Статья: «Преподавание чеченского языка и литературы: состояние и перспектива»
Оценка 4.9

Статья: «Преподавание чеченского языка и литературы: состояние и перспектива»

Оценка 4.9
docx
24.06.2024
Статья: 	«Преподавание чеченского языка и литературы: состояние и перспектива»
Преподавание чеченского языка и литературы.docx

   «Преподавание чеченского языка и литературы: состояние и перспектива»  

                                                             

 «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а,

 хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь

кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Л.Н.Толстой

                 Хьехархочун болх къайла бахьалур бац. Иза гуш бу б1еннаш дай-наношна, дешархошна, т1аккха церан берашна.   Т1ехьа -Марта нохчийн литературни мотт кхоллабеллачарах, кхииначарах юрт ю. Кхузахь кхиъна, нохчийн мотт хьехна бовзийта оьшуш боцчу,  аьрбийн, нохчийн литературан бухбиллархой болчу Мохьмад Мамакаев,  Юнус Дешериев и.д1.кх. Тхан школехь аса хьоьхучу классашкахь а хилла нохчийн мотт уггаре коьрта предмет. Ненан мотт адаман синкхача бу. Цуьнгахула бен кхиалур бац стеган шега болу ларам, яхь, сий, дешархочун нене, махке безам, г1иллакх, адамалла. Цуьнгахула бен кхиалур дац стеган шен къомах долу дозалла, цуьнан д1адаханчух, оьздангаллех хастам бар, шен дайшна, къомана хьалха, шена т1аьхьадог1учу чкъурана хьалха долу шен декхар, жоьпалла. Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь нохчийн маттах дукха дийцина: массо а аг1ор теллина, хестийна. Нохчийн маттах лаьцна дийцина, яздина лаккхара корматалла йолчу 1илманчаша, поэташа, яздархоша, журналисташа, культуран, дешаран-1илманан массо а т1ег1анан белхалоша, дай-наноша.     Цара бинарг мехала, ца хилча йиш йоцуш болх бу. Делахь а, багахь «моз» мел дукха бахарх, бага марз ца ло, олуш ду. Ткъа нохчийн маттах долчу дийцаршкахь уггаре к1еззиг дакъа лаьцнарш,шайн ницкъ кхочучу барамехь йолчу ма– дарра аьлча, йоцчу  таронашка хьаьвссина, нохчийн матте, дешаре берийн юьхьанцарчу классашкара дуьйна безам кхуллуш болу, берашкахула мотт кханенга д1акховдош болу, нохчийн меттан а, литературин а хьехархой бу. Цкъа делахь, цара дийцаршкахь к1езга дакъа лацар дика ду. Уьш нохчийн меттан «бурлакаш» («д1абоьжна» нах) бу. Уьш а къамелаш дан арабовлахь, г1уллакх телхина долчунна т1е а телхина хир дара. Шолг1а делахь, оцу белхан кхин аг1о а ю: уьш юьстах а буьсуш, церан шайн балхе а, берашка а болу безам, берийн садовзар (психологи), зеделларг доцуш, вай буьйцу болх д1аг1ур бац. Нохчийн маттах лаьцна дуьйцучуьнга ла а доьг1уш, яздийриг деша а доьшуш, телевизионни передачашкахь гойтучуьнга а хьоьжуш, оцу юкъаг1орта ойла а йоцуш 1ийна со. Т1аьхьарчу ткъа шарахь дийцарш вайна дуккха а хезна. Мел дийци а, талхар бен, толуш х1умма а ца хилла. Нохчийн моттий, бусалба динний хьехочу цхьадолчу адамех вочу аг1ор шеко кхоллало сан а, нехан а: х1окху ткъех шарахь хазачу дийцаршна т1ехьа дуьллий, б1останехьа дерг карош схьадог1у вай. Делан къинхетамах дог ца диллар бен, дегайовхо кхуллуш кхин х1умма а хилла дац. Олуш