1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Георгий Баллас йаздина дийцар «Цхьана меттехь ца соцу мало» довзийтар, нийса, шера, кхеташ дийцаран тексташ йеша 1амор, дийцаран чулацам талла 1амор;
кхетам - кхиоран: хьанал къинхьегаме болу безам к1аргбар.
Дешаре шовкъ кхоллар.
Малонча.
Школехь бека горгали:
- Самавала, Сайд – 1али,
Хьалаг1атта, школе г1уо,
Т1аьхьавуьвуш лаьтта хьо,
Хьан нийсархой д1абахна,
Ца воьдуш хьо ц1ахь висна,
Бераш доьлуш хир ду хьох,
Висна, бохуш, вижна чохь.
Школехь бека горгали:
Самавала Сайд – 1али,
Хьоьга кхойкху йишхаьлла,
Х1унда вац хьо т1ах – аьлла?
Д1айеша меллаша, д1айеша чехка. Хьанах лаьцна йу байт?
Муха к1ант ву Сайд – 1али?
Керла коьчал хьехар.
Хьехархочо д1адоьшу дийцар «Цхьана меттехь ца соцу мало».
Чулацамах къамел дар.
- Хьанах лаьцна ду дийцар?
- Маца г1аьттира к1ант хьала?
- Х1ун хаьттира к1анта децига? (Бага г1еттор х1ун ду?)
- Х1ун жоп делира децас (Хьуна чуьра арайолуш мало йу)
- Децина гиний мало? (Ца гина)
- Х1унда? (Жима йолуш дуьйна децех лечкъаш йу иза)
- Х1ун дийцира децас малонах лаьцна? (Иза хилдолуш х1ума
йу, цхьанхьа д1алечкъина хир йу)
- Муха арайаккха кхетам белира цо к1антана? (Нуй хьакхахь
йодур йу)
Х1ун хетара к1антана нуй хьокхуш? (Шега цхьаммо охьахаа
бохуш санна)
Шолг1а муьлха г1уллакх дира к1анта мало арайаккха?
(Дечиг д1адиллира)
Т1аккха х1ун боху хьоьга малоно? (Охьахаа)
Кхозлаг1а х1ун г1уллакх дира к1анта мало арайаккха?
(Асар дира)
Х1ун хьоьхура малоно? (Ч1ог1а йовха йу вайна. Сада1а к1ант)
Х1ун хилира к1ентан малонах? (Йайра)
Шуна гиний мало? Муха хуьлу иза?
Керла тема кхин д1а а хьехар.
Бераша д1адоьшу дийцар «Цхьана меттехь ца соцу мало».
Чулацамах лаьцна къамел.
- Хьан эр дара? Х1ун дича д1айолу мало?
- Болх а, къинхьегам а бохучу дешнех муха кхета хьо?
- Х1унда ду уьш уггар лоруш долу дешнаш?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.