1алашонаш:
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам
балар, предложенин цхьанатайпанара меженаш
а, амма, ткъа бохучу хуттургашца а, хуттургаш
йоцуш а; хаа деза, цхьанатайпанара меженаш
муьлхарш йу; цхьанатайпана меженаш йуккъехь а
йолуш, предложенеш х1итто хаар;
кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам
к1аргбар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна йевзар йу цхьанатайпанарчу меженашца лела хуттургаш, йозанехь царех пайда эца хуур ду. Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршан жоьпаш даларца къамеле бовла, учебниках пайдаэца.
Керла коьчал йовзийтар.
Муьлха хаттар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхинарг?
Д1айеша бакъо.
Хьехархочун дош.
Уьн т1ехь хьалххе д1айазйо лахара предложенеш:
1. Т1екхечи дашо, токхе гуьйре.
2. Ч1ег1ардиган кхача бу чуьркаш, мозий.
3. Ахьмад школехь доьшуш ву, ткъа Юсуп гимназехь.
4. Бераш дог1анах девдира, амма дашийра.
5. Нанас йо1ана тетрадаш а, басарш а, къоламаш а ийцира.
Т1едиллар.
Предложенин цхьанатайпанара меженаш бохучу дешнийн цхьаьнакхетарехь цхьанатайпанара боху дош муха кхолладелла? (цхьана + тайпанара – ши дош вовшахтохарца).
Муха ду цу дешан лексически маь1на? (цхьатерра,
цхьанакепара, вовшех тера, цхьанатайпана дешнаш).
Д1айазйе предложенеш тетрадаш т1е:
Карор йарий шуна оцу предложенехь цхьанатайпанара
меженаш?
Муьлхачу дашах йозуш йу уьш? Цхьана хаттарна жоп
лой цара?
- Предложенин муьлха меженаш йу уьш?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.