1алашонаш:
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Э. Мамакаевн «Тхан Пису» стихотворени йовзийтар; йаздархочун къамелах кхета 1амор, нийса а, кхеташ а стихотворни тексташ йеша 1амор.
кхетам - кхиоран: халкъан барта кхолларалле безам кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш: дешархошна хуур ду нийса а, кхеташ а авторан дог - ойла а гойтуш стихотворни тексташ йеша 1амор; дика деша лаам кхиор, авторан маттан таллам бар, произведенехь далийначу хазачу дешнийн таллам бан, шайна хетарг ала хуур ду.
Догдаийтаран мур.
Х1етал - металш:
1. Дийнахь эла, буьйсанна лай?
2. Хьуьн чохь а, арахь а кетар йу лелаш?
3. Хи дуьне, дуьне эхарт хьанна ду?
Дешаре шовкъ кхоллар.
Цициг.
- Ас кхин дахка лоцур бац!
- Ч1аг1о йора цициго,
- Ас кхин дахка буур бац!
- Дуй буур а цициго.
- Хала дара цунах теша,
Цициг - мициг,
Хьо мичахь дара?,
- Говраш 1амош дара,
- Говраш мичахь йу?
- Попа чу йоьхкина...
- Поп мичахь йу?
- Ц1аро йагийна.
- Ц1е мичахь йу?
- Хино йайина.
- Хи мичахь ду?
- Туьйсур йацахь,
Старг1анаша д1амелла.
- Мажар тоьпаца
Старг1анаш мичахь йу?
- Лоьцур дацахь,
Лома т1ехьа йахана.
- Лам мичахь бу?
- Н1аьнаша бохийна.
- Н1аьний мичахь ду?
- Бедаша диъна.
(Халкъан)
- Д1айеша байт. Муха йу иза самукъане йа сингаттаме?
- Муха цициг ду цу т1ехь дуьйцург? (Коча)
1алашо йовзийтар.
- Муьлха произведени йевзар йу вайна тахана?
Мила ву цуьнан автор?
- Бераш вайна вевзар ву берийн г1араваьлла
йаздархо Э. Мамакаев, цуьнан произведени «Тхан пису».
Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо д1айоьшу «Тхан Пису» Э. Мамакаев.
2. Чулацамах къамел дар.
- Стенах лаьцна йу стихотворени?
- Муха ду пису?
- Муха кечдо Айзас пису?
- Муха ловзу пису?
- Мегар дуй цициг иштта ловзо? (Дац)
- Х1унда? (Цуьнан къа ду).
Дешнаш т1ехь болх:
тайниг – кукла;
гуьлмаьнда – шелковый платок;
биц1аьлдиг – игрушка;
истанг – войлочный ковер.
Сада1аран миноташ.
Цаьпцалгаш.
Цаьпцалгаш, цаьпцалгаш,
Лелаш йу шу кхийсалуш:
Кхосса – кхосса - кхоссалой,
Бацалахь цкъа д1атарлой,
Жимма бецаш кхаллий,
Тийналле ладог1ий,
Меллаша шу йуьйлало,
Йуха хьалакхоссало.
(Бераша цаьпцалгаша дийрриг до).
Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша ч1ог1а д1айоьшу стихотворени.
2. Бераша меллаша д1айоьшу стихотворени.
Рефлекси йар:
Х1ун болх бан ницкъ кхечи шун?
Суна йевзи керла стихотворени…
Суна 1еми иза йеша…
Суна хии сайн дешнашца жоп…
Суна хии жоп книги т1ехь лаха…
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.