ду, дукха диъча моз а къахьло. Суна нохчийн маттах долчу хазачу къамелел дуккха пайденна хетта цхьана берана ницкъ кхочург 1амор, диканиг дийцар, хьехар дар. Къамелашна т1аьхьадог1уш г1уллакх дацахь, дан а ду иза иштта. Г1уллакхаш гучудевлла дац. Тахана х1ун хийцаделла? Вайн республикехь хиллачу хийцамашна сан хьесапца 20 – 30 шо оьшура. Дерриг а дина, кхочушхилла бохург дац иза. Дан дезаш дерг барам боцуш дукха ду. Делахь а хиллачу хийцамаша дегайовхо ло нохчийн мотт кхиаран, дешар 1аморан декъехь а дошший, г1уллаккхий галморзаха дер дац аьлла. Вешан къам хила лаахь, адамашна тховвий, болххий нисбинчул т1аьхьа, т1ейог1учу хенахь, кхидерг дерриге а т1аьхьа а теттина, коьрта хьалхе дешарна а, 1илманна яла еза. Уггар а хьалха финансировани т1ехь а, нехан кхетамехь а. Берашна хьехарехь уггаре хьалха д1адаккха дезарг вай ваьш 1ехор, моттарг1анаш лелор ду. И цамгарш таханалера а, итт шо хьалхалера а яц.  И халонаш ца эшаелла цхьана а 1едале, цхьана а куьйгалхочуьнга. Коьрта долчу декъана нийсачу, хазачу дийцаршна т1аьххьа дог1уш г1уллакхаш ца хиларна. Уьш а, кхийолу а школан «цамгарш» а, халонаш а Президентана Кадыров Рамзанна т1ехдика евзаш а, цо йиллина тидамехь латтош а, юьйцуш а (дас-нанас, хьехархочо, классан куьйгалхочо, иштта декъахь мел волчо а дан дезарг а т1ехь) хиларо, цуьнан дошший, г1уллаккхий галморзаха долуш ца хиларо, дашна т1аьхьа дог1уш гуттар а г1уллакх хиларо коьрта дегайовхо ло тахана. Вайн къоман исторехь республикан хьалхарчу куьйгалхочо нохчийн меттан маь1на а, сий а тахана санна лакха айдина дац цхьана а заманахь. Дешаран а, 1илманан министерство билгалъяьккхина дешаран политика Президентан программа ю. Оцу балхахь ницкъ ма-кхоччу дакъа лацар массеран а декхар ду. Еххачу заманахь, шерашкахь, саццаза дийцаре деш дерг, юьхьанцарчу классашкахь хьехар муьлхачу маттахь хила деза, бохург ду. Иза дийцаре дан оьшуш а дацара. (Дархошка а, церан гергарчу нахе а дарба муьлха леладе, бохуш хоьттучу новкъа лоьраш бовлахь, дархой бала а белла буьсур бу уьш). Оцу хаттарна жоп каро суна цкъа а чолхе ца хета. Политика а, патриотизм а юьстах юьтур ю вай. Баккхийчу 1илманчаша баьхнарг а тидаме ца оьцур вай (цкъа хьалха оьрсийн хьехаран 1илманан а, халкъан школан а бухбиллархо волчу Константин Дмитриевича Ушинскийс аьлларг кхечара баьхначунна т1е а тоьхна: «осуществление обучения должно быть на родном языке; родному языку принадлежит центральное место в формировании человека» («Педагогический словарь», Москва, 1960 г., счтр.551). Беран ненан боцчу, цунна хууш боцчу муьлххачу а, маттахь дешар 1амор муха хир ду хьовсур вай. Чолхе йоцу эксперимент ю, оцу хаттарна жоп луш. Г1арабевлла болу хьекъал долу нах схьа а гулбина, царна хууш боццчу маттахь, уггаре атта долу х1умнаш хьоьхур вай. Цхьана сохьтехь а, цхьана дийнахь а, к1иранах а, баттахь а… Оцу кепара долу дешар, схьахетарехь, дахлур дац. Схьах1уьттучу суьртехь, и нах, хьала а г1евттина, д1аг1ур бу. Ткъа ишттачу хьолехь ялх – ворх1 шо кхаьчначу бераша х1ун дан деза? Церан, куьг айбина бен, дош ала а йиш яц, хьалаг1овтта а йиш яц, арадовла а йиш яц.

