С-ХЬ. Кацаевс яздина дийцар «Машар» 4 класс. Чеченская литература.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 24.docx

Литературное чтение.

Тема:Машар.

 

 1алашо: С-ХЬ. Кацаевс  яздина дийцар «Машар» довзийтар, нийса а, кхеташ а, чехка а дийцаран тексташ еша 1амор,нохчмйн литературе безам кхоллар.

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

  «Машар.»   дийцар д1адешар.

2.1алашо йовзийтар.

-Вай тахана д1адоьшур ду : С-ХЬ. Кацаевс  яздина  «Машар.» ц1е йолу дийцаран 2-г1а дакъа.

4.Керлатема хьехар.

  1.Хьехархочо д1адоьшу дийцаран 2- г1а дакъа.

   2.Чулацамах лаьцна къамел дар.

Эххар а х1ун сацам хуьлу Машаран ден ?

-Да ц1ахь а вуьсуш шайн т1амах девддв д1адахадезар муха т1еоьцу йо1а?

-Суьлийн милцоша муха г1о дира Машарг1арна т1амах бевдда боьлхуш?

-Нохчашна эшарий и т1ом?

5.Сада1аран миноташ.

6.Дийцар т1ехь кхин д1а а болх бар.

 1.Бераша д1адоьшу дийцар.

  2. «Т1ом» дийцар х1оттор

-Х1ун ю аьлла хетта шуна т1ом?( иза адамийн баларш гойтуш, мацалла х1оттош, доьзалш вовшех къастош йолу ирча сурт ду)

-Муха ду т1ом боцуш хенахь адамийн дахар?Машарг1еран доьзал муха бехаш бара?(Т1ом боцуш адамийн дахар ирс долуш ду, бераш арахь парг1ат ловзу, уьш цхьанне х1уманах кхоьруш дац.Да-нана цаьрга хьоьжуш , церах самукъадолуш ирсе ду.Машарг1еран доьзалехь.ваша ловзуш вара,да дечиг доккхуш вара, нана юург кечъеш, машар г1о деш яра.Уьш ирсе бара,шайн цициг ловзо стола гонах 1ара, Амма ц1еххьшха д1аделира иза)

-Муха хийцало дахар т1ом болабелча?(дай,нанаий б1арзлой хьийза берашна х1ун ден ца хууш,кхоьруш хуьлу т1амо вовший юха ца гайтарна)

-Х1ун ду т1ом хилча адамашна гуш дкрг?(Баларш , белхарш)

-Хьуна х1ун аьлла хетта т1амах?(Суна т1ом цкъа а хила ца лаьа.Суна сайн да нана ирсе ган лаьа)

7.Жам1 дар.

-Х1ун хьоьху кху дийцаро?Х1ун хазаниг хилира дийцар т1ехь?

Ц1ахь: шера д1адеша «Машар» дийцаран 2-г1а дакъа, т1амах лаьцна дийцар д1аязде.