С-ХЬ. Кацаевс яздина дийцар «Машар.» 4 класс. Чеченская литература.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 23 .docx

 Литературное чтение.

Тема:

 1алашо: С-ХЬ. Кацаевс  яздина дийцар «Машар.» довзийтар, нийса а, кхеташ а, чехка а дийцаран тексташ еша 1амор,нохчмйн литературе безам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

  «Д1авахийтиша со юьрта.»   дийцар д1адешар.

2.1алашо йовзийтар.

-Вай тахана д1адоьшур ду : С-ХЬ. Кацаевс  яздина  «Машар.» ц1е йолу дийцаран 1 –ра дакъа.

4.Керла дийцар довзийтар.

  1.Хьехархочо д1адоьшу дийцар.

   2.Чулацамах лаьцна къамел дар.

-Маса хилл дийцар т1ехь дуьйцуш дерг?

-Мила ю дийцар схьадуьцуш ерг?Мила ю машар?

-Шен дас, веанчу хьешо деш долу къамелаш муха хетта йо1ана, стенгахь гучуболу цу шина стеган сингаттам?

5.Сада1аран миноташ.

6.Дийцар т1ехь кхин д1а а болх бар.

  1.Бераша д1адоьшу дийцар.

  2.Къастош ешар.

-Муха дара Машарг1еран дахар т1ом балале хьалха? Д1аеша и меттиг.

-Муха хийцаделира церан дахар т1ом болабелча?Муха детталора ненан дог бомбанаш тоьхча?Д1аеша и меттиг.

-Стенах кхоьруш яра берийн нана: ша лазорна я бераш лазорна?

-Х1ун яра Машаран нанна гинарг? Оцунах лаьцна хьуна х1ун хаьара?

-Стенга бига сацам бира дас шеен доьзал? Д1адеша церан къамел?

-Х1унда ца лаьара нанна да витина яха?

-Муха адамаш хета шуну т1ом болш дерш?

Х1ун ю т1ом? Машар?

-Т1ом безачу адаме ахь х1ун эр дара?

7.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай? Х1ун дара хьуну ца там баьлларг?

Ц1ахь: шера д1адеша дийцар « Машар», аг1о 40-47.