яздархойн произведенеш. Цара шуна хьоьхур ду диканиг дан, вочух лардала.

-Керлачу шарахь вай д1адолор ду книжкин керла дакъа. Д1аеша цуьнан ц1е. Стенах лаьцна дуьйцур ду цу декъа т1ехь?

2.Хьехархочун дош.(юххедиллар)

- Вай тахана д1адоьшур ду Хь. Хасаевс яздина «Беркате аьхке» ц1е йолу дийцар.

3.Хьехархочо д1адоьшу дийцар.

      Дошам.

1.Дозуш-кхузахь , вовши ца хилча йиш йоцуш;

2.Синбилгалонаш- буьйса д1аяьлла СА хуьлуш йолу билгалонаш.

4.Сада1аран миноташ.

5.Бераша д1адоьшу дийцар.

6.Чулацамах кхетор.

-Стенах лаьцна ду дийцар?

-Стенах хаьдда хила йиш яц адамийн а,дийнатийн а ,ораматийн а дахар?

-Муха хуьлу дийнатийн дахар аьхка?Иза  иштта х1унда хуьлу?

-Муха хуьлу бацалахь тхин т1адамаш? Д1аеша и меттиг.

-1уьйранна тхин т1адамийн тидам биний ахь?

-Муха хуьлу 1алам 1уьйранна малх гучуболучу хенахь?

-Халкъан муьлхачу тидамех пайдаэцарца хиъна авторна де декхна  хирг хилар?

-Хьан дуьйцур дара аша аьхкенан 1уьйренах лаьцна?

7. Берашка дагахь ешийтар.

8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай кху урокехь?

-Стенах лаьцна дара дийцар?

-Х1ун керланиг хии шуна 1аламах лаьцна?

Ц1ахь: шера д1адеша дийцар , аг1о 3-4.