1алашонаш:
1. 1аморан (обуч.): дешархойн хаарш зер.
1амийнарг карладаккхар.
Кхиоран (разв.): нохчийн халкъан барта
кхолларалла кхин д1а а йовзийтар,
«Газа-гуьзалггий, сира борззий» туьйра
довзийтар; нийса а, кхеташ а туьйранаш
деша 1амор, ойлайар тидамбар кхиор.
3. Кхетам - кхиор (восп.): дийнаташка болу
безам к1аргбар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хьаьр ду халкъан амал д1а гойтуш, кхеташ туьйранаш деша, берашна хуур ду туьйранан хьекъалах кхета. Берашна хуур ду шайн дешнашца туьйранаш схьадийца. Берашна хуур ду кийчачу планаца туьйра схьадийца, берашна хуур ду туьйранан чулацам талла, цунах пайде шайна дерг ган, зуламе дерг ган, цунах ларвала.
Нийса дуй талла:1. Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина.2. Тахана дан дезарг кханенга ма тетта. 3. Муш беха - дош доца хила деза.
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йар. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
1. Бераша схьдуьйцу «Майра пхьагал» ц1е йолу туьйра.
Дешаре шовкъ кхоллар.
1. Кица «Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина».
1алашо йовзийтар.
Муьлха туьйра доьшур ду вай тахана? Х1ун болх бийр вай и туьйра 1амош? План х1оттайел шайн белхан.
Суна девзар ду…
Суна 1емар ду…
Суна хуур ду…
Вай тахана д1адоьшур ду керла туьйра
«Газа - гуьзалггий, сира борззий».
Керла тема хьехар.
а) Хьехархочо д1адоьшу «Газа - гуьзалггий, сира борззий» ц1е йолу туьйра.
аь) Чулацамах къамел дар.
- Стенга йаханера нана - газа?
- Х1ун йара цуьнца?
- Муьлханиг йуьзна дуьххьара? Цо х1ун аьлла ши гай долчуьнга?
- Муьлханиг йуьзна шозлаг1а? Цо х1ун аьлла кхо гай долчуьнга?
- Муьлханиг йуьзна кхоалг1а? Муха йог1уш хилла а и ц1а?
- Х1ун йаьлла цунна дуьхьала?
- Цо х1ун аьлла газане?
- Муха жоп делла газано барзе?
- Муьлханиг тоьлла цу къовсамехь?
- Муха хета шуна нана - газа?
- Дахарехь хила тарлой ишттани?
Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Бераша д1адоьшу туьйра.
аь) Бераша кийчачу планаца схьадуьйцу туьйра.
1. Гезарий йежаш йу.
2. Цхьа гай долу, ши гай долу, кхо гай долу гезарий
д1акхоллу барзо.
3. Нана - газанан толам.
Туьйранан таллам бар.
Хьанна хаьа шуна х1ун йу туьйра? (Дийцар ду бакъ хила йиш
йоцуш)
Бакъ хила йишйоцуш х1ун ду вай дешначу туьйранан? (газано, барзо хабар ца дуьйцу; газанан ши гай, кхо гай ца хуьлу)
- Лакхара хьекъал кху гезаршна дог1ий?
Уьш цхьцца а ца йог1уш цхьани йаьхкинехьара ц1а, уьш эшалур йарий барзе?
Х1ун хьоьху шуна туьйрано? (Массо адам барт болуш хила деза)
Жам1 дар.
Комментари.Дийнатех лаьцна долчу х1окху туьйранахь гойту дикачо вочунна т1ехь толам баккхар, бакъдерг хьалха а долий, цо харцо эшор. Борз нуьцкъала, дера йелахь а, амма сонта йу. Газа г1ийла йелахь а, бакъ йу, цундела цо оцу къовсамехь ондачу барзана т1ехь толам боккху. Адамийн дахарехь а хуьлу туьйранахь дийцинчух тера долу г1уллакхаш. Х1окху туьйранан чулацамца халкъо йемалйо харцо, мекаралла, тешнабехк, ткъа иштта цо гойту дикачо вониг а, харцдерг а эшош хилар, бакъдерг толар. Оцу къовсамехь газа барзал тоьлу, х1унда аьлча газанан г1уллакх нийсонца а, бакъонца а хиларна.
Материалы на данной страницы взяты из открытых источников либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.