      Х1ора денна, баттана, шарна чолхе йолуш д1айоьдучу программо, алсамдуьйлучу ца девзачу дешнаша берийн оцу кепарчу «дешарх» цакхетар кхуллу, са б1арздо, т1аьхьо цунах цабезам хуьлу. Психологин маттахь оцу новкъа даьллачу (даьккхинчу) берах, дешархочух «самоуничтожающаяся личность» олу. Алссам долчу берашлахь дешархой «ле». Дикачо д1а ца лаьцна меттиг еса ца юьсу, оцу меттехь вониг кхолладала долало берийн ойланашкахь, амалшкахь. Бакъду, и дерриге а гучу шераш девлча (олуш ма–хиллара, серах хьокха хилча) бен ца долу. Дуккха а долчу берийн дешарх, школах хьалхарчу деношкахь дуьйна дог доккхучу бахьанех уггаре коьртаниг берашна дешар хьоьху мотт царна цахаар, дуьйцучух цакхетар ду. (1илманчаша боху: 1 – чу классашкара 80% бераш декабрь болалуш, «школа» боху дош хезча, даккхий синош а дохуш, школе ца даха х1уъу а бахьана лоьхуш хуьлу. Иза, т1ом гина а боцчу, бан ма – беззара шерашкахь берийн бошмашкахь школе баха кеч а бина, тоьлла долчу хьелашкахь, шайн ненан маттахь доьшуш болчу дешархойх бохуш ду). И тайпа «зеделларг» долуш, школах дог даьлла болчу дешархойн кегийра йижарий, вежарий цхьана а дийнахь школе а бахале дешарх, школах дог долий, цабезам кхоллалой хуьлу. Оцу белхан дукха хьалха тидам бина вевзаш волчу берийн яздархочо, берийн психологи к1орггера евзаш волчу, нохчийн меттан хьехархочо Махмаев Джамалдис. Цуьнан цхьана дийцаран жима турпалхо 1-чу классе деша ваха дуьхьал ваьлла. Нанас цунна школа хестайо. Т1аккха к1анта хотту, цигахь иштта хаза хилча, шен ваша сел хала х1унда воьду цига х1ора дийнахь, олий. Х1ун 1алашо хила еза дешар юьхьанцарчу классашкахь ненан матте даккхаран? Цхьаболчара боху, хьехар ненан матте ца даккхахь, нохчийн мотт а, цуьнца цхьаьна нохчийн халкъ а х1аллакьхуьлуш лаьтта. Вай хьехар нохчийн матте даккхар долийна а дац. И болх бола а бина, бераш кхиале, уьш г1еметта х1иттале мел к1езга а 30 – 50 шо дер ду. Т1аккхале нохчийн маттах, къомах (вайх дозуш хилахь) хирг хилла а дер ду. Юьхьанцарчу классашкахь беро дийнахь школехь доккхург 2 – 3 сахьт бен дац. Буха дисинчу 12-13 сахьтехь беро х1ора дийнахь ц1ахь доьшу. Цул совнаха, дуьххьара деша а дахкале, 6 шарахь ц1ахь «деша» а доьший, шен кхетам а, кхоллаелла ( 1илманчаша дийцарехь 60 сов %) дика я вон амал а йолуш дог1у бераш школе. «Коьрта школа», дуьненчу девлчахьана, шайн ц1ахь, чохь, гонаха, арахь берашна гуш хезаш ерг ю. Телевизор коьрта хьехархо а йолуш. Бераш вайн «куьзга» ду. Шайна гонаха буьйцучул нохчийн мотт а хаьа царна, шайна гонаха доллучул, гуччул г1иллакх – оьздангалла а ду цаьргахь. (Цу т1оьхула т1е, т1амо шерашкахь дукха боккхачу барамехь сина нуьцкъала 1аткъам бина, хьере дина а ду). Нохчийн мотт а, халкъ х1аллакхуьлучуьра к1елхьарадаккхар таханалерачу вайн декхар ду. Вай шайна гайттинарг, динарг цара кхинд1а а хьур ду. Берашна гонахара дахар вай дикачу кепахь хийцахь, бераш а дикачу аг1ор хийцалур ду. Иза цхьа аг1о ю. Дуьнен т1ехь вай ваьш хилла ца 1а. Хуучу меттанийн бараме (цхьа мотт хаахь – цкъа, ши мотт хаахь – шозза) хьаьжжина хьекъал долуш ву стаг, олуш ду. Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь хьехаран суна гуш йолу 1алашонаш х1орш ю: 1) беран (хинволчу стеган) кхиар шен къоман бух т1ехь хилийтар; 2) дешар, берана хуучу, иза дика кхетачу маттахь, кхиаме хилийтар; 3) ненан маттехула цунна кхин (оьрсийн, кхечу къаьмнийн) меттанаш 1амор атта хилийтар; 4) т1аьххьара а, дерриге а чулоцуш, юьхьанцара школа чекхйолучу хенахь цхьатерра дика кхета а кхеташ нохчийн, оьрсийн мотт а хууш, 2 – 3 чуй т1ег1анашкахь (5 – 11 классашкахь) оьрсийн маттахь деша бер кечдар ю. Маца д1адоло деза юьхьанцарчу классашкахь нохчийн маттахь хьехар? Иза дийцарийн шолг1а аг1о ю. Хи чу а ца волуш, нека 1емар дац, олу. (Хи к1орга долчу а эккхий, ле бохург ма дац иза). Иттаннаш шераш т1аьхьадисина вай. Ткъе пхиъ шо хьалха, берашна школе а дахкале оьрсийн а, нохчийн а мотт хуучу хенахь, пайденна дацахь а, таро яра хьехаран мотт харжа. Таро-м, хьехар вайна ма-хаъара дара. Тахана школе дог1учу берашна цхьа а мотт ца хаьа оьшучу барамехь, нохчийн маттахь хууш долу к1еззиг дешнаш доцург. Дуккха а шераш ду вайн берашна кхета а кхеташ дешар 1ама нохчийн мотт бен боцу, кхин некъ боцу. Ярташкарчу берийн хьалха заманахь а бацара кхин некъ. Вайна мел ч1ога лиъча а, хила ма–деззара вайга тахана дешар нохчийн матте даккхар дола а лур дац. Иза ехха зама оьшуш г1уллакх ду. Делахь а, берийн дуьхьа лелаш делахь, и болх (некъ) д1аболо беза. Воьдучо бен ца эшабо некъ, олуш ма–ду. Кхушара йоккху ерг цхьа г1улч бен яцахь а, пайденна доцу, ма-дарра аьлча, зене долу дийцарш д1адевр дац т1аккха бен. Цул т1аьхьа массеран ойла а, ницкъ а дечунна т1ебоьрзур бу. Тамашийна хета тарлахь а, нохчий моттий, литературий хьехарехь, дешархой 1аморехь кхиамаш баьхначу а, бохучу а хьехархоша вай буьйцучу новкъахь хьалхара г1улчаш яьхна, и болх д1аболийна тоххара: ткъа шо а, ткъе итт шо а хьалха. Юьхьанцарчу а, лакхарчу а классашкахь. Цара нохчийн маттах пайда а оьцуш, оьрсийн мотт а, кхийолу предметаш а хьехна, нохчийн мотт хьоьхуш оьшучу барамехь оьрсийн маттах пайда а эцна, цкъа хьалха нохчийн дешнаш нохчийн маттахь а туьдуш, (маь1на ца хууш долу нохчийн дешнаш берана а, хьехархочунна а «иностранни» дешнаш ду. Иштта дешнаш дуккха а ду). Иштта болх беш хьехархой х1инца а хир бу. Т1аккха бен кхоллалур бац берийн матте, дешаре безам. Олуш ма-хиллара, керланиг дика дицделла шираниг ду. Таханалерачу берашна юьхьанцарчу классийн программех кхета ца хиъча ца довлучу нохчийн меттан дешнийн барам (лексика) царна хуучаьрца буьстича, дукха ч1ог1а к1езга бу. Кхин а к1еззиг хаьа (я хаъане а ца хаьа) царна оьрсийн мотт. Оцу аг1оне ладоьг1ча, ший а мотт берашна дешар д1адоло оьшучу барамехь царна 1амо безаш бу. Нохчийн (г1оле хууш болчу) маттах пайда оьцуш бен, царна оьрсийн мотт 1амабойла а, цу маттахь, кхета а кхеташ, цара доьшийла а дац. Кхин а ледара ду и ший а мотт бераша бийцаран хьал (навыкаш). Берийн шайна гонахарчу дахарх долу хаарш, кхетам (информаци) «телемонологаша» кхоьллина, кхиийна ю. Телевиденина т1е х1инца телефонаш кхетта. Дуьйцург хаза а хезаш, г1еххьа цунах кхета а кхеташ, дуьхьал мотт бийцар оьшуш а доцуш, цундела и бийца 1ама а ца 1емаш, кхуьуш ду бераш. Диалоган кепехь мотт буьйцуш бен берашна 1емар дац ойла яр, шайн кхочуш хилла ойла меттан г1оьнца ладуг1учунна йовзийтар (къамел дар, мотт кхиар). Деша дезаш а, доьшуш а долчу берийн психологин (синан) сурт хууш хила деза. Вайн 1илманан маттахь дийцар дукха чолхе а, деха а хир ду. Суртх1отторан кепехь вай дийцича, 10 шо хьалхалерачу Соьлжа-г1алел ирча хир ду и сурт. Г1ала метта х1отточул дуккха а алсам хан оьшу берийн са хила деззачу могашаллин бараме дало, са+мукъа+даккха. Син могашаллех дозуш ду берийн дешарх кхетар. Цхьана а кепара кечам боцуш дог1у бераш тахана школе. Вай буьйцу кечам 1 – чу классе дахкале берийн б1аьрсин эс, еха заманан эс, тидам, ойлаяр, жима моторика, къамелдар… кхиийна хилар ду. Цундела, школе дахале лерина кечам бина