Сценарий внеурочного мероприятия ко Дню чеченского языка
Оценка 4.7

Сценарий внеурочного мероприятия ко Дню чеченского языка

Оценка 4.7
docx
27.05.2021
Сценарий внеурочного мероприятия ко Дню чеченского языка
ГОТОВЫЙ СЦЕНАРИЙ Нохчийн мотт.docx

План-сценарий мероприятия «Нохчийн мотт – сан дозалла», приуроченного ко Дню Чеченского языка

для обучающихся ГСВУ МВД России

 

Дата и время проведения: 25.04.2021 г. в 15.30

 

1алашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан  хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.

 

Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:

Видеоролик «Нохчийн маттах дош. Хабаев Исмаил»

Дауд:

Аганан иллица со  вижош, Нана,
Вайн матте сан марзо кхиийра ахь
Т1аьххьарчу т1аьхьено хестабеш кхана
хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь

Раджаб:

 

Салам-маршалла ду шуьга лераме хьеший, хьехархой, хьомсара накъостий!

 

Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар.

Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

 Дауд:

25- г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду. Иза билгалдаькхна вайн Президента Кадыров Р.А. даьккхина долу 2007-чу шеран №207 Указца.

 

Нохчийн Республикан Конституцин 10-г1а статья т1аьхь а яздина ду:

«Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш лору нохчийн а, оьрсийн а меттанаш…»

 

 

Раджаб:

Вай долчу хьошалг1ахь ву……. нохчийн яздархо, поэт, публицист, историк Нунуев Сайд-Хьамзат Махмудович 

Вай х1инца вайн хьеше дош лур ду………….. хьоьга   дош ло

Дауд:

Х1ун хир ду ненал  сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош,  хазачу мукъамехь илли олуш,  дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

   Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьлличахьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, яхьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Мотт - къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Раджаб: 

 

Вайн ненан мотт вайна Дала белла бу, цу маттахь къамелаш дина ширчу заманахь дуьйна баьхначу вайн дайша, хьехамаш бина эвлаяаша, и бийцина Таймин Биболата, Эвтархойн Ахьмада, Адин Сурхос, Харчойн Зеламхас, Шерипов Асланбека, Нурадилов Ханпашас, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас….

 

Дауд: 

 

Цу маттахь исбаьхьаллин хазна кхоьллина вайна Бадуев Саь1ида, Мамакаев Мохьмада, Сулейманов Ахьмада, Гадаев Мухьмад-Селахьа, Мамакаев 1арбис, Дикаев Мохьмада, Хамидов Абдулхьамида, Арсанукаев Шайхис, Рашидов Шаида, Ахмадов Мусас, Кибиев Мусбека, Хатуев 1абдулхьамида…

 

Раджаб:

Дуккха а ю нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна язйина байташ. Царах цхьаъ ю шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш, Айдамиров Абузара язйина йолу «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени.

Иза д1айоьшар ю вайн дешархоша___________

 

НЕНАН МОТТ


Со вина Кавказан ломахь,
Къоьжачу баххьашна юккъехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь,
Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош,
Цо олу аганан илли,
Декара, дог хьоьстуш, довха,
Сан нохчийн маттара илли.

Сарахь цо туьйранаш дуьйцуш,
Со цунах хьерчара кхоьруш,
Я халкъан илли цо олуш,
Д1атуьйра набаро хьоьстуш.

Шаьш хьегна баланаш балхош,
Вайн халкъан турпалхой хестош,
Дайн-дайша даьхна и иллеш,
Декара дог 1ийжош, доруш.

Цу иллийн дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа сурташ,
Маршоне, даймахке безам,
Вайн дайша къийсамехь гайтар

Ненан мотт, хьуна т1е тийжаш.
Хьоьца шен баланаш балхош,
Хьоьца шайн дог-ойла г1иттош,
Ловш 1ийна уьш и буьрса денош.

Хьоьца ду суна мел дезнарг,
Вина мохк, нанас сан хьестар.
Хьоьца ду сан велар, велхар,
Дахаре сан болу безам.

Бекалахь, ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,
Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош.

                                                                         А. Айдамиров

Дауд:

Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а. XIX-чу б1ешарахь ваьхначу Кавказан этнографа, воккхачу 1илманчас Петр Карлович Услара иштта аьлла вайн маттах лаьцна:

 «…Нохчийн мотт ч1ог1а къен хетар даржош берш, цунах цхьана а кепара кхетам боцу нах бу. Мелхо а, и мотт, шен г1оьнца адаман ойланан уггаре а к1оргара аг1онаш а йийцалур йолуш, ч1ог1а хьалдолуш бу».

