Йоза
Урокан ц1е: Йозанан доккха а , жима а элп Гг
1алашонаш:
1.Предметни: йозанан доккха а, жима а элп Г г кхин д1а довзийтар, элп Г г цхьаъ ша , дешдакъошкахь, дешнашкахь яздан 1амор.
2.Метопредметни:
· Регулитивни: шеен белхан пла н х1отто, иза кхочушъян некъаш карор.Шена данделларг ган, ца дан деллачун бахьанаш довзар.Ша т1елаьцначул совнаха динарг ган.Цуьнан бахьнаш довза, пайдаэца хаар.
· Познавательни:Дешнашкахь оьшу элп билгалдаккха хаар сиз хьакхарца, дешнаш дешдакъошка декъар, текста юкъахь предложении карок и схьаязъяр цунна схема хоттор.Цхьана даша юккъера масийтта карор,грамматически арифметика яр.
· Коммуникативни:Шен накъосташца дагавалар ша кхоллараллин болх кхочушбеш, шена хеттарг т1еч1аг1дан хаар.Шен кхиамех лаьцна дийца хаар.Ша схьаязйинарг предложении хилар т1еч1агдар, шена предложенех хаьарг дийцарца.
3.Личностни: ненан метан хазалла гар и 1амо лаам , цунах дозалла кхиор. 1аламе безам кхоллар
Урок д1аяхьар.
1.Дешаре шовкъ кхоллар.
Дог1у дош ала
Букъ т1ехь даллалц доккха кховр
Хоьхкуш ма ца хуьлу __говр
Массарна хьо лаахь вовза,
Ялта л ело хила... .говза
1илманца хьан лелахь ойла,
Атта хир ду кхане ....гойла
1аламца ю даим суьйре
Дашо духар долу....гуьйре
Самавала Сайд-1али
Школ ехь бека __горгали
-Муьлха элп ду массо дашехь?(Г)
-Муьлха элп 1амор ду вай тахана?
-Д1аязлур дуй вайна и жоьпаш?Х1унда?(Элп г яздан ца хьаьа.)
2.1алашо йовзийтар.
-Т1е хьовса книгин 84-85 аг1онашна.Х1ун 1емар ду вайна тахана?
-Х1оттае план.Цкъа хьалха книги т1ехь билгалонаш е шаьш дийр долчунна хьалха т1аьхьалла ларъеш.Терахьаш дахка мегар ду.
-Дийца шеен-шенан планах лаьцна.
3.Керла тема хьехар.
· .Йозанан элп Гг довзар.
-Стенна т1ера д1адуьлалур ду вай план кхочушъян?(Элп Гг довзарца)
-Муьлха элп дара вай ешаран урокехь 1амийнарг?(Гг)
-Гайтал зорбананэлп Гг книги т1ехь.Цунна дехьо тхьовса.Х1арар йозанан доккъа элп Г ду , х1ара йозанан жима элп г ду.
-Даладел элп Г хьалхахь долу дешнаш, чаккхенгахь.
-Х1ун 1еми вайна?(Элп Гг девзи йозанан)
-Сиз хьакха элпанан улло диллинчу терахьна вайна 1аьммий хаийта.
-Кхин д1а х1ун 1емар ду вайна?(1емар ду йозананэлп Гг д1аяздан)
· Элп Гг д1аяздар.
-Хьехархочо гойту уьн т1ехь элп Гг муха яздан деза.
Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г Г
г г г г г г г г г г
Гг Гг Гг Гг Гг Гг Гг Гг Гг Гг Гг
-Х1ун 1еми вайна?(Элп Гг д1аяздан)
-Кхин х1ун 1емар ду вайна?(Дешдакъош д1аяздан)
· Дешдакъош д1аяздар.(Диктант)
Га го гу ги ге
Аг ог уг иг ег
-Х1ун хийцаделла дешдакъошкахь?
-Х1ун 1еми вайна?(Дешдакъош д1аяздан)
-Х1ун 1емар ду вайна кхин д1а?(Дешнаш д1аяздан)
· Дешнаш д1аяздар.
Говр, говза, гойла, горгали, гуьйре.
-Муьлха жоьпаш дара вайна д1аяздан ца хиънарш?Хьан яздийр дара уьш?
-Г элпана буха сиз хьакха.
-Х1ун 1еми вайна?(Г элп юкъадог1у дешнаш д1аяздан)
-Кхин д1а х1ун 1амор ду в ай?(Предложени язъян)
Хьамзатанан дукхаезара говраш.Цо говраш а , бокъий а кхобура.Хьамзата церан 1уналла дора.
-Маса предложении ю текстехь?
-Хьалхарниг?( Хьамзатанан дукхаезара говраш)
-Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?
-Шолг1аниг? Цо говраш а , бокъий а кхобура.
-Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?
-Кхоалг1аниг?( Хьамзата церан 1уналла дора)
-Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь?
-Хьамзата кхобуш ерг х1ун ю дуьйцу предложении схьаязъе.Цунна схема х1оттае.
-Х1ун 1еми вайна?(Предложени схьаязъян, цуьнан схема х1оттор)
4.Сада1аран миноташ.
5.Керла тема кхин д1а а хьехар.
· Грамматически арифметика..
Хь+г1ийла стаг=Хьоза
Д+бер тахко г1ирс=дага
Кх+ор=кхор
Г+ белаца доккхург+тоьрмиг вуьшта=горгали.
-Х1ун 1еми шуна?
· Дашна юккъехь дош караде.
Горгали
-Шуна лечкъаргех ловзв хаьий?Иштта шоьца лечкъаргех ловзуш ду дешнаш д1алевчкъина горгали дашна юккъехь.Хьанна карор дара?
Ор, орга,гора
6.Рефлекси.-
Х1ун дара вай план т1ехь дан билгалдаьккхинарг?Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?
(Хьехархочо плпн д1аязйина хила тарло, диначунна т1екхаьчча и билгал доккхуш, ца диначунна т1екхаьчча и ца дадаларан бахьна дуьйцуш т1у сиз хьокху)
-Х1ун ду шуна хазделларг, юха дан лаьарг?
© ООО «Знанио»
С вами с 2009 года.