Презентация по чеченской литературе 2 классПрезентация Махмаев Жамалди Маликатан доттаг1ий"

  • pptx
  • 21.12.2023
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Презентация Маликатан доттаг1ий.pptx

Презентация по чеченской литературе 2 класс

Махмаев Жамалдин
«Маликатан доттаг1ий»

Подготовила:
учитель начальных классов
Межидова Рашан Шахитовна

Ойла т1еерзор.

Соьга хьовсий самадовла,
Вовшашка хьовсий къинт1ера довла,
Х1инца дикка тидам бе,
Балхе ойла ерзае.

Кица.

1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени евзар ю вайна тахана?
-Мила ву цуьнан автор?
Бераш вайна вевзар ву берийн г1аравьлла яздархо Ж. Махмаев, цуьнан произведени
«Маликатан доттаг1ий».

Махмаев Жамалдин (1939 – 2014)

Махмаев Махьмудан Жамалди — вина 1939-чу шеран 14-чу мартехь хьехархочун Махьмудан доьзалехь Соьлжа-ГIалина гена йоццуш Органан йийстехь лаьттачу БердакIелахь. 1958-чу шарахь Грозненски районан «Заветы Ильича» цIе йолчу газетан корреспондент вахийтина Жамалдин. Газетехь кхаа шарахь болх бинчул тIаьхьа, хьехархойн ялх беттан курсаш чекх а яьхна, БердакIеларчу ворхIшеран школин юьхьанцарчу классин хьехархо вахна. Амма цхьана шарахь школехь болх бинчул тIаьхьа юха а дIавигна «Заветы Ильича» газета редакци. Оцу газетан редакторан заместителан дарже хIоттийна Жамалди. 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институтан заочни отделени деша хIоьттина, амма цхьа шо даьлча юкъах вала дезна эскаре гIуллакхдан а кхайкхина. Эскарера цIа веанчул тIаьхьа, «Ленинан некъ» газетан редакцехь болх а беш, юха а заочно деша а хIоьттина, 1971-чу шарахь чекхяьккхина институтан историко-филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени. Махмаев Жамалдин дуьххьара зорбане яьлла произведени казахийн маттахь язйина «Тхан колхоз башха ю» стихотворени хилла, цунна зорба тоьхна 1954-чу шарахь, автора ма-аллара, «Казахстанан пионер» цIе йолчу газета тIехь. Школехь нохчийн мотт а, нохчийн литература а хьехарна гIоьнна язбина методически белхаш а бу Махмаев Жамалдин. Цунна шен дахарехь коьрта хетара школехь хьехархо хилар а, берашна яздар а.
Махмаев Джамалдин кхелхина 2014-чу шеран 29-чу ноябрехь.

Х1ума довза луург
Ялта, кхийолу х1умаюьйш-лелош долу латта? (Кха)
2. К1иранан кхоалг1а де? (Кхаара)
3. Уьстаг1ан ц1ока? (Кхакха)
4. Юург кхечу кепара? (Кхача)
5. Кхо га долу шада? (Кхолго)
6. Шура, цуьнан сурсаташ чохьлелон кхийрапхьег1а? (Кхаба)
7. Президент я депутат хоржушхаржаман яьшки чу тосу кехат? (Кхаж)
8. Говран «месаш»? (Кхес)

Жам1 дар.
-Муьлха стихотворени йийшира вай?
-Мила ву цуьнан автор?
-Х1ун барт бира дешархоша Маликатаца?
-Шу т1етовр дарий оцу бартана?
-Х1ун хьоьху вайна цо?

Урокан мах хадор.

-

Хаза хийтин шуна вайн урок?
Шайн карарчу смайликашца мах хадабе вайн урокан.