Раджаб:

Ткъа вайна массарна а вевзаш а волчу оьрсийн яздархочо Лев Николаевич Толстойс х1ара дешнаш аьлла вайн маттах лаьцна:   «Нохчийн мотт угаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Дауд:

 

Аьрзунаш ламанийн кортошкахь еха,

Мел лекха ду церан сий!

Деригге дуьне ду яхьйолчун меха:

Вайн лаьмнийн г1иллакх ду и.

 

Велало-векхало мел хала хиларх,

Даима 1алашде ахь,

Лам т1ера ло санна, дайн ц1ена г1иллакх,

Кхерчара ц1е санна, яхь.

                                                      «Аьрзунан илли» 1абдулхьамид Хатуев.

Раджаб:

Адамаш кхетош-кхиорехь а онда г1ирс бу мотт. Ненан матто 1ама до вайна нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ.

 

Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1оргера ян воьлча

Хиламийн чот,

Эхь, иман я г1иллакх,

Доьналла эшча,

Собар лург хиллера

Сан ненан мотт

 

Ткъа х1инца Нохчийн г1иллакхех, собарах лаьцна сценка гойтур ю вайн дешархоша

Сценка

Дауд:

Буьйцуш мотт боцуш халкъ хуьлийла дац, цундела вай хаддаза ларбан беза, дола дан деза х1аллак ца хуьлуьйтуш, 1алашбеш схьабеанчу вешан меттан. Мотт д1абаьлча халкъан тезет, ловзар-синкъерам, дика-вон  д1адолу. Ткъа уьш д1адевлачу халкъах халкъ ала йиш яц.  Вайн халкъах вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, угара хьалха нохчийн мотт, олуш ма-хиллара, баьрче баккха беза вай.  

      Нохчийн мотт, хьалдолуш а, бийца атта а бу. Шен ненан мотт доггах безаш воцчунна, Даймохк а безар бац.

Раджаб:    

Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

                    Хьешашка – оьзда,

                    Доттаг1чуьнга – мерза,

                    Мостаг1чуьнга – буьрса,

                    Захалонна – хаза,

                    Масла1атана – к1еда,

                    Берашка – эсала.

       Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

Дауд:

Вайн цхьаьнакхетар д1адерзош ладог1а луар дар цу тайпачу нахана йог1уш йолчу Ш. Арсанукаевн «Ненан мотт» стихотворенига.

 

 

 

 

Ненан Мотт

 

Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,
Хьо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Мерза бу моз санна ша безачунна
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга
Услара даггара хестина и.

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Нохчийн майралла, оьзда хийла
Зевнечу иллешкахь йекийна цо!

Сийлахьчу Октябро шуьйра некъ белла,
Тахна вай ирсехьа г1улч туьйсуш ду.
Кавказан лаьмнашкахь эшаре баьлла,
Вайн дегнаш г1иттадеш нохчийн мотт бу.

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!

Ш. Арсанукаев

 

 

Раджаб:   

 

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1оргера бовза,  г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьанакхетар. Ладог1арна баркалла. 1одика йойла шун, марша 1ойла!

 

 


 

План-сценарий мероприятия «Нохчийн мотт – сан дозалла», приуроченного ко

План-сценарий мероприятия «Нохчийн мотт – сан дозалла», приуроченного ко

Раджаб: Вай долчу хьошалг1ахь ву……

Раджаб: Вай долчу хьошалг1ахь ву……

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Къоьжачу баххьашна юккъехь.

Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а

Нохчийн мотт хаза а, хьалдолуш а хилар ч1аг1дина оьрсийн яздархоша а, 1илманчаша а

Ткъа х1инца Нохчийн г1иллакхех, собарах лаьцна сценка г ойтур ю вайн дешархоша

Ткъа х1инца Нохчийн г1иллакхех, собарах лаьцна сценка г ойтур ю вайн дешархоша

Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,

Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастама хеташ,

Раджаб : Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1оргера бовза, г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна!

Раджаб : Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1оргера бовза, г1иллакхе, оьзда и бийца а ницкъ лойла вайна!
Материалы на данной страницы взяты из открытых истончиков либо размещены пользователем в соответствии с договором-офертой сайта. Вы можете сообщить о нарушении.
27.05.2021