«Со хьуна кхин декар дац..» С-С. С. Бадуев.

  • docx
  • 05.05.2020
Публикация на сайте для учителей

Публикация педагогических разработок

Бесплатное участие. Свидетельство автора сразу.
Мгновенные 10 документов в портфолио.

Иконка файла материала Урок 43.docx

Литературное чтение

Тема: «Со хьуна кхин декар дац..» С-С. С. Бадуев.

1алашо:Бадуев С.дахар, кхолларалла, цуьнан дийцар«Со хьуна кхин декар дац..» довзийтар; нохчийн баккхийра яздархой бовзийтар, нийса а , кхеташ а дийцаран текст еша 1амор, дийцаран коьрта маь1нех кхета 1амор: нохчийн литературе безам кхоллар.

  Г1ирс: Яздархочун сурт.

 Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

Бераша  схьадуьйцу кицанаш, х1етал-металш.

2.1алашо йовзийтар.

-Бераш, вай тахана  д1адолор ду книжкин керла дакъа.Д1аеша цуьнан ц1е

-Нохчийн къоман баккхийра яздархой.

-Вайна бевзар бу нохчин литературан бухбиллархой.Вешан довзар д1адолор дув ай нохчицн г1араваьллачу яздархочунна т1ера С. Бадуев.

3.Хьехархочун дош.(юххедиллар)

4.Керла дийцар довзийтар.

5.Чулацамах къамел дар.

-Х1ун олхазар дара хьуьн чохь лаьцнарг?

-Хьанна доьхкира хьуьнхочо ша лаьцна олхазар?

-Стенах самукъадолура воккхачу стеган?

-декачуьра х1унда сецира олхазар?

-Х1ун г1айг1а хилла декачу олхазаро ялхош ерг?

6.Сада1аран миноташ.

7.Бераша д1адоьшу дийцар.

8.Коьртачу маь1нех кхетор.

-Х1унда декаш хиллера хьоза?(шеен бала балхош)

-Воккхачу стага мух т1еоьцура  цуьнан  декар( бала)?(хазахеташ хилла)

-Х1унда?(Олхазаран мотт ца хаьа цунна)

-Мотт хууш хилча хила тарлой цхьан адамна вукхунгахь бала хилча хазахеташ?Мегар дуй шеен бала балхо?

-Х1ун ала г1ерта автор?Х1ун хьекъал ло цо вайна?(Хьайн бала массаьрга мА балхабе, нахана цхаболчаьрна хазахета, цунах самукъадолу)

9.Жам1 дар.

-Мила ву С.Бадуев?

-Муьлха дийцар дийшира вай? Шуна иза хазахийтирий?

-Шуна къа хетий цу хьозанах? Ахь х1ун дийр дара йунна?

Ц1ахь: Схьадийца кечам бе  «Со хьуна кхин декар дац..» ц1е йолу дийцар.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Чеченский язык

Тема: Ц1ердешнийн кхоалг1а легар.

1алашо: ц1ердешнаш легаршка декъаран билгалонаш йовзийтар;кхоалг1ачу легарна чудог1учу ц1ердешнийн билгалонаш йовзийтар; йозанехь царех пайдаэца 1амор.

Г1ирс: таблица «ц1ердешнийн легар»

Урок д1аяхьар.

1.Ц1ера болх таллар.

 Шардар№ 169.

  Карладаккхар.

-Муьлха ц1ердешнаш дог1у шол1ачу легар чу?

2.1алашо йовзийтар.

-вайна тахана хуур ду 3-чу легарна чу муьлха ц1ердешнаш дог1у, уьш муьлхачу билгалонашца далийна цу тобанна юкъа.

3.Кхоалг1ачу легар чудог1учу дешнийн тидам бар.

Ц1.

