Презентация
Оценка 4.7

Презентация

Оценка 4.7
pptx
07.12.2022
Презентация
Пр. 2 кл. лит. Махмаев Ж. Ши к1еза..pptx

Хьехарсахьтан ц1е: Махмаев Жамалди «Ши к1еза»

Хьехарсахьтан ц1е: Махмаев Жамалди «Ши к1еза»

Хьехарсахьтан ц1е:

Махмаев Жамалди «Ши к1еза».

Ж. Махмаевн дахар, кхолларалла, цуьнан керла произведени «Ши к1еза» йовзийтар; йаздархочун къамелах кхета 1амор, нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ йеша 1амор; кхетам - кхиоран:…

Ж. Махмаевн дахар, кхолларалла, цуьнан керла произведени «Ши к1еза» йовзийтар; йаздархочун къамелах кхета 1амор, нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ йеша 1амор; кхетам - кхиоран:…

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Ж. Махмаевн дахар, кхолларалла, цуьнан керла произведени «Ши к1еза» йовзийтар; йаздархочун къамелах кхета 1амор, нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ йеша 1амор;
кхетам - кхиоран: доттаг1алле болу безам к1аргбар.

Догдаийтаран мур.

Догдаийтаран мур.

Догдаийтаран мур.
Кицанаш:
1. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна.
2. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь,
и воцуш вуьсур ву хьо.
3. Зулам лоьхург вонах ца ваьлла.

Билгалбаьхна кхиамаш: дешархошна хуур ду нийса а, кхеташ а, авторан дог - ойла а гойтуш стихотворни тексташ йеша 1амор; дика деша лаам кхиор, авторан маттан…

Билгалбаьхна кхиамаш: дешархошна хуур ду нийса а, кхеташ а, авторан дог - ойла а гойтуш стихотворни тексташ йеша 1амор; дика деша лаам кхиор, авторан маттан…

Билгалбаьхна кхиамаш: дешархошна хуур ду нийса а, кхеташ а, авторан
дог - ойла а гойтуш стихотворни тексташ йеша 1амор; дика деша лаам кхиор, авторан маттан таллам бар, произведенехь далийначу хазачу дешнийн таллам бан, шайна хетарг ала хуур ду.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
«Бексолтин алаша» Х. Берсанов.


Дешаре шовкъ кхоллар.

Дешаре шовкъ кхоллар.

Дешаре шовкъ кхоллар.
Татанаш.
Мохо делхош ду тхан ков,
Цуьнан ницкъаш цо ца лов,
Йетгаш бу и ч1ог1а шок,
Сингаттамах дузуш дог.
Делахь - со - м а нанна т1аьхьа,
Аравала буса ваьхьа.
(I. Демеев)
 
- Д1айеша байт. Муха йу иза самукъане йа
сингаттаме?
- Муха к1ант ву цу т1ехь вуьйцург?
- Ша вер варий иза ара?

Муьлха произведени йевзар йу вайна тахана?

Муьлха произведени йевзар йу вайна тахана?

1алашо йовзийтар.
Муьлха произведени йевзар йу вайна тахана?
Мила ву цуьнан автор?
Бераш, вайна вевзар ву берийн г1аравьлла
йаздархо Ж. Махмаев, цуьнан произведени
«Ши к1еза».
 

Стихотворени «Ши к1еза».

Стихотворени «Ши к1еза».

Стихотворени «Ши к1еза».

