Презентация по чеченской литературе 2 класс Абубакарова Пет1амат «Дешнех ловза»

  • pptx
  • 21.12.2023
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Презентация Дешнех ловза. Абубакарова Пет1амат..pptx


Подготовила:
учитель начальных классов
Межидова Рашан Шахитовна

Презентация по чеченской литературе 2 класс Абубакарова Пет1амат «Дешнех ловза»

Маршалла хаттар.
-Де дика хуьлда шун, бераш!
-Диканца дукха ехийла!

Мотт шарбар.
Мархий, 1алхий ловзош аьлха,
боьлхуш бара лаха Ваха.

1алашо йовзийтар.
«Ненан мотт,
Дайн г1иллакх лардеш
Лаха вай
Кху лаьттахь ирс.»

Абубакарова   Пет1амат Зайндиевна  дуьнен чу яьлла 1972-чу  шеран  17-чу  майхь,Т1ехьа - Марта   к1оштан Котар-Юьртахь. Циггахь №3 йолу  юккъера   ишкол   яьккхина  дато  мидалца. Цул т1аьхьа  ц1ечу  дипломаца  чекхъяьккхина  Нохч-Г1алг1айн  пачхьалкхан  хьехархойн институтан  филологин  факультет.
               Пет1амат ийман долуш, ц1ена бусулба хилар гучудолу цуьнан байташкахь.1аьрбийн йоза-дешар хууш а ю иза. Ша хьехархо хиларе терра, я вуьшта аьлча, шена бераш дукхадезаре терра, цуьнан кхолларалехь берийн дахаро йоккха меттиг д1алоцу. Маттана говза, шен хат1 долуш,  берийн яздархо кхиъна нохчийн литературехь, ала мегар ду вай тахана.Цунна тоьшалла до х1окху гулар юкъаяханчу байташа а, дийцарша а.         Абубакарова Пет1амата гайтина, ша дика гочдархо хилар а. 1аламат ч1ог1а дика гочйина нохчийн матте яьхна цо оьрсийн яздархойн а, поэтийн а  цхьамог1а говзарш. Къаьсттина боккха кхиам хиета суна В.Гаршинан «Ц1ен зезаг» дийцар гочдар.Чолхе, адаман синлазамаш гойтуш долу и  башха дийцар нохчийн маттахь шен шолг1а дахар кхолладелча санна дека. Изза ала мегар ду С.Аксаковн «Сирла-ц1ен зезаг» аьлла долчу туьйранах а. Кхузахь ала дог1у, авторо, шен ц1е боккъала зезагах схьаэцна хилар билгадаьккхина ца 1аш, ша а,  шен дахар а оцу зезагах тардо. Иза цуьнан лирически турпалхочун васт ду.       Пет1амата кхид1а а мало йоцуш вайн литературехь къахьоьгург хиларх, теша лаьа.Цу т1ехь цуьнан кхиамаш хиларе сатуьйсу вай.

Дешнех ловза

Луург  соьца  дешнех ловза, Лерса ирдай, хила  схьа. Цхьаьна язйийр ю вай говзар. Г1о де,нисъеш чаккхе д1а.

Лелабо  1ай   коьртахь к.. уьйт1ахь,чохь а хьокху  н.. Ков д1акъовлуш  буллу  г1.. Доьша  дутту-ж1аьлин    г..

Б1аьста  арахь  сенло б.. Хьуьнхахь беха  кура  с.. Хи  т1ехула  туьллу  т1.. Механ  1уьрга  дуьллу т..

Хи чохь  беха  чабакх-ч1... Иза  лоцуш  буг1у  м1... Болх  беш  куьйга  духу  к... Хьуьнхахь  кхуьу  ц1улла-с...
Кхин д1а,бераш,язде  шаьш, Дуьйцуш-олуш ,мукъа  1аш!

Т1еч1аг1даран болх

-Муьлха дог-ойла хуьлу шун и стихотворении ешча?
-Муьлхачу озаца еша еза иза?
-Муьлха дешнаш къасто деза йоьшуш?

Парнашкахь болх бар
Бераш стихотворенехь дуьйцучун чулацамца дог1уш барта масех ловзар сурт х1оттаде.

Ц1ахь бан болх балар.

Стихотворени еша.