Йоза
Урокан ц1е: Йозанан доккха а, жима а элп Ее яздар.
1алашонаш:
1.Предметни: йозанан доккха а , жима а элп Ее довзийтар.Элп Ее цхьаъ ша , дешдакъошкахь дешнашкахь яздан 1амор.
2.Метапредметни:
· Регулитивни: шеен белхан план х1оттр, цуьнан рог1аллица шена йозанан корматалла караерзор.Шен кхиамаш гар, царех пайдаэцар, кхачамбацарш ган ,церан бахьнаш довзар.
· Познавательни: е элпо шиъ аз билгалдар хаар, йозанехь елпан меттиг билгалбаккхар.Дешнаш дешдакъошка декъар.Ее элп оьрсийн т1еэцначу дешнашкахь бен ца яздар хаар.
· Коммуникативни: шеен хьехархочун хаттаршна жоьпаш дуьззана луш къамеле валар.Шена хетарг масаллица т1еч1агдар.
3.Личностни: дешаре шовкъ кхоллар.Дезачу денойн хазалла гайтар.Т1айп- тайпана корматаллаш йовзар, шена къасто лаам хилар.
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
-Д1аеша байт.
Керла шо т1едеана,
Елка хаза кечйина.
Боккха седа ч1ог1а къега,
Туьтеш массо басахь лепа.
Бераш хазахеташ ду,
Елкина гонаха ловзуш ду.
-Муьлха деза де ду дуьйцург?
-Шу хиллий йрлкехь?
-Муьлш бара цигахь?
-Хьуна х1ун елира?
2.Керла тема хьехар.
· Йозанан доккха а , жима а элп Ее довзийтар.
-Х1ара х1ун ю?(елка)
-Муьлха элп ду хьалхахь?(е)
-гайта зорбанан элп е.
-Х1ара йозанан доккха элп Е ду, х1ара йозанан доккха элп е ду.
-Муьлхачу элпах тер аду элп Ее?(е)
· Элп Ее д1аяздар.
Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е Е
е е е е е е е е е е е е е е е е е е
Ее Ее Ее Ее Ее Ее Ее Ее Ее Ее
· Дешнаш яздар.
Ел-ка, шо-фер, мон-тер,лет-чик.
-Д1адеша дешнаш.Х1ун ду церан цхьатера?(Элп е ду массо дашехь)
-Елка дашехь масса элп ду?(диъ е,л,к,а)
-Маса аз ду?( Й),(о),(л),(к),(а)-пхиъ аз ду.
-Х1унда ду пхиъ аз?(е элпо шиъ аз билгалдо)
-Муьлханаш ду уьш?(Й,О)
-Маса дешдакъа ду елка дешан?(шиъ)
-Х1унда ду шиъ?(шиъ мукъа аз ду)
-Муьлханаш ду уьш?(О,А).
-Д1аязде дешнаш дешдакъошка а доькъуш.Е элпана буха сиз хьакха.
-Элп Ее оьрсийн т1еэцначу дешнашкахь бен яз ца до.
4.Сада1аран миноташ.
5.Керла тема кхин д1а а хьехар.
· Предложенеш язъяр.
Алахьа , елка,
Дийцахьа , елка:
Муха хьо хила
Сел хаза , йоккха?
-Стенах лаьцна ю байт?(елкех)
-Муьлха элп ду елка дашехь?(е)
-Д1аязъе е элана буха сиз хьакха.
· Х1уманийн ц1ераш язъяр.
Хьехархочо д1агойту суьрташ: летчик,вертолет,монтер)
-Х1ара х1ун ю?(Вертолет)
-Д1аязде дош.
-Х1ара мила ву?(Летчик)
-Х1ара мила ву?(Монтер)
-Мила ву монтер?Цо х1ун до?Вайна оьший монтераш?
-Мила ву летчик?Цо х1ун до?Вайна оьший лоьтчикаш?
-Хьуна мила хила лаьа?
6.Рефлексию
-Муьлха элп девзи шуна?
-Маса аз билгалдо е элпо?
-Муьлхачу дешнашкахь яздо элп е?
-Муьлха говзаллаш евзи?Хьо мила хир ву?
-Х1ун керланиг 1еми хьуна?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.