Керла тема хьехар. 1. Хьехархочо д1айоьшу «Ши к1еза»

Керла тема хьехар. 1. Хьехархочо д1айоьшу «Ши к1еза»

Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо д1айоьшу «Ши к1еза» Ж. Махмаев.
2. Чулацамах къамел дар.
- Стенах лаьцна йу стихотворени?
- Х1ун йу шина к1езана ц1ераш? Уьш хьенан ду?
- Муха ду Гудри? Шайн дешнашца ала.
- Муха ду Барза?
- Х1ун къовсам хуьлу Амхьадан, Овхьадан?
- Шина к1ентан дов даьлча к1езанаша х1ун дира?
- Муьлха ж1аьла ду хьекъале? Х1унда?
- Муха ши к1ант ву стихотворени т1ехь вуьйцу шиъ?
(Барт боцуш, доттаг1алла лело ца хууш).
- Аша х1ун эр дара цу шина к1анте?
 

Дешнаш т1ехь болх: сема – чутко; гирз – чесотка; з1оьмалг – пугало, чучело; бирдолаг – летучая мышь

Дешнаш т1ехь болх: сема – чутко; гирз – чесотка; з1оьмалг – пугало, чучело; бирдолаг – летучая мышь

Дешнаш т1ехь болх:
сема – чутко;
гирз – чесотка;
з1оьмалг – пугало, чучело;
бирдолаг – летучая мышь.

Сада1аран минот.

Сада1аран минот.

Сада1аран минот.
Физминот.
Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:
Т1араш тухуш, т1араш тухуш
Гонна т1аьххье дуьйлало.
Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.
Цхьаъ - схьаверза,
Шиъ - д1аверза.
Кхоъ - охьата1а,
Диъ - хьалата1а.
Т1араш тухуш, т1араш тухуш,
Гонна т1аьххье дуьйлало.
Йуха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,
Когаш тохий, кхоссало.

Керла тема кхин д1а а хьехар

Керла тема кхин д1а а хьехар

Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша д1айоьшу стихотворени «Ши к1еза».
2. Къастош йешар.
 - Д1абеша Гудрин башхаллаш гойтуш болу мог1анаш?
- Д1абеша Барзан башхаллаш гойтуш болу мог1анаш?
- Ахьмадан, Овхьадан къовсам д1аболало мог1анаш д1абеша.
Шина к1езано х1ун дира шина к1ентан дов даьлча?
Д1абеша мог1анаш.
- Гудри хьекъале хилар муьлхачу
мог1анашкахь гойту?

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор.

Дозуш долу къамел кхиор. Кицанаш чекхдаха: 1. Дика к1ант – лам, вон к1ант… 2. Сихалло са даьккхина, собаро лам… 3. Доттаг1 коьрте хьожу, мостаг1...

Нийса дуй талла.

Нийса дуй талла.

Нийса дуй талла. Кицанаш: 1. Дика к1ант – лам, вон к1ант бала. 2. Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина. 3. Доттаг1 коьрте хьожу, мостаг1 когашка.

Синквейн.

Синквейн.

Синквейн. Къонахалла. Майра, оьзда. Хуьлу, гучуйолу, оьшу. Къонахалла – стеган сийлахь дарж. Майралла.

Жам1 дар. Муьлха стихотворени йийшира вай?

Жам1 дар. Муьлха стихотворени йийшира вай?

Жам1 дар.
Муьлха стихотворени йийшира вай?
Стенах лаьцна йу иза? Хаза йарий
стихотворени? Х1ун дара гуттар хазделларг?
 

Урокан мах хадор. 2. Рефлекси

Урокан мах хадор. 2. Рефлекси

1. Урокан мах хадор.

2. Рефлекси.
- Х1ун болх бан ницкъ кхечи шун?
Суна йевзи керла стихотворени…
Суна 1еми иза йеша…
Суна хии сайн дешнашца жоп…
Суна хии жоп книги т1ехь лаха…


 

Ц1ахь бан болх: Бераша д1айоьшу «Ши к1еза» стихотворени

Ц1ахь бан болх: Бераша д1айоьшу «Ши к1еза» стихотворени

Ц1ахь бан болх:

Бераша д1айоьшу
«Ши к1еза» стихотворени.
 

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Баркалла хуьлда шуна, сан хьоме бераш!!!

Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
07.12.2022