доцу бераш, 6 шо кхаьчча кечамбаран классе а дахийтина, 7 шо кхаьчча 1-чу классе дахийта дезаш дара. Иза дан таро яцахь, кхин ши аг1о а ю: 1-ра класс кечамбаран яр, я 1-чу классан дешаран ах шо мукъана а кечамбаран дан. Цхьаъ ца дахь, берашна оьшучу барамехь я нохчийн мотт а, я оьрсийн мотт а ца хаьа. И тайпа кечам д1аболор а доккха маь1на долуш ду. Вай тахана и болх бан кийча дац, бохуш, дохуш долу орца сов нийса ду. И мел ч1ог1а нийса ду хуур а дац, къаьсттина Краснодарехь а, кхечу г1аланашкахь а 1-чу классера 11-чу классе кхаччалц х1ора классана, х1ора предметана дешархошна а, хьехархошна а г1оьнна арахецна йолу литература (библиотечканаш) ца гича: тетрадан барамехь орфографин, доштидаран, нийсаяздаран словарикаш, леррина долу тетрадаш, гайтаран г1ирсаш, кхечу тайпана справочни литература. И дерриге а ган деза. Тидаме эца: оьрсийн маттахь оьрсийн берашна, шайн ненан маттахь, хьеха арахецна и литература. Вайн берийн ойла йича, со цигарчу берийн хьелех хьоьгу. Ца хууш долу нохчийн дешнаш хьехархошна а, берашна а «иностранни» дешнаш ду. Вай долчохь нохчийн маттана а, оьрсийн маттана а беза и кечам. Оьшу хьехархошна а, дешархошна а лерина йолу «Нохчийн меттан доштуьду», «Нохчийн – оьрсийн», «Оьрсийн – нохчийн», «Нохчийн – ингалсан», «Ингалсан – нохчийн» орфографически, «Математически терминийн» жайнаш (дошмаш, словарикаш). Юьхьанцарчу классашна шаьш, 5 – 9, 10 – 11 классашна шаьш. Вай тахана х1ораммо а шена луъург ала а олу, яз а до. Ткъа школехь бере муха язде ала деза?! Юха а тидаме эца: НГ1- н АССР меттах1оттийна кхо шо кхочуш, 1961 шарахь, Мациев Ахьмадий, Джамалханов Зайндиссий арахецна барх1шеран школан юьхьанцарчу а, лакхарчу а классашна Лерина йолу «Нохчийн меттан орфографически словарь». Вай ткъа шарахь, «книга» яздан деза, «киншка» яздан деза, «жайна» яздан деза, бохуш къуьйсуш 1аш ду. Т1едог1учу дешаран шарна хьалхара г1улчаш яха (и дан таро йоцчохь, х1инца д1ахьочу кепехь болчу балхана дукха ч1ог1а оьшучу г1оьнна) х1ун далур дара? «Орга» газето 2008 шеран 21 – чу апрелехь нийса билгалдаьккхина ма-хиллара, «мотт ларбар ерриг юкъараллин г1уллакх хила деза». Дукхахйолчу школашкахь болу хьехаран г1ирсаш дукха къаьсташ бац масех эзар шо хьалха хиллачарех. Хьеха ма - беззара нохчийн мотт хьеха хьехархошна а, дешархошна оьшуш барам боцуш дукха х1ума ду. Дерриг–м далур дацара йоццучу хенахь. Нийса хир дара аьлла хетта республикехь леррина йолу юкъараллин «Нохчийн меттан фонд» а йиллича. Нохчийн мотт кхиоран пачхьалкхо дечунна т1е г1о дар 1алашо а йолуш. Иштта юкъараллин нохчийн меттан жигархойн республикански цхьаьнакхетар вовшах тоьхча а, х1ора школехь шайн жигархойн тобанаш а йолуш. Зеделларг долу берийн бошмийн белхалой т1е а озийна, телевиденига вовшахтохалур яра деша даха дезачу берашна а лерина йолу «Кечамбаран класс». Кху шерашкахь нохчийн мотт а, литература а, дин а, г1иллакх-оьздангалла а, истори а хьоьхучарна а,1амочарна а дукха мехала, доккха маь1на долу материалаш арайийлина республикански а, районни а газеташ т1ехь, журналаш т1ехь, телепередачашкахь. Нохчийн къоман а, меттан а бакъболу патриоташ бу и болх, шаьш дага а бевлла, бинарш а, беш берш а. Тахана хьехархочунна, дешархочунна оьшург хаа а хууш, бина и болх. Церан дог дохо-м ца лаьара суна. Делахь а хаа деза: и ч1ог1а маь1на долу, мехала йолу материалаш оьшучаьрга д1акхочуш яц. Телевизионни передачашка уггар хьалха хьовса безаш болу дай –нанойх, дешархойх хьожуш вац цхьа а. И журналистийн бехк боцийла хууш ду.

