1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: нохчийн халкъан барта кхолларалла кхин
д1а а йовзийтар, «Борззий,цхьогаллий, ломмий»
туьйра довзийтар; нийса а, кхеташ а туьйранаш
деша 1амор, ойлайар тидамбар кхиор;
кхетам – кхиоран: дешаре болу безам к1аргбар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду халкъан амал д1а гойтуш, кхеташ туьйранаш деша, берашна хуур ду туьйранан хьекъалах кхета. Берашна хуур ду шайн дешнашца туьйранаш схьадийца. Берашна хуур ду кийчачу планаца туьйра схьадийца, берашна хуур ду туьйранан чулацам талла, цунах пайде шайна дерг ган, зуламе дериг ган, цунах ларвала.
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг схьайийцитар.
Бераша схьдуьйцу «Зуй, пхьагаллий» ц1е йолу туьйра.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
Кица «Церг – деши ду, мотт – бала бу».
- Муха кхета шу цу кицанах?
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.