Дада

Дадаг1ар

маьнга

маьнгеш

Дл

Дадин

Дадаг1еран

Маьнгин

Маьнгийн

Л

Дадина

Дадаг1арна

Маьнгина

Маьнгешна

Др

Дадас

Дадаг1ара

Маьнгано

Маьнгеша

К

Дадица

Дадаг1арца

Маьнгица

Маьнгешца

Х

Дадех

Дадаг1арах

Маьнгех

Маьнгех

М

Дадега

Дадаг1араьрга

Маьнге

Маьнгешка

дс

дадел

Дадаг1арал

маьнгил

маьнганел

-Шина терахьехь лега дешнаш: дада, маьнга. Билгалъяха чаккхенаш.

-Муьлха чаккхенаш ю шина дешнан цхьаллин терахьехь? Дукхаллин?

-Х1ун эр дара аша церан чаккхенех лаьцна?(Шинне дешан чаккхенаш х1ора дожарехь цхьатера ю: Л.д  ина,--ина)

-Уь ш кхолг1ачу легаран  чудог1у дешнаш ду.Массо с дожарехь оцу дешнийн чаккхенаш цхьатера йолу дела нисдина и  дешнаш иштта чаккхенаш мел йолу ц1ердешнаш 3-чу легарчу.

-Муха къастадо легар? Х1ун чаккхенаш юдада дешан цхьаллин терахьехь ,коьчалниг дожарехь ?Маьнга дешан?

-Аса яздинчу дешнехь схьаязде 2-чу легар чудог1урш:ж1аьла, лами,стом.

Кеп: ж1аьла цхь.т.-ж1аьла, к.д.-ж1аьлица,чаккхе –ица 3-чу легар чудог1у.

4.Предложенехь ц1ердешнийн дожарш билгалдахар

 Шардар № 172.

-Муьлхачу легар чудог1у аш билгалдаьхна ц1ердешнаш?

5.Сада1аран миноташ.

6.Т1еч1аг1дар.

   Шардар № 173.

7. Жам1 дар.

-Муьлха ц1ердешнаш дог1у 3-чу легар чу?

Ц1ахь: шардар № 171,аг1о 88.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Чеченский язык

Тема: «Г1алаташ т1ехь болх бар»

1алашо: талламан болх кхочушбеш даьхна г1алаташ таллар, цу г1алаташна йог1у бакъонаш дагалацар, пайдаэцар; дешан х1оттамах болу хаамаш т1еч1аг1бар; ойлаяр ,жам1 дар кхиор.

  Урок д1аяхьар.

1. 1алашо йовзийтар.

-Вай тахана толлур ду талламан болх кхочушбеш даьхна г1алаташ.

2.Талламан белхан кхиамаш, кхачамбацорш довзийтар.

3.Г1алаташ т1ехь болх бар.

 1.ПРедложени доккхачу элпаца ца йолийна г1алаташ.

 - Муха йоло еза предложении? Кхин муьлха дешнаш яздо даккхийчу элпашца?

 2.Мукъаза шала элпаш ца яздаран г1алаташ дешан чаккхкнгахь.

-Маца яздо дешан чаккхенгахь мукъаза шала элпаш?

3.СТ дашехь ца яздина г1алаташ.

-Муьлхачу дешнашкахь яздо СТ?

4.Хандешца ЦА, МА нийса ца яздина г1алаташ.

--Маца яздо ЦА,МА хандешца цхьана? Къаьстина?

5.Дешт1аьхьенаш нийса ца язйина г1алаташ.

-Муха язйо дешт1аьхьенш дашца? Х1унда?

6. Кхидолу г1алаташ.

4.Сада1аран миноташ.

5.Дешан х1оттам (карладаккхар)

Деша – дешар- дешархо; зурма- зурманча;дешархочун, ламанхочун,1илманчас,д1аведира. Чувахара,арахьаьжира.

-Дош толлуш муьлха дакъа кародеза дуьххьара?

6.Жам1 дар.

  Ц1ахь : шардар № 95, бакъо.