       Телевизионни передачаш х1ора школехь кхетош-кхиоран балхахь гайта некъ лаха беза. Вайна боккъалла а нохчийн мотт кхиа лаахь, дан дезаш а, далур долуш а г1уллакхаш ду уьш. Хьехархошна доккха совг1ат хилла д1ах1оьттира Вагапов 1арбин «Нохчийн меттан доштуьду жайна». Дукха ч1ог1а оьшучу хенахь «Вайнах» журнало зорба тоьхна араевлира Кусаев 1адизан «Нохчийн яздархой» очеркаш. Цхьа а тайпа яздархойх материалаш йоцчу хенахь «Даймохк», «Орга», «Хьехархо» газеташа, «Орга», «Вайнах» журналаша, иштта кхидолчу а газеташа нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахоьцуш хиллачу «Литературан аг1онаша», яздархойн дахарх, кхоллараллех йолчу аг1онаша, литературин а, культурин а календараша, рузманаша доккха г1о лецира чолхечу шерашкахь нохчийн мотт а, литература хьехарехь.. Юьхьанцарчу классашна ч1ог1а оьшу материалаш зорбайиттира «Стела1ад» журнало: «Дийнатийн дуьне» (1аморан кхеторан доккха маь1на долуш ду кхузахь дехкина суьрташ: олуш ма ду, б1озза хезачул, цкъа гар г1оле ду), «Ч1ирдиган дошам», «Хьехархочун аг1о», суьрташца цхьаьна ялийна нохчийн алфавит. Нохчийн меттан бакъболчу патриоташа бен бийр боцуш болх бу иза. Доцца аьлча, тахана школашкахь хьехар нохчийн маттахь д1адахьа а, лакхарччу классашкахь нохчийн мотт а, литература а хьеха ч1ог1а оьшу кечам барехь доккха дакъа ду цара лаьцнарг. Аса и дерриге а х1унда дуьйцу? Доккха г1о хир дара лакхахь дийцинчу зеделлачух пайда а оьцуш, газеташа а, журналаша а, тахана янне а йоцу, ца хилча йиш йоцу берашна а, хьехархошна а лерина йолу материалаш лерринчу гуларшкахь (1– 4-чу классашна, цул т1аьхьа, ницкъ кхачахь, 5 – 9-чу, 10 – 11 чу классашна лерина) 1 – 2 тетрадан барамехь а йолуш, школьни программехь ца хиъча ца довллурш бен дешнаш а доцуш «Нохчийн меттан дош тидаран дошам», «Нохчийн меттан орфографически дошам», «Нохчийн – оьрсийн дошам», «Оьрсийн – нохчийн дошам» арахецча. Иштта ч1ог1а оьшуш ю «Дийнатийн дуьне», араевлларш санна, бос болуш суьрташ а долуш, нохчийн оьрсийн маттахь язйина х1уманийн ц1ераш а йолуш йолу. Ца хилча йиш йоцуш оьшу ю юьхьанцарчу классашкахь математически «Нохчийн – оьрсийн математикин доштуьду дошам», «Оьрсийн – нохчийн математикийн доштуьду дошам», математически х1уманийн (геометрически фигураш, телаш) суьрташ, нохчийн маттахь а, оьрсийн маттахь а ц1ераш а йолуш. Уьш арахецча пайденна хир яра, журналийн, газетийн номерашкахь яьржийна а йоцуш, тематически гуларшкахь «Хьехархочун библиотека», «Дешархочун библиотека». И вай юьйцуш йолу терминийн гуламаш «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» т1ехь (Джамалханов З., Алироев И.) йолуш а хилча. Хьехар нохчийн маттахь д1адолочарна, нохчийн мотт хьоьхучарна доккха г1о хир дара II – III т1ег1анашна лерина Нохчийн литературан классикийн, программи юкъабог1учу яздархойн, классал арахьа еша произведенеш билгалъяьхначу яздархойн йоцца биографиш (юьхьанцарчу классашна шайна, 5 – 9-чу, 10 – 11-чу классашна шайн-шайна лерина), арахецча. Школан дешаран т1ег1анашка хьаьжжина (программехь ца хилча ца йоллучул) лакхахь вай хьехийна дошамаш ницкъ кхоччучу барамехь дешаран шо доладалале, хьехархошка, дешархошка кхачийча, вай бац бохуш шерашкахь буьйцуш болу, ца хилча ца болуш а болу кечам хир бара цкъачунна. Кхетош – кхиоран маь1на долу телепередачаш, электронни носительш т1е а язъеш, арахеца а еза, школашка кхачо а еза, дешархошна гайтар вовшахтоха а деза.

Литература:

  1. Журналаш: «Вайнах», «Орга», «Вестник», «Геланча», «Хьехархо».
  2. А. Мациев, З. Джамалханов «Дошам», 1976.

 

Преподавание чеченского языка и литературы: состояние и перспектива» «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо…

Преподавание чеченского языка и литературы: состояние и перспектива» «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо…

Дерриг а дина, кхочушхилла бохург дац иза

Дерриг а дина, кхочушхилла бохург дац иза

Бакъду, и дерриге а гучу шераш девлча (олуш ма–хиллара, серах хьокха хилча) бен ца долу

Бакъду, и дерриге а гучу шераш девлча (олуш ма–хиллара, серах хьокха хилча) бен ца долу

Иза дийцарийн шолг1а аг1о ю. Хи чу а ца волуш, нека 1емар дац, олу

Иза дийцарийн шолг1а аг1о ю. Хи чу а ца волуш, нека 1емар дац, олу

Цундела, школе дахале лерина кечам бина доцу бераш, 6 шо кхаьчча кечамбаран классе а дахийтина, 7 шо кхаьчча 1-чу классе дахийта дезаш дара

Цундела, школе дахале лерина кечам бина доцу бераш, 6 шо кхаьчча кечамбаран классе а дахийтина, 7 шо кхаьчча 1-чу классе дахийта дезаш дара

Нохчийн къоман а, меттан а бакъболу патриоташ бу и болх, шаьш дага а бевлла, бинарш а, беш берш а

Нохчийн къоман а, меттан а бакъболу патриоташ бу и болх, шаьш дага а бевлла, бинарш а, беш берш а

II – III т1ег1анашна лерина Нохчийн литературан классикийн, программи юкъабог1учу яздархойн, классал арахьа еша произведенеш билгалъяьхначу яздархойн йоцца биографиш (юьхьанцарчу классашна шайна, 5 – 9-чу,…

II – III т1ег1анашна лерина Нохчийн литературан классикийн, программи юкъабог1учу яздархойн, классал арахьа еша произведенеш билгалъяьхначу яздархойн йоцца биографиш (юьхьанцарчу классашна шайна, 5 – 9-чу,…
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